ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIизойн Республикин президента Жээнбеков Сооронбайс дина къемел


ГIиргIизойн Республикин президента Жээнбеков Сооронбайс дина къемел
please wait
Embed

No media source currently available

0:00 0:01:06 0:00

ГIиргIизойн мехкан президента Жээнбеков Сооронбайс дIахьедар дира тахана леррина гулъеллачу Къоман Кхерамазаллин Кхеташонехь. Берриг бехк махкахь иккхинчу Iоттабаккхамах хьалха даржехь хиллачу президентана Атамбаевна тIебиллира цо. 2013-чу шарахь бехкзуламан гIуллакх тIехула хан токхуш волу тутмакх, криминалан авторитет Батукаев Iазиз харцонца набахтера араваккхар толлуш теш санна тIеозийнера Атамбаев. Лаца гIортале хьалха бехкзуламан гIуллакх диллинера цунна дуьхьал, иза бехках а цIанвина. Кхаарин суьйранна Кой-Таш эвларчу политикан хIусаман го лаьцнера спецназо, иза лаца Iалашонца. Амма экс-президентан агIончаша дуьхьало йира царна.

XS
SM
MD
LG