ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батукаевн гIуллакхан материалаш толлуш бу кхелахой


Бишкекерчу Первомайскан кIоштан кхелехь рогIера ладегIарш хилла, бакъо йоцуш криминалан авторитет Батукаев Iазиз набахтера араваккхаран гIуллакхца доьзна. ГIиргIизойн Азаттык Радионо бина цунах лаьцна хаам. Кхеташонехь хеттарш дина бехкебечу Джолдубаева Индире а, Качкыналиев Калыбеке а, Раимжанов Iабдухьалиме а. Цул тIаьхьа кхелахоша листа йолийра гIуллакхан материалаш. РогIера ладегIарш хир ду карарчу беттан 11-чу дийнахь.

Мехкан хилла президент Атамбаев Алмазбек а, инарла прокурор лаьттина Джолдубаева Индира а, пачхьалкхан таIзар кхочушдаран урхаллан (ГСИН) куьйгалхочун хилла хьехамча Качкыналиев Калыбек а ву оцу гIуллакхна тIехула бехке озийна. Коррупцин зуламашна жоьпалла доьху цаьргара.

Криминалан авторитет Батукаев Iазиз 2013-чу шарахь шена тоьхначу хенал а хьалха Нарынерчу набахтера араваьккхира, "дарба доцу цамгар кхетта" аьлла, кехаташ а кечдина. Цул тIаьхьа Бишкеке а валийна, цигара Соьлж-ГIала догIучу кеманца даймахка веара иза.

Стохка чоьхьарчу гIуллакхийн министралло юха а талла долийна оцу фактах доьзна гIуллакх. Карарчу хенахь кхело луьстуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG