ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIазойчоь, Кой-Таш: нохчочун Батукаев Iазизан лар


ГIиргIазойчоь, Кой-Таш, 2019
ГIиргIазойчоь, Кой-Таш, 2019
Бакыт Торегельди уулу, Маршо Радион гIиргIазойн сервис - Азаттык

Бишкекна 20 чаккхарма юьстах лаьттачу Кой-Таш юртахь вехачу Атамбаев Алмазбекан, шайн пачхьалкхехь президент Iийначу стеган, ков-керт доккхуш хьийзира ГIиргIазойчоьнан ницкъаш. Цхьа стаг, ницкъхо, вийра, 136 стаг лазийра цигахь. ТIаьххьара а лаьцна, дIавигира цIийнан 63 шо долу да. Махко чохь валлош хилла нохчо, тутмакхийн эла Батукаев Iазиз, 2013 шарахь харцонца набахтера мукъаваьккхинчу хьаькамийн могIара язвина иза. Деношкахь пачхьалкхан комисси кхоьллина Iедало Кой-Ташехь дIаяьхьначу операцин мах хадо йолучу Iалашца.

Байначу беттан 7-8 деношкахь Кой-Таш юьртахь тIеман операци дIаяхьар харцо лору нах дукха бу ГIиргIазойчохь. Хилларг зен кхоьллинчу кхеташоно шен болх болор бу кху кIиранах. Амма цуьнан хьалхара вовшахкхетар а хилале, иза емалйо гIиргIазойн юкъаралло. Атамбаев Алмазбекан агIончашна хетарехь, бакъдерг къастор дац цо – беккъа цхьа Iедалехьа болу нах бен бац кхеташонан декъахь. Ткъа кхеташонан куьйгалле хIиттийначара, шаьш ма-дарра толлур ду дерриг, чIагIдо.

Кой-Ташехь лелларг талла кхеташо кхоллийтинарг ву мехкан премьер-министр Абылгазиев Мухьаммедкалы. Цуьнан коьрте хIоттийна цо шен гIовс Разаков Женыш. ВорхI ГIиргIазойчоьнан Жогорку Кенешан (парламентан) депутат ву декъашхошлахь: Райымкулов, Баатырбеков, Бакчиев, Дуйшалиев, Мамытов, Субанбеков, Шайназаров.

Иштта юкъабахийтина кхеташонна мехкан Кхерамзаллин кхеташонан а, Iедалан хьукматийн а векалш.

Карасартова Рита
Карасартова Рита

Кхеташоно нийсо йийр яц аьлла хета цхьаболчу гIиргIазошна. Церан ойла йовзийтина, масала, жигархочо Карасартова Ритас. Цо бахарехь, кхеташонна юкъаязвина волчу цхьаьннан - Акун Турсунбекан – цIе хьалха а хезна ю тутмакхийн эла Батукаев Iазиз низамца а дохош набахтера арахецначу нехан могIашлахь.

"Кхеташоно Iорадоккхур дац бакъдерг. Кой-Ташехь хилларг вайна довза лаахь, бозуш боцу могIара жигархой, бакъоларъярхой хила беза талламан тобанехь. Акун Турсунбек бакъоларъярхо велахь а, цунна бен-башха дац хилларг муха туьдур ду – иза Батукаевна набахтера мукъавала аьтто биначех ву. Кхеташо моттаргIа лелош гулйина ю", - аьлла Карасартова Ритас.

Президент лаьттина Атамбаев Алмазбек бехкево коррупци яржорна а, "зулам кхуллуш дакъалацарна"а - и йоллу харцонаш а цо лелийна лору тутмакх Батукаев Iазиз набахтера араваккхарца.

Таллам дIахьочу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло даредан кхайкхина хиллачаралахь ву бакъоларъярхо Акун Турсунбек. Цуьнца доьзна, Атамбаевс доцург кхоьллина шена тIе, аьлла, цкъа арз а дина, тIаьхьа иза юхаэцна цо.

Амма ша Акун Турсунбека бахарехь, иза Iедалан дайн лаамца вахана Талламан кхеташонна юкъа.

Акун Турсунбек
Акун Турсунбек

"Ас цхьаьнгге а ца дехна со кхеташонан декъавига. Ас мел дийриг нийсонца деш дуйла а хууш, вахийтина хир ву-кх со оцу юкъа. Кой-Ташехь хилларг массо а агIор тида дезаш ду. Цундела "юкъараллера, цхьана а ницкъийн агIо лоцур йоцу стаг оьшу", аьлла, юкъаозийна со. Кхузахь Кой-Таш хилла ца Iа. Батукаевца доьзна айдинчу гIуллакхехь со теш бен вац. Иза бахьанехь махкарчу массо а боламех юьстахвала веза со?" – хоьтту шена резабоцучаьрга бакъоларъярхочо Акуна.

Кой-Ташехь Алмазбеков лоцуш дIаяьхьначу операци юкъа сов ницкъ озийна Iедало, "низамхоша йиттина могIарчу наханна, ца оьшуш герзаш кхийсина", боху хиллачу президентан агIоно. Иза бакъ дац, шайн белхахошкахь стаг воь герз дацара", чIагдо ницкъхоша. И дерриг а листа, бакъо-харцо къасто Iалашо ю кхоьллинчу кхеташонан, Iедалан дайша бахарехь. Амма бац оцу барама юкъабалийна Алмазбековн гонера нах.

Марсхьокху-беттан 7-8-чу деношкахь президентан даржехь Iийна, Чуй-мехкан Аламудунан кIоштарчу Кой-Ташехь веха Атамбаев Алмазбек лаца бахана, цуьнан хIусамехь герзаш а кхуьйсуш, дов латтийра Iедалхоша. 20 сахьтехь кхебира Атамбаевн агIоно шайн пачхьалкхан ницкъхойх 6 стаг, лаьцна, шаьш ларрдечу Кой-Ташерчу цIа чохь. Лерринчу ницкъийн бIаьхо Ниязбеков Усенбек вийра цигахь, чов йира Чуй-мехкан чхьоьхьарчу гIуллакхийн декъан буьйранчина Курманкулов Саматна а, дуккха а кхечу нахана а. Лецна кхобу кху муьрехь Атамбаев а, цуьнца цуьнан хIусам ларъеш лаьттина го а.

Довзийтар

Мила ву Батукаев Iазиз, стенна лоьцу нах иза бахьанехь?

Батукаев Iазиз
Батукаев Iазиз

Батукаев Iазиз - ГIиргIазойчохь вина, "низамехь къу" олу (вор в законе), набахтешкарчу а, мукъабевллачу а тутмакхийн тхьамда, ГΙиргΙазойн набахтера, шен тоьхначу 16 шарах ах хан а ца токхуш, мукъаваьлла, шена леррина лаьцначу кеманахь Соьлж-ГΙала дIавахара 2013-чу шарахь.

Оцу хенахь дуьйна, дижа ца дуьтуш, дуьйцура ГΙиргΙазойчохь Батукаев харцонца набахтера мукъаваьккхина хиларх лаьцна. Цунна маьршавала аьто барна бехкебо Бишкеко президент лаьттина Атамбаев Алмазбек а, мехкан могашаллин министр лаьттина Сагинбаева Динара а, дуккха а кхиберш а.

Батукаев Кадыров Рамзанна гергахь а ву, хьалхо Кадыров иза гΙиргΙазошка дΙавоьхуш а лелла, цо иза мукъавоккхуш, Нохчийчу дIавуьгуш, Бишкеке, шен шича, Оьрсийчоьнан Думин депутат Делимханов Адам а хьажийнера, чIагIдо гIиргIазойн агIоно.

53 шо долу Батукаев Ιазиз официало, цΙий телхина, лейкомия кхетта ву аьлла, хеназа арахийцира набахтера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG