ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Маж а яхйина, ламаз а до"


Бзаров Аслан

Адыгейн вахархочо ДАIИШ-ан могIаршка нах кхуьйлуш хилла бохург бакъдоцийла хаало Ростоврчу тIеман кхелехь

Таджикистанера схьаваьллачу Убайдов Сайода "Исламан пачхьалкх" олучу гIеране баха нах гулбора аьлла айдина дов. Амма дац иза бакъдан тоъал тоьшаллаш: цхьаболучара харцдо шаьш хьалха талламчашка дина дареш. Боху, етташ даьхна уьш шайгара. Кхечара дагалоьцу цхьацца хиламаш, амма ца нисло уьш Убайдовх хьакхалуш а.

Стохка бIаьста лаьцна Убайдов Сайод. Кхелехь цуьнан гергарчу стага Тоиров Хайретдина дIахьедина, шега бакъдоцург дийцийтина, иза ца дахь, шегара бизнес дIайоккхур ю, бохуш, етташ хьийзийна ша Адыгейрчу ФСБ-н белхахоша, аьлла.

Деношкахь рогIера ладегIарш дIадаьхьина кхело – тешаш лебина. Кхел йисте кхочуш ю. Нагахь санна бехктакхаман-прецессуалан низам а лардеш иза ерзахь, Убайдов бехкезаваккха веза, адокатна Фараджева Натальина хетарехь.

"Кавказ.Реалиица" ша динчу къамелехь Фараджевас дийцира, ша кхеле дехнера тешаш Убайдовна хьалха лебар, шега цаьрга хеттарш дайтар, амма ша и дехар дешшехь, тешаш ницкъхоша Адыгейра арабаьхна, Таджикистане дIахьовсийна, аьлла.

Адыгейра маьждиг
Адыгейра маьждиг

"И тешаш байначу беттан 31-чохь лебан безаш бара, интеррактивехь, Душанбеца зIе а тесна. Амма иза ца дина. Ткъа левинарг вац талламо къайлаваьхьина, мила ву а ца хоуьйтуш, тоьшалле валийна стаг бен. Цо девнах хьакхалуш а доцурш дуьйцу, масала, боху, Убайдов, маж а яхйина, ламаз а деш лелара. Цундела шена иза кхиберш санна вахархо ца хетара, боху тешо. Маьждиган имам а левира хьалхо. Цо элира, маж муьлххачу а борша стагна лелон мегаш ю, ткъа ламаз дар – иза бусалба стеган шен гIуллакх ду", - дуьйцу Фараджева Натальяс.

Йоьдучу кхеле талламчаша кхуьйлу алссам нах, амма дац цара дийриг Убайдов вевзачу нехан къамел.

Душанбера схьа видеозIенехула левина Ростоврчу кхело Сайодан гергара стаг Тоиров. Цо дийцарехь, Адыгейрчу ФСБ-но Iазап латтийна цунна тIехь, харц тоьшаллаш дойтуш.

"Изза таIзар латтадо цунна тIехь Душанбехь а, цо дийхира кхеле ша а, шен доьзал а кхерамах хьалхабаккхар", - боху Убайдовн адвокато.

Таиров воцург, Таджикистанера кхин а цхьа теш ву Сайодна дуьхьал дареш дайта къастийна – Джамшед цIе йолу таджик. Талламо чIагIдарехь, иза ДАIИШ-ан могIаршка хIоттийта гIиртина Убайдов. Боху, Джамшед а, Сайод а террористех лаьцна йолчу видеошка хьоьжуш хаавелла царна уллехула тIехволуш Таировна. Ткъа яц материалашкахь я цхьа а видео а, я ю бохучех йина экспертиза а.

"Убайдовн гергарчаьргара а яьхна телефонаш. Амма ца карийна царна чохь зуламе хIумма а. Убайдовс 2016-чу, 2017-чу шерашкахь ийзийна, боху, нах ДАIИШ-е. Ткъа бехктакхаман дов айдина юьйцучу хенал а хьалха! Цу тIе, коьрта теш ву боху стаг ца левина стохка бIаьста бен", - билгалдоккху Фараджевас.

Убайдовна дуьхьал гIаттийначу гIуллакхца доьзна хьийзош ву Адыгейрчу ФСБ-но Краснодар махкарчу рома къоман бусалбанийн хьалханча Маеров Владимир а.

"Убайдов лаьцча, иза дIахецар доьхуш, кехат яздира маьждиге лелачу наха. Куьйгаш яздинчу 152 стагах массех вара адыгейшлахь цIелела юкъархо, гоьбевлла спортхой. Талламча зен воьлла, муьлш бу Убайдовгахьа дехар дийраш. Кехат яздеш хьалхаваьлла лелла аьлла, билгалваьккхина Майеров. Иза хьийзо волийна. Къайлах кхеле валаво хIоразза а цхьа теш, цуьнга дуьйцуьйту, Майеровс Убайдовна адвокат лаьцна, бохуш. Талламчас бахарехь, ФСБ-н балханна новкъарло йо Маеровс а, цо лаьцна бохуш вуьйцучу адвокато а", - элира Фараджевас.

Кхин цхьа бехк а бу Убайдовна тIебаьхьина – низамехь а доцуш, Оьрсийчу мигранташ кхийлар. Оцу бехканна Убайдов ша а ву къера. Цунна низамо кхачош долу таIзар текхна ваьлла таджик ша изоляторехь кхобучу юкъанна.

Кхел рогIерчу ладегIаршка гуллур ю кху беттан 23-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG