ДIадаханчу кIиранах (пIераскан дийнахь) герз тоьхна вийна Нохчийчохь шолагIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал лаьттина нохчийн дуьхьалонан боламан декъашхо Хангошвили Зелимхан.
Хангошвили вевзаш вара 2005-чу шарахь Зазадоккху-баттахь вийначу Ичкерин президентан Масхадов Асланан накъост санна а, 2006-чу шарахь Мангалан-баттахь кхелхинчу нохчийн тIеман командиран Басаев Шемилан тIеманакъост санна а.
Жигаралла гайтира Хангошвилис Гуьржийчохь Лопота чIожехь гуьржийн ницкъаллин структураш гоне лаьцначу нохчийн тIемалойн тобанца дийцарш дIахьош а. Операци нохчий кхелхаш дIайирзинехь а, цо шега далург дерриг а динера уьш кIелхьарабаха, чIагIдо тешаш.
Гуьржийчохь Хангошвилица дагаюьйлура цу мехкан леррина сервисаш. Цхьаболчара и гIуллакх тIеэцара нохчийн хилла тIемало меттигерчу антитерроран центрана болх беш волуш санна. Амма цуьнан махкахвала дезна хиларо шеконе юьллу и верси.
2014-чу шарахь Хангошвили вен гIоьртира муьлш бу цахуу нах, ПIаьнгазарчу Дуиси эвларчу маьждигехь эккхийтар а дина. 2015-чу шарахь Тбилисин юккъехь юха а гIоьртира иза вен. Герзаца хиллачу наха 4-зза тапча тоьхнера цунна, амма сихонца дарбанан хIусаме кхачарна кIелхьарвелира иза Iожаллах. И зуламаш динарш "кадыровхой" бара аьлла хета цуьнан гергарчарна.
ШозлагIа ша вен гIоьртича Хангошвили дIавахара Украине. Цигахь а яра цуьнан кхерамазаллица йоьзна халонаш. Накъосташ дехар а дина, иза Германе дехьавелира, цу махкарчу Iедалшка политикан тховкIело а йоьхуш.
Германерчу нохчийн диаспорехь, дийцарехь, вуно лоруш стаг вара Хангошвили. Немцойн "Билд" таблоид сихделира иза "исламист" вара аьлла, цунна цIе тилла, иза дуьхьал хиллехь а нохчий Шема тIаме бахарна.
Оццу дийнахь полицино дIахьедар дира, Хангошвили верна шеко йолуш стаг лаьцна шаьш аьлла. Иза ву бохура цара цIарца вуьйцуш воцу Оьрсийчоьнан вахархо, 49 шо долу нохчо (кхечу версица иза Сибрехара оьрсий ву Вадим С. цIарца хьехош волу).
Низамаш лардон органийн белхахоша билгалъяьккхира цуьнан маршрут. Хангошвилина коьртах шозза герз а тоьхна, иза къайлаваьллера зулам динчу меттигера вилиспетахь. Тапча зуламхочо хичу кхоьссинера Берлинерчу цхьана каналехь. Иза вехачу петарехь карийна дуккха ахча.
Хангошвили веро юха а дагадаийтина Германерчу нохчийн юкъараллана шайн кхерамазалла шайн карахь хилар, боху "Кавказ.Реалиина" хилларг хьокъехь комментари йиначу Берлинан вахархочо Дукаев Сайдпшас.
Цо дийцарехь, нохчийн уггар кIезиг догйовхо ерш бу меттигера низамаш лардон органийн белхахой. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн структурийн белхахойх шаьш цаьрга ларлур ду бохучух шеко хиларна, мухIажираш дезаш хуьлу шайн кхерамазалла Iалашйеш шаьш цхьаъ лело, боху Дукаевс.
Хангошвилин кхолламо дагадоуьйту Австрин коьртачу гIалахь Венехь 2009-чу шарахь Исраилов Iумар вер. Цу хенахь полицин къасто каделира иза вейтинарш а, вийнарш а Нохчийчуьра хилар. Амма дукхачухьолахь цу тайпа адам дер зуламхо каро аьтто ца болуш дуьсу. Иштта, хIинца а теллина даланза ду Украинехь Махаури Тимур а, Окуева Амина а, кхин берш а байар.