ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бранденбургехь а, Саксонехь а харжамашкахь шолгIа бу аьттухьара популисташ


Германи -- Аьттохьарчу популизмана дуьхьал йоза, Берлин, 2019 шо

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:24 0:00
Линкана тIе

Германин малхбалерчу шина кIоштахь (федералан латтанашкахь) алсамбовлуш бу "Германина альтернатива" партин агIончаша. Цу тайпа ду Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Саксони а, Бранденбург а федералан латтанашкахь ландтаге (парламенте) хиллачу харжамийн карарчу хенахь долу жамIаш.

Меркель Ангелан политиках малхбалера немцойгн дог даларо кхузза алсамдаьккхина Саксонерчу харжамахошна юкъахь "Германина альтерантива" парти къобулъяр.

Цу кIоштахь вехаш ву 3,5 миллион вахархо. Цуьнан юкъара доза ду Польшица а, Чехица а. Цу кIоштIахь аьттухьара радикалашна шайн кхаьжнаш дIаделла 27% харжамхоша.

Иза ду Саксонехь "Германина альтернатива" парти шолгIачу метте яьлла бохург. Меркела куйгалла дечу Керстанийн демократин партин аьтто баьлла хьалхара меттиг шегахь йита (32%). 5 шо хьалха царна гIортор еш бара 40% харжамхой.

Берлинан уллерачу 2,5 миллион адам дехачу Бранденбургехь а яьккхина шолгIа меттиг "Германина альтернатива" партино. Цунна шайн кхаьжнаш дIаделла 22% харжамхоша. Стохка и терахь дара 12%.

Германин Социал-демократин парти 30 шо ду Бранденбургехь Iедалехь йолу. КIирандийнахь хиллачу харжамашкахь цо гулдина 27% кхаьжнаш. И гайтам хаъал лахара бу 2014-чу шарахь хиллачуьнца буьстича (32%). Меркелан партехьа кхаж тесна 15% харжамхоша, пхи шо хьалха уьш бара 23%

Германерчу шина латтанехь хиллачу харжамашна анализ йинчу Politico зорбан гIирсо яздо, цу мехкан малхбалера харжамхой вуно чIогIа бекъабелла хиларх лаьцна.

"Немцойн тулгIено" мах хадорца, карарчу харжамашка кхаж таса алсам нах баханера 2014-чу шарахь хиллачул а. Саксонин коьртачу гIалахь Дрезденехь дийнахь 2 сахь долуш харжамийн каппашка баьхкинера 60 сов процент харжамхой.

Гарехь, Саксонехь а, Бранденбургехь а керла Iедал кхуллуш дагадовларш дIадахьа атта ца хила мегаш ду, дукхах йолчу партешна "Германина альтернатива" партица юкъаметтигаш лело ца лаарна. Иза ду "Германина альтернатива" партин векалш я Саксонехь а, я Бранденбургехь а Iедалехь хир бац бохург.

Пайхамарна (Делера Салам-Маршалла хуьлда цунна) 5 эзар салават диллар тIедожийна нохчийн динан дайша хьукматийн а, урхаллийн а белхахошна. Шуна хIун аьлла хета, оьший нахана планаш а етташ, бертаза цу кепарниг тIедожон?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG