ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн министраш таIзаре хIитто беза аьлла Калиматовс


Ханна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу Калиматов Махьмуд-Iелина хетарехь, цо дIа мел ваьккхина хьаькам кхела хьалха хIотто везаш ву, яздо "Новости" агенталло.

"ХIораммо а бинчу балха тIехь мини-ревизи ян еза. Царна таIзар дан ца гIерта со. Цунах бала хIун пайда бу? Ас аьллера, ойла а ца еш, тахханехь сацамаш айса бийр бац аьлла, делахь а, дийзи", - аьлла, билгалдаьккхина Калиматовс.

Иштта цо тергоне эцна, ша "дIабаьхна министраш чубохка" бохуш, шена хьехарш деш хилар а.

"Со хIинца прокурор вац. Суна хIинца гуш йолу и харцонаш, хьалха хIунда ца гина. Суна хетарехь, гергарчу хенахь ницкъаллийн структураша шайн тергоне оьцур бу и нах. Амма бакъ ду, со ГIалгIайчоьнан урхаллехь мел ву, оцу наха куьйгалхойн даржашкахь болх барна со ца кхоьру", - аьлла, дIахьедина Калиматовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG