ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эшаршца а, хелхаршца а экстремизмана дуьхьал



Дагестанехь Хасавюртан вахархочунна кхел еш ю нах экстремизме кхайкхарна. Социалан машанехь маситта видео яржийна цо "динца йоьзна цхьана тобанан декъашхой вукха тобанан декъашхошна дуьхьал баха тIекъабеш чулацам болу", аьлла ду республикан прокуратуро бинчу хаамехь. Цу стагана хан тоха мегаш ю 6 шо, яздо Кавказ.Реалиино".

Оьрсийчоьнан Федерацин криминалан кодексан "гуш-хезаш экстремизме кхайкхарна цIе йолчу 280-чу артиклехула бехктакхаман гIуллакхаш дедюкъа аьлча санна долош ду Дагестанехь. Масала, хаьлхо, 1 шо 6 бутт хан тоьхна, чувоьллира Тарумовн кIоштара вахархо. Цул хьалха 2 шо арахь даккха хан кхайкхийра кхело Дагестанан ЦIерш цIе йолчу гIалан вахархочунна. Цу тайппа бара ХIинжа-Галарчу вахархочунна дуьхьал долийначу бехктакхаман гIуллакхехула кхело бина сацам а.

Иштта гIуллакхаш иттаннаш ду. Уьш дерш а копиркица яздина долуш санна ду: "Гуш-хезаш кхайкхамаш бина нах экстремизме кхойкхуш, интернет машанах пайда а оьцуш". Цу тайпа зуламаш дарехь хьалхара меттиг дIалоцуш ю Дагестан Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь.

Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро далочу терахьашца, Товбеца-бутт чекхболуш цу республикехь дина цу тайпа 32 зулам. ШолгIачу меттехь ю Ростохан кIошт а, Москва а. Цу шина субъектехь долийна толлуш ду 19 бехктакхаман гIуллакх, ткъа кхоалгIачу меттехь йолчу Перман махкахь ду 14 бехктакхаман гIуллакх.

Буйнакскерчу адвокато Гаджиева Заремас латкъамаш бо, и гIуллакхаш кхуллуш ду низамаш лардон органийн белахахоша уьш шайн белхан жамIаш гайта дезаш хиларна. "Уьш зуламийн база юзуш болх беш бу, дукха мел хили а, гIоле ду бохуш.

Царна иза дарна ахчанан совгIаташ ло, хьаькамаша хестабо, даржехь лакха боху. Стохка кхо гIуллакх дара ас лелош. Уьш дIахьош цхьа талламхо вара. Ас боху цуьнга, айхьа яздечу кехаташна тIехь дешнаш деха-сехьа дахий хIума мукъане а дехьа, уьш трафаретаца яздинча санна ду хьан ", - дуьйцу цо.

Гаджиеван ГIизларчу коллего Гаирбеков Мурада латкъамаш бо, талламхой наггахь хьажа ца хьожу, ла а ца дугIу видео тIехь дуьйцучуьнга, бохуш.

"Ас лелочу гIуллакхехула яздина ду, бехкевечо ролик яржийна вевзаш волчу радикалан исламан хьехамаш тIехь болу аьлла. Бакъду, яржийна цо. Бакъду, цу хьехамчо дуккха а къамелаш дина нах джихаде кхойкхуш. Амма кхузахь юьйцург ю Iуьйра ламаз дитар къилахь хиларх лаьцна видео. Кхин хIумма а дац цу тIехь",- боху Гаирбековс.

Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь адвокатийн реза цахилар юхатуьйхира.

"Суна хетарехь, цу агIор болх мелхо а тоам боцуш беш бу. Ма дарра аьлча, зуламаш кхин а алсам ду. Массарна а тIекхача аьтто ца болу. Хан ца тоьа. Нагахь цигахь талламхоша цхьаъ нийса ца динехь, латкъам бан беза-кх. Иза дан цера берриг а аьттонаш болуш бу", - боху шен цIе ца яккхар дехначу министраллан векало.

Делахь, экстремисташ дуккха а алсам белахь, иза республикерчу Iедалша цхьаъ нийса ца до бохург дуй-те?

"Хьовсал, мел дукха ю Дагестанехь "тхо терроризмна а, экстремизмна а дуьхьал ду" бохучу кепара мероприятеш. Ткъа Iедалхойн кхеташонаш мел дукха ю? Ерриг а проблема ю иза даьсса къамел дар хилар. И еггиг а кхеташонаш цхьа а доцучуьнах лаьцна ю", - аьргIадвахана ву меттигерчу адамийн бакъонашларъярхойн юкъараллан белхахо Микаилов Зубайра.

Иза бакъ ду. Республикехь шарахь маситта форум хуьлу, терроризм а, экстремизм а цахилийта дан дезарг дуьйцуш. Масала, Гезгмашин-беттан 18-хь ХIинжа-ГIалахь вовшахтухуш ю "Тхуна кхера ца лаьа тхайн кхане бахьана долуш" цIе йолу кегийрхойн форум. Аьлла ду цигахь дакъалоцуш 1000 стаг хир ву аьлла.

"Антитерроран хьажам болчу номершца кегийрхошна хьалха шайн кхолларалла гойтур ю Дагестанерчу йишлакхархоша а, Дагестанан филармонерчу артисташа а, ткъа иштта кхоллараллехула доьшучу кегийрхойн векалша а", - аьлла ду культуран министралло динчу дIахьедарехь.

Схьахетарехь, йишлакхархой а, хелхарчаш а зеделларг долуш бу экстремизмца къийсам латторехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG