ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шера чохь 1,5 миллиард соьмана дебна Кадыровн фонд


Кадыров Ахьмадан фондехь стохка кху хенахь хилла 2,22 млрд. сом ахча. Тахана иза ду, "Открытые медиа" портало бинчу тидамца, 3,68 млрд. сом.

Алссам ахча даккха йиш йолуш, дуккха а бахамаш бу фондан долахь, масала, берраш а санна белхаш шайга дIаоьцу, миллиардаш мехах йолу тендорш долайоху фондерчу гIишлошъярхоша. Амма оцу бахамаша сом а ца делла фонданна. Шарахь 1,5 миллиард сом даьккхина фондо деккъа дIа таро йолчу нахера, "сагIийна". Оьрсийчуьрчу хьукматийн таронаш йовзуьйту "Контур.Фокус" база ю и тоьшалла дийриг.

Шарахь ша даьккхинчу 1,5 миллиард соьмах 750 миллион ца кхоччуш ахча сагIадина, я кхечу гIуллакхашна доьхкина Кадыровн фондо. Ша кхобуш цо дукха ца дайина ахча шера чохь 8,5 миллион сом гергга. Бакъду, лурчах шена фондо йина харж яра 172 миллион сом, ткъа нехан гIуллакхашка ца хьажийна цо лурчах оццул ахча а – 154,5 миллион.

Нохчийчохь социалан объекташ йо фондо, доькъу ахча цомгушчарна, ло цхьацца барамашна, масала, берийн тIеман-спортан "Турпалхойн къовсам" ловзар вовшахтоха, хьийсадо фондера ахчанаш шемахошна гIоьнна, Израилехь маьждиг дан, иштта дIа кхечу гIуллакхашна а.

Оьрсийчохь евза Кадыровн фонд Нохчийчу лелачу хьешашна а, Кадыров Рамзанан доттагIашна а даккхий совгIаташ дарца. Масала, Соьлж-ГIалин юккъехь пхеа чоьнах лаьтта, 15 миллион сом мах болу петар елира актерна Депардье Жирарна, 100 эзар евро доьху сахьт делира парикмахерна Зверев Сергейна, еза Porsche Cayenne совгIатйира продюссерна Рудовская Янина, Mercedes елира охьатохархлатархочунна Емельяненко Александрна, 2 миллион евро сагIадира Iамеркарчу спортхочунна Тайсон Майкна.

"Наха а, белхаш бечу хьукматаша а лучу сагIанех" юзу, хьасташа дийцарехь, Кадыровн фонд. Ткъа 2015-чу шарахь "Коммерсантца" къамел динчу наха тоьшалла дарехь, Нохчийчохь болхбечаьргара "лаамехь-лаамза" дохучу ахчанаша кхобу фонд. Газетан хьасташа тоьшалла до, махкарчу лоьрийн, хьехархойн, бюджетера ахча оьцучу кхечу белхахойн алапех 10% фонде дIоьду, бохуш.

Стохка гурахь "Кавказ.Реалиино" официалерчу хьасташкахула бинчу талламо гайтира, Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а фондан ахчанах еш ю боху махкара вуно дукха проекташ регионан бюджетерчу ахчанах еш юйла. Ткъа сагIадечу фондо шена тIеяздинера 1,3 миллиард соьманна бюджетерчу ахчанах дина диканаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG