ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пачхьалкх гIорасиз йисина"


Терроризмна а, экстремизмна а дуьхьал яккха эвсара профилактика яц аьлла, дIахьедина эксперташа.

Дечкен-баттара Товбеца-батте кхаччалц Оьрсийчуьрчу ницкъаллийн структурашна 14 экстремистийн организаци хааелла. Ишта цара чоьте эцна 972 терроран зулам а. Кхузахь юьйцург цхьа Къилбаседа Кавказан регионаш хилла ца Iа, юкъаялийна Московскан а, Тюменскан а, Ростовн а кIошташ а, ишта кхи дIа ерш а аьлла, билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу экстремизмна дуьхьало латточу Коьртачу урхаллан куьйгалхочо Ильиных Олега.

Амма бакъду, статистика кегояьккхича гучудолу, оцу тептаршкахь къилба республикаш хьалхарчу позицешкахь дIатаръелла хилар.

Лидер ю Дагестан, цигахь шо доладелчхьана Iорадаьккхина 332 терроран зулам. Цунна тIаьхьа ю Нохчийчоь (89), ГIебарта-Балкхаройчоь (82). Зуламаш динчу нехан терахьашца а хьалхара гойту и кхо регион: Дагестан -91, Нохчийчоь – 48, ГIебарта-Балкхаройчоь – 28.

Яхначу кхаарин буса ГIебарта-Балкхаройчохь лерина операци дIаяьхьна. Чегем гIалахь ши тIемало вийна шаьш аьлла, дIахьедира цигарчу полисхоша.

"Тхоьгарчу информацица, республикехь терроран зуламаш дан Iалашо хилла церан", - аьлла бу ТАСС агенталло бина хаам, Къоман антитерроран комитетан (НАК) векална тIе а тевжина.

НАК-о чIагIдо, цхьана цIа чохь хьулбеллера уьш, герз схьа а лой, шайна карадуьйла аьлча, дуьхьал герзаш диттинера цара ницкъаллийн структурий белхахошна. ТIаккха герзаш тоьхна, байира уьш.

Тасадаларш хиллачу меттигехь карийна куьйгайина оьккхуьйтург а, автоматаш а, кхиболу тIеман гIирс а.

Ткъа кху беттан 9-чохь, дагадоуьйтур вай, некъан полисхоша герзаш диттинера 18 шо долу Теркйистера Азиев Iусман чохь хиллачу машенна.

"Машенчуьра схьа герз кхийса воьллера иза, тIаккха цунна дуьхьал герз хьажо дезна. Мехкан куьйгалхочо масийттазза дIахьединера, зуламхо гIали чу вогIур ву, амма цу чуьра араволуьйтур вац аьлла. Шен зуламе Iалашонаш кхочушъян аьтто ца баьллера Азиевн, полисхой шайн профессионалан декхаршца дика ларорна", - дIахьедира шолгIачу дийнахь Кадыров Рамзанан гIоьнчас Дудаев Ахьмада.

ТIаьххьарчу деношкахь Дагестанехь шеконашца лецна экстремизме кхайкхамаш бинарш а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна ахчанаш латторна бехкебинарш а.

Дахначу шерашкахь хиллачу хьолаца дуьстича, оперативан ситуаци Къилбаседа Кавказан регионашкахь тIаьххьарчу заманчохь тоелла йогIу, делахь а, хьал чIагдIелла олийла дац аьлла хьажам бу талламхочун- конфликтологан Тамиралиев Муслиман.

"Спецоперацеш а, къайлах лелачу гIаттамхойн терахь а, полисхошна кIелонаш яр а, хьаькамашна а, бизнесхошна а ясакх тIейожор а лахделла догIу. Шема бахьанехь хьал хийцаделла хета суна. Дуккхахболу радикалхой шайн лаамехь даIишхойн могIарш дуза дIабахна, йа пачхьалкхера арабовлучу хьоле баьхна хилла уьш. Организаци вовшахъяьккхина, ткъа хIинца церан декъашхой юхабахка буьйлабелла боху эксперташа.

Ткъа дукха буй-те уьш? Бац, иттанашкахь а бац уьш. Амма кхи цхьа проблема ю: самабовла тарлуш бисина даIишхойн бенаш. Мел дукха бу уьш? Хила тарло цхьана регионехь цхьаъ, шиъ тоба, йа кхин а сов хила а мега". – боху эксперто.

Цунна хетарехь, "Исламан пачхьалкх" тобанхойн керла тактика хир ю – инфраструктуран а, индустрин а мехал йолчу гIишлошна тIелетарш дар. Оьрсийчохь и тактика хIинца а юкъаяккхаза ю, амма полисхой дика кхеташ бу, шаьш кийча хила дезарх.

"Цуьнан масал ду дукха хан йоццуш Дагестанерчу Каспийскехь дIадаьхьна антитерроран Iамораш. Ах эзар сов полицин а, орцан министраллан а белхахой хIорда тIехь а, хиш тIехь а ден долу теракташ юкъахдаха Iамийра.

Кхечу къамел динчу дагестанхойн политолога Магомедов Мусас дагадаийтира, ницкъаллийн структурашкарчу баккхийчу хьаькамаша масийттазза дIахьедарх, регионехь тIемалошца дерг дIадирзина бохуш.

"Амма кест-кеста шаьш ницкъахоша Iорайоккхучу статистике хьаьжча, толам баьккхина баха хьалхе ду. Цунна тоьшаллаш дуккха а ду, масала, хIора баттахь бохург санна Къилбаседа-Кавказан регионашкахь дIахьош долу Iамораш а цхьана", - боху Магомедовс.

Доьхна гIуллакх ду, ницкъ дуьхьал баккхар доцург, экстремизм а, терроризм а эшон пачхьалкхан кхин кховдо эвсара некъаш цахилар бохуш, далхадо политолога.

"Кегийрхошлахь радикализаци ца яржийтархьама цхьана а кепара кхеташ, адеквате болх бац беш. ХIора кIирнах аьлча санна салафитийн маьждигашкахь рейдаш дIахьо, кегийрхой лоьцучу юкъанна царна тIеман гIирсаш кхуьйсу, ницкъбо, Iазапаш латтадо, лечкъабо. Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цу тайпа масалш дуккха а ду. Стабиле йоцчу социалан ситуацица цхьана оцу дерригено а дерзадо дин радикализме. Кхузахь дерриг а кхеташ ду: нийсо динца леха буьйлало и нах тIаккха. ХIунда аьлча, пачхьалкх гIорасиз йисина дела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG