ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркерчу суьдехь ша кибертIелатар дарна къера хилла Оьрсийчоьнан вахархо



Оьрсийчуьрчу 36 шо долчу Тюрин Андрейс бехк тIелаьцна Iамеркан кхелехь ахча даккхар Iалашонца Iамеркерчу финансийн 12 компанийн клиентех лаьцна информаци лачкъорна. Иза евзачерах уггар йоккха кибератака ю Iамеркан банкана йина йолу, хаам бо Bloomberg агенталло.

Оьрсийчоьнан вахархочунна бехке диллина ду 6 хIума. Дерриг а цо дина зуламаш вовшахтоьхча цунна тоха мегаш ду набахтехь даккха 92 шо. Тюринна бехке дуьллуш ду JPMorgan Chase банкан а, брокерийн конторийн а, экономикаца боьзна хаамаш бечу зорбанан гIирсийн редакцийн а компьютерин системаш йохор.

Ша Тюрина дийцарехь, цо лачкъийна 80 сов миллион стагах лаьцна хаамаш. Цу гIуллакхо деана цунна бIеннаш миллионаш долларш.

Талламахойн версица, цуьнан декъашхоша (церан цIерш йохуш яц) пайда оьцуш хилла цо лечкъийначу хаамех бозбунчаллан финансийн схемаш кхолла.

Iамеркан къайлахчу сервисаш бинчу хаамца, Тюринан гIуллакхехула бехке озийна ши стаг Израилан Iедалша Цхьаьнатоьхначу Штатийн низамаш лардечу органашка дIавелира 2015-чу а, 2016-чу а шерашкахь.

Стохка Тюринна Гуьржийчуьра экстрадици йира Iамерке. Цу хенахь иза реза ца хилира бехк шена тIелаца. Кхушара бIаьста Тюрин волавелира кийтарлонаш ян. Иза бертавахара талламхошца.

ХIинца, дийцарехь, прокуроро доьхур ду Тюринна 15-20 шо хан тохар. Амма тIаьххьара сацам бийр берг ву суьдхо. Тюринан гIуллакхехула кхел хир ю 2020-чу шарахь Чиллан-беттан 13-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG