ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Талламхойн гIалатах жоп лур ду хазно"


Ражапов Хьамид а (аьрро агIорхьара), вежарий ЦетиевгIар Хьусайн а, Сайд-Мохьмад а.
Ражапов Хьамид а (аьрро агIорхьара), вежарий ЦетиевгIар Хьусайн а, Сайд-Мохьмад а.

Москох Тверан кIоштан кхело бух болуш лерина Нохчийчуьрчу вежарша ЦетиевгIара Сайд-Мохьмада а, Хьусайна а ткъа иштта Ражапов Хьамида а, харцонца бехктакхаман гIуллакх а долийна, шаьш хьийзорна дуьхьал компенсаци йоьхуш чуделла арз.

Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсанто", "Талламхойн гIалатах жоп лур ду хазно" цIе йолчу артиклехь. И кхо жима стаг бехке веш вара 2014-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Керла Москох эвлан йистехь Орцаллин министраллан белхахошна тIелеатар дарна.

Эххар а гIуллакх толлучура сацийра, и зулам дарна вежарий ЦетиевгIар а, Ражапов а декъах ца хиларна, амма уьш кхиийра талламан изоляторехь кхоккха шо даккха.

Кхело сацам бира царна 500 эзар соьман тIера 1 миллион соьме кхаччал компенсаци яла. Кхаа стеган суьдехь гӀо лоцу агӀо дагахь ю цу ахчан барам кхузза алсамбаккхийта а, ткъа иштта бехк боцуш царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийнарш жоьпе озабайта а.

Вежарий ЦетиевгIар а, Ражапов а бехке ца хиларан шеконаш дIаевлира 2017-чу шарахь МЧС белхахошна йиттинарг ша ву аьлла, Нохчийчуьрчу вахархочо Даутов Шейхис даре дича.

Цо а цуьнца цхьаьна цу дар-дацарехь дакъалаьцначу кхин а шина стага а, Москох а вахана, тоьшаллаш дира. Цул тIаьхьа уьш къайлабевлира, шаьш дIалацаре а ца хьоьжуш. Уьш хIинца мичахь бу хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG