ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь кхоьллина Орцин-Мохк эвла


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Соьлж-ГIалин Октябран кIоштан 35-гIа а, 56-гIа а дакъошна керла цIе тилла сацам бина гIалин низамашдахархоша. ХIинца дуьйна цхьаьнатоьхна и ши куп хир ю XIX бIешарахь ваьхначу оьрсийн паччахьан инарлан Чермоев Орцин (Арцу) цIе лелош. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.

Соьлж-ГIалин Iедало тIеэцначу сацамехь аьлла ду керлачу эвлана Орцин-Мохк цIе туьллуш ю аьлла.

Болчу хаамца, и сацам тIеэцна Чермоев Орцин (1825–1895) цIе йиц ца ялийта.

Нохчийн къомах волчу Чермоев Орцас 1842–1864 шерашкахь дакъалаьцна Оьрсийн империно дIахьош хиллачу Кавказерчу а, 1877–1878 шерашкахь оьрсийн-туркойн а тIемашкахь. Нохчийчохь 1877-чу шарахь хилла гIаттам охьатаIош жигара дакъалаьцна ву Оьрсийн империн эскаран инарла-майор хилла Чермоев.

1894-чу шарахь императоран омрица Чермоевх вира "дворянин". Цуьнан доьзалхой лерира Оьрсийчоьнан империн xӀy цӀена долу "дворянаш" хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG