ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн набахтешкахь къаьсттина "дукхабеза" нохчийн тутмакхаш


Билггал хууш дац, Нохчийчуьра схьаваьлла маса стаг ву Оьрсийчоьнан набахтешкахь а, колонешкахь а хенаш токхуш. Оьрсийн кеп-кепарчу бакъонашларъярхоша арахоьцучу рапорташкахь 30.000 эзар стаг ву олу, амма цхьа а ала ца хIутту, стенгара схьаэцна и терахьаш, хьан дина зераш, мича бух тIехь вовшахдиттина.

Къайлахчу сервисаша а, набахтешна тIехь Iуналла латточу урхаллаша а шайн леринчу тергонехь бахкош бу лецна, хан токхуш болу нохчий. Колони схьабалийначул тIаьхьа оцу сохьта профилактикан чоьте оьцуш бу нохчийн къомах болу тутмакхаш, ткъа цхьайолчу хьукматашкахь уьш декхаре бу набахтен постехь (КПП) шен цIе а юьтуш, хIоразза гучувийла.

И муха хуьлу аьлча: Iуьйранна ворхI даьллачул тIаьхьа буьйсанна итт даллац, хIора 2-3 сахьт мел долу тутмакх хадархочунна тIе а воьдуш, ша вуйла дIахаийта деза.

Шен цIе а, вина шо а, де а, бутт а, мел хан тоьхна а, маца чекхйолу а, муьлхачу артиклехь таIзар токхуш ву а – и дерриге а охьа а дийцина, леринчу журнал тIехь куьйгъяздан деза цо.

Колони схьабалийна боллу тутмакхаш цкъа хьалха леринчу карантинехь дIатарбо 7-10 денна, цигахь набахтен хьаькамаш цаьрца цхьанакхета. Цхьаболу тутмакхаш батте бовлу цу карантинехь, наггахь шина батте а. Набахтех мукъабевллачара дуьйцу, оцу карантинехь колонин администраци шаьш "кагдан" гIертарх а, "керла" бехкаш тIелецийтарх а, йа цхьаннах лаьцна доцург кхолла бохуш, ницкъбарх а.

Тоьхначу хенал а хьалха нохчий маьршабохуш Iедал а дац. Цхьа наггахь волчун бен аьтто ца хуьлу хенал хьалха аравала. Тутмакхаш оцу бакъонех бахархьама, тоьаш ду цо режим йохийна аьлла арздар, цунна лелон йихкина хIума тасар, доцург кхоллар, 10-15 дей-буьйсий тоьхна ШИЗО хьажор.

Администрацин белхахоша бохучунна кхи тIе оьшуш дац цхьа а тоьшалла, церан багах даьллачух тешаш бу хьаькамаш. Бакъду, стохка Ярославлерчу колонехь лелон Iазапаш Iорадаьхначул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан таIзар даран федералан урхаллан (ФСИН) директоран гIовса, инарла-лейтенанто Максименко Валерийс дош деллера, массо а набахтешкахь дIаяйа а, дIалиста а таро йоцу видеорегистраторш хIиттор ю аьлла.

Шаьш чулучу рапорташца цхьана камераша дIаязйина видео а хотта колонин белхахой декхаре бича, цунах пайда а баьлла, набахтехь тутмакхаш хьийзор лахдала там бара. Кхелехь дIагайта тоьшалла ма ду иза аьлла, тешна бу бакъонашларъярхой.

Чубоьхкинчахь нохчий хьийзош, царна тIехь Iазапаш латторах дукха дийцира шайн дIахьедаршкахь а, рапорташкахь а бакъонашларъярхойн "Гражданское содействие", "Мемориал" организацеша.

Цара билгалдаккхарца, царна тIехь ницкъбаран коьрта бахьанаш ду – ФСИН-ан белхахойн нохчех лаьцна кхоллаелла стереотипаш а, ишта, колонешкахь дукха хьолахь дуьхь-дуьхьал кхетарх Нохчийчохь хиллачу тIемийн шина а агIор хилла декъашхой. Оцо кхин тIе а марсадоккху хьал.

Хууш ма хиллара, дукхаболчу ФСИН-ан белхахоша жигараллица дакъалаьцна Нохчийчохь тIеман шерашкахь, ткъа конфликт йирзинчул тIаьхьа набахтешкахь балха хIиттина уьш.

"Шаьш дина доцу зуламаш тIелоьцу дукхахболчу тутмакхаша, шайна тIехь лело Iазапашна детта са а ца хуьлий. Дуккха а масалш девза суна. ХIинцца дукха хан йоццуш ду хьуна, нохчийн цхьа жимчу стагна кхел йира социалан машанехь цо репост йина аьлла. Ишта цхьа керла яьржина мода ма юй. Кхечу тутмакхашца цхьана дIавуьгуш хилла иза. Цхьана куьпа кхочу уьш, цигахь дуьхьалбаьхкинчу ФСБ-н белхахоша керла гIуллакх доккху цунна дуьхьал. Цуьнца цхьана этапехула дIабуьгучу тутмакхаша дийцина шайга олий, бехкево иза Шема баха кегийрхошна марздеш хилла цо олий.

Шена тоьхна хан яккха дIавуьгучу цо муха йийр ю "вербовка"!? Цу тайпа масалш дуккха а ду. Вайн колонехь 10-12 истори ю суна хууш,тIаккха кхечу набахтешкахь хIун хир ду аьлла хета хьуна…", - дуьйцу Рязанан кIоштарчу лоьмар 6 йолчу колонера ши кIира хьалха маьршаваьллачу Валерийс (цIе хийцина ю).

Харц дац бохура колонехь къаьсттина нохчашна тIехь ницкъбеш хилар а, уьш леринчу тергонехь латтош хилар а Мордоеврчу ИК-2 колонин хиллачу белхахочо а.

"Массо а регионех дала жоп дац сан, амма Мордовехь долчух олийла ду. Дукхахболчу белхахойн лакхара юридикан доьшийла чекхъяьккхина аьлла, дипломаш дац. Берриш а бохург санна юьртбахаман колледж, техникум чекъяьккхина бу. Масала эр вай, Москвара йа Питерера схьавеана кхузахь цхьа а соцур ма вац болх беш, цундела кхузахь бисинарш дIаоьцу набахтешка балха. ТIаккха нисло-кх, погонаш лелон белхахой трактористаш а, хьелийозархой а хилар. Ткъа цундела хила тарло царна тутмакхаш адамаш цахетар. Церан кхетам а, хаарш а дац аьлла хета суна, тутмакхашца ишта хила мегар дац аьлла, царна низамаш ма ца девза. Олуш ма хиллара, царна бакъо елла, цундела шайна могуьттург цара леладо.

Нохчий тергонехь латторах эр дара ас. Ма дарра аьлча, колони схьавалийча леринчу тептаре оьцуш бу, масала, ша шена тIе куьйгаш хьондерш, конвойна тIелатар дендерш, къиза зуламаш дийлинарш, бовда там бу аьла хетарш а. И нах СИЗО-хь дуьйна билгалбаьхна хуьлуш бу. Колони схьабалийначул тIаьхьа чоьте оьцуш а хуьлу, нагахь санна, колонин хьаькамо, йа ФСИН-ан куьйгалло омра динехь.

Нохчашна тIехь дийнахь а, буса а контрол латтае олий, омра догIу хIора набахтен чуьрчу хьаькамашкара. Мордовехь ишта дара. ТIаьххьарчу хенахь лецначарна гаттолаттор, йа цунна ницкъбан, етта оьшуш меттиг хилча, тутмакхашна шайна тIедуьллу. Ткъа стенна етта?

Колонин авторит хьалаяккхархьама, йа этапехула дIабуьгучу хенахь царна хаийта, колонехь раж хуьлий а, нагахь цуьнан низам ахь дохадахь, хьайна еттар юйла а, массо а шайх кхерийта", -дуьйцу Л. Надеждас (цIе хийцина ю).

Лакхахь билгалъяхнарш йоцурш а, кхин а нисло проблемаш. Дукхахболу Нохчийчоьнан бахархой тоьхна хан такха Оьрсийчоьнан генарчу регионашка дIахьийсабо. Церан гергарчарна бала хуьлу цунах, церан таро ца хуьлу кест-кеста шайн доьзалшна тIаьхьабаха.

Ишта администрацино тутмакхашна шайн гергарчаьрца цхьанакхета новкъарло йина ца Iаш, реза ца хуьлу уьш адвокатех кхетийта а. Шайгахь латточух тутмакхаша ден аьрзнаш дIа а ца кхочуьйту цара лакхарчу инстанцешка.

Мордоверчу лоьмар 5 йолчу колонехь Нохчийчуьра схьаваьллачу итт тутмакхо шайн геш этIийнера кху шеран юьххьехь. Колонин белхахоша шаьш хьийзор ду аьлла, кхерам хилча шайна тIе куьйгаш даьхьнера цара. Цул тIаьхьа хаамийн гIирсашкахь а, бакъонашларъярхоша а шуьйра дийца даьккхира колонехь лелочух, ткъа набахтен хьаькамо тIехьожучаьрца цхьана йиттинера тутмакхашна. Цул тIаьхьа меттигерчу дарбан цIийне балийнера чевнаш йина тутмакхаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG