ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьо бусалба хилар гайта мегаш дац"


Казахстан -- Казахийн кIомах волу Алимулы Мурагер а, Мусаханулы Кастер а зорбан конференцехь,Алматы, 14ГIад2019
Казахстан -- Казахийн кIомах волу Алимулы Мурагер а, Мусаханулы Кастер а зорбан конференцехь,Алматы, 14ГIад2019


Казахийн кIомах волу Алимулы Мурагер а, Мусаханулы Кастер а Китайн махкахо ву. Цу шиммо къайлаха доза хадийна Казахстанехь политикан тховкIело ехар Iалашонца.

Алматы дIакхаьчначул тIаьхьа зорбан конференци а елла Алимулы а, Мусаханулы а тIевахара миграцин полицина. Цул тIехь и ши стаг дIавигира шаьш Казахстанан къоман кхерамазаллин комитетан дозанан сервисан белхахой ду аьллачу наха.

Зорбан конференцехь Алимулыс а, Мусаханулыс а хаам бира шаьшимма доза хадийна хиларх лаьцна Казахстанан Шиликты эвлана гергахь. Цул тIаьхьа и шиъ Алматы вахара. Цунах лаьцна дуьйцуш ду "Настоящее время" сайто зорбане яьккхинчу материалехь.

Ши казах, доьзалш а битина, Китайра вадаран бахьана доьзна ду Пекино Синьцзян провинцехь дIахьочу политикица. Цигара тIаьхьарчу шерашкахь хаамаш кхочу туркойн мотт буьйцу бусалба юкъараллаш, шайна юкъахь казахаш а болуш, хьийзош хиларх лаьцна.

Китайра веддачу шина казахо дуьйцу, цу провинцехь беха кхечу къаьмнийн векалш кхерам кийрахь къуьйлуш бехаш хиларх лаьцна. Шаьшшиъ юханехьа Китай дIа ца хьажавайта, ши мухIажир цхьаьнакхийтира журналисташца, цара дIахьедар дира шаьшшиъ политикан тховкIело йоьхуш ву Казахстанехь аьлла.

"Сан а, Мусаханулын а дийзира доза хадо. Тхойшиъ кхуза веана Китайн территори тIехь баккъалла а хуьлучух лаьцна дийца. Цигахь болу берриг а казахаш вуно чIогIа бала хьоьгуш бу. Тхо дехачу цхьана Дурбульджин гIалахь, иза дукха жима меттиг ю, 9 колони ю.

Баккхийчу нахе мажош дIайошуьйту. Хьо бусалба хилар гайта мегаш дац. Лаххара а 5 шаранна чуволла сахьт дац политикан кхетош кхиоран лагере. Со сой кхузза хилла цигахь. ХIоразза а 24 сохьтана лацара со. Оцу хеначохь кIиза ницкъ беш хьийзавира со, - дийцира Алимулы Мурагера.

"Лагере дIакхачорца хьалхарчу кIиранах когашна а, куьйгашна а буржалш тоьхна латтийра со. Даима а еттара, масийтта зулам дар тIеэца, бохура соьга. Ас ца лайра сайна ницкъ бар, сайна тIеийцира ас ца дина зуламаш. Ницкъ бечу хенахь кхача а, хи а ца лора. Ас цигахь 4 шо 8 бутт хан яьккхира, - дуьйцу Мусаханулы Кастера.

Китайра веддачу шина казахана тIехIиттина "Атажурт ерiктiлерi"(Даймехкан шен лаамерниг) цхьанакхетаран бакъонашларъярхой а, Адамийн бакъонашкахула дуьненаюкъара Бюро а.

Зорбан конференци хиллачул тIаьхьа бакъонашларъярхой Китайра веддачу шина стагаца цхьаьна бахара миграцин полице. Цигара и шиъ леван дIавигира дозанан сервисан векалша. "Атажурт ерiктiлерi" бакъонашларъярхойн цхьаьнакхетаран куьйгалхочо Максутханулы Бекзата бинчу хаамца, дозанхошна ца тайнера Iедалшна тIевале хьлха Китайра веддачу шина стага зорбанан конференци дIаяьхьна хилар.

"ДIадоьлхуш цара хеттара, дозанан сервисе хIунда ца даьхкира шу доггIушехь бохуш. Нагахь и шиъ цкъа дуьххьара шуна тIевеана хиллехь хIинцале а Китай юханехьа дIахьажийна хир вара, элира ас. Ткъа Китайхь хууш хилла "Атажурт ерiктiлерi"цхьаьнакхетар хиларх лаьцна, цундела и шиъ гIо доьхуш тхуна тIе веана", - дийцира Максутханулыс.

Журналисташца къамел дан реза ца хилира Казахстанан Кхерамазаллин Комитетан дозананан сервисан векалш.

Мусаханулыга а, Алимулыга а бехк кховдо мегаш бу "низамаш дохош леррина пачхьалкхан доза хадорна". Криминалан кодексаца а догIуш, и низам дохийначунна боккхачу барамехь гIуда тоха мегаш ду я цхьа шо хан а тоьхна, иза чуволла мегаш ву, хан текхна ваьлча Казахстанера ара а воккхуш.

Цу артикалца стохка кхеле озийра казахийн къомах йолу Китайра Сауытбай Сайрагуль. "Кхетош кхиоран лагершкахь" болх байта хьехархой Iамош хиллачу цо доза хадийнера, цо дийцарехь, Китайн Iедалша шена бакъо ца яларна, 2016-чу шарахь Синьцзянера дIабаханчул тIаьхьа Казахстанехь бехачу шен доьзалх – хIусамдех а, шина берах а -- дIакхета.

Шина баттахь листира цуьнан дов кхелашкахь. Эххар Сауытбайна дихкира дIасалела, амма махкара ара ца яьккхира иза. Казахстанехь тховкIло каро шен аьтто ца баьлча ( пачхьалкхан инстанцеша юхатохар цуьнан дехарш) и зуда шен доьзалца цхьаьна дIаяхара Швеце.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG