Кхааридийнахь Туркойчу воьдуш ву Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президент Пенс Майк а, пачхьалкхан секретарь Помпео Майк а Хонкарна тIеIаткъамбан, Шемарчу курдойн тобанийн позицешна тIелатар сацадайтархьама. Шинарийдийнахь дIахьедина цунах лаьцна Iамеркан президенто Трамп Доналда.
Iамеркано тIедожадо тIом сацабар, нагахь йолийна операци юкъах ца яккхахь, шаьш шога санкцеш дуьхьалйохур ю аьлла, билгалдаьккхина президенто.
КIайчу цIийнан информацица, Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца къамеддан лерина ву Пенс Майк. Хонкарахь хир ду церан цхьанакхетар.