Омарова Саида
Дагестанерчу студенташа чоьхьарчу гIуллакхийн министре дина хеттарш
Мехкан чоьхарчу гIуллакхийн министр Магомедов Iабдурашид веанера Дагестанан университетерчу юридикан факултетерчу студенташца къамел дан, амма цхаьнакхетар дирзина девне.
Дика доьшуш болчу студентех ларало Абдуллаев Iумарпаша. Цо хаьттира министре, стенна ю махкахь коррупци, стенна ца кхоллалора полицин цхьана а тайпа гамо «мохк шерашкахь биинчу», стохка миллионаш лелчкъорна лецначу Дагестанерчу хьаькамашка.
«2018-чу шарахь бехктакхаман девнаш айдира Дагестанерчу хьаькамашна дуьхьал, вара цалахь премьер-министр Гамидов Iабдусалам а. Иза 17 шарахь Iийра финансийн министр, 5 шарахь – премьер-министр. Стенна ца гора цо ден зуламаш мехкан полицина? Кест-кеста шун белхахоша къиза етта цхьа а бахьана доцуш мискачу наханна, масала, Тарумовски кIоштан пенсионерийн декъан куьйгалхочунна [Абдурашидов Омарна]. Иза Зазадоккху-баттахь лецира, террорхошна ахча латтийна аьлла, къиза йиттинера. Ши шо хьалха хьо вуьгуш йоьдучу машенийн ковра йоьдуш хиллера цхьаннан машен, хьан ха тIаьхьаделира, хьан белхахоша йиттира оцу машенан дена. Иза стенна нисделира?» - хаьттира Абдулаевс, гонахарчу студенташа, баккхийбеш, тIараш а детташ, яздо «Черновик» газето.
Оццу студента хаьттина министре, ХIинжа-ГIалин мэрна Амиров СаIидна муха магийтина ша лаццалц, дуккх а шерашкахь зуламаш лело.
Цхьана а хаттарна жоп ца делла министра Магомедовс, хьехар дина студентна, цо мел дуьйцург прокуратуре дIакхачо. Ткъа юридикан факультетан декан Магомедов Шахтемир юхьанца дIасацо гIиртина студент Абдулаев. Иза хеттарш дечуьра ца сецча, хадечу белхахошна омра дина студент чуьра араваккха.
ТIаьхьо студент Абдулаев доьшучуьра дIаваккха гIоьртина декан, дуьйцу тешаша. Амма иза бакъ дац, аьлла Дагестанан пачхьалкхан университето.
«Кавказ.Реалиино» хаьттира Дагестанерчу доьшийлийн студенташка, хIун хаттар дийр даца цара шайн мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министре, иза дан аьтто баьлча.
Оьрсийчоьнан бакъонийн академин Дагестанерчу филиалан студент Мохьмадхьабиб
- Ас хоттур дара, полицехь болхбеш, чевнаш а хилла, заьIап бисинчу наханна гIо стенна ца до. Сан шича ву 36 шо долуш, полицин лерринчу ницкъашкахь къахьегна цо, 8 шо ду заьIап висина. Цхьана операцехь чов йира цунна. Кхин болх ца балуш висина, шен бер кхаба таро а яц, я шен хIусам йолуш а вац иза. Министр а, цуьнан белхахой а 3-5 миллион мехаш болчу машенашкахь дIасалела. Пачхьалкхо еллачу хIусамашкахь беха уьш, шайн долахь цIенош а ду церан, ткъа сан шича санна болу пекъарш хIумма а доцуш буьсу.
Зарема, хинйолу филолог, 2-чу курсан студент
- Ас хоттушдерг-м дац я хаттар а, дехар хир дара сан министре. Суна бевзачу полисхошлахь стагга а вац дешна. Дукха хан йоццуш гира суна куьпанна тIехьожучу цхьана полисхочо стаг бехкевеш кехат хIоттош, сан «бIаьргех цIий делира», суо филолог хиларе терра, цуьнан декъаза йоза гича. Цхьана дашца кхо гIалат яздеш волу стаг муха вуьтур ву полицехь болхбан, Iедалхочун васт шена тIеэца? Муха къастабо министро балха оьцу нах, стенна ца хотту цара мел, мичахь дешна? Кехат-документ хIотто мукъане а Iамадахьара цара шайн белхахошна.
Iабдулхьаким, Дагестанан медицинан университетан студент
- Министре а, нах хьийзош болчу цуьнан белхахошка а хатта дезара, муха кхета царна наб, шайн бераш муха кхиадо цара. Хьайн бIаьргашна ца гича, кхетар вац республикехь лелалчу къизаллах. Суна даима а хезарг ду, наркотикаш, патармаш кIелкхийсина, нахана йиттина. Сайн бIаьргашца гина суна ши шо хьалха цара йиттина вийна стаг. Оцу кIентан гергарнаш-м стенна буьйцу, со а Iадийнера оцу суьрто. ХIунда, стенца хьийзо веза стаг, оццул дера чевнаш а еш. Уггаре доьхнарг ду цхьа а оцу бахьаница таIзар кIел вуьгуш вацар, оцу вийначу кIентан гергара нах бахьа а ца баьхьира хиллачух лаьцна арздан.
Заира, художник-дизайнеран доьшийлера студент
- Маца сацор ду полисхоша кхаьънаш эцар? Иштта хир дара сан хаттар. Къаьсттина некъаш тIехь лаьттачара. ХIора дийнахь бу некъахьовзамаш, дуккха а нах ле. Маца сацор ду машен лело бакъо ахча а луш эцар? Некъаш тIехь лартIа ца лела нах, амма дукха хьолехь 500 сом а доккхий буьту, полисхочо зулам диначун машена чу а хуьий, кхаъ оьцу. Иза маца чекхдер ду?
Хадижа, Петарбухарчу пачхьалкхан университетан дешархо, дагестанхо
- Министре ас цхьа хаттар дийр дара. Аш маца болор бу шайн болх? Маца совцур ду зуламхошна «тхов» латточуьра, кхаьънаш оьцучуьра? Терахьашна тIаьхьадевлла а ца лелаш, болх бен кеп а ца хIиттош, маца долор ду аш шайн декхарш кхочушдан?
Сайгидгусейн, Дагестанан университетан студент
- Полици маца соцур ю низамаш дохочуьра? И хаттар дийр дара-кх ас министре. Низам лардан декхаре болчу наха шаьш талха ма до иза. Ца гина суна цара баккъал а бехкеволчунна таIзар деш, цаьргара бахамаш дIабохуш. Пачхьалкхехь низам муха лела, иза хила а ца хилча? Низам лардан декхаре болучара шаьш иза дохош хилча?