ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гадаев Мохьмад-Салахь. Орцара гIов

Гадаев Мохьмад-Салахь

Орцара гIов

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:01:41 0:00
Линкана тIе

ТогIи ма тийна ю, лечкъинарг санна.
Юьрто а доьгIна ла. Стенга? – Хаац.
Дийнаташ хьулъелла ерриш баннашка,
МаьркIаже лестина Iаьржа Iаннашка.
ТогIи чохь лергана Iеб-себ хазац.

Амма арц лекхало, башха гIов даьлла.
ТIаьхь-тIаьхьа чIагI а луш, орцахь гIов ду.
Iарж-Iаржлуш, мархаш а сихъелла керча,
Лах-лахлуш, аьрцнийн уьш кIуьнцалгех хьерча,
Наг-наггахь кхоссалуш лайн чим а бу.

Дарц дала-м доллура, шеко а йоцуш,
Даьлча а дацара керла иза-м.
Вуьшта, и башха сурт массо нисделча,
Даккъийн гIов цIийзарехь экхах тарделча,
Сиэ хIунда хьовзаво селла къиза?

ТогIин тап дазло тIе, хьаьшна ведвалла,
Мархел а чхьагдолий, дог тохало.
Гуш доцчу машшашца дегIах а хьаьрчий,
Дай баьхнарг йиц а йой, безаман баьрчче
Орцарчу гIовгIано уоза дIа во.

Стенга во? Стенна во? – къаьсташ ца хIутту,
Орцарчу гIевланахь дерриг а дов.
Доллучул башханиг – деза и кхехкар,
Герга а диталац шена и дехкар, –
Моз санна, марзло и орцара гIов.

Композитор хилча изза сурт хIотто,
Аьрцнийн цу декарах эшар йича,
Цуьнга ладогIархьама, говрахь-гIаш доцуш,
Некъ хилар, цахилар чоьте ца лоцуш,
Ваьлла дIагIур вара, доцуш «мича?»
XS
SM
MD
LG