ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шаьш нахах мел теша гойту цара»


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхийн министр Ибрагимов Iиса а
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхийн министр Ибрагимов Iиса а
Романова Софья

Электрошокерца нах хьийзийначу Кадыров Исламна министр Ибрагимов тIехIоттар дийцаредо Нохчийчохь

Соьлж-ГIалин мэр волчу заманахь наханна гIелонаш ярна а, маьттаза тIечехарна а деношкахь мехкан телевизионо гезваьккхина Кадыров Ислам бакъвеш, «аферисташна электрошокерца ток еттар а кIезиг ду», аьлла 27 шо долчу Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхийн министра Ибрагимов Iисас.

И йоза цо хIоттийна «Грозный» телеканалан белхахочо Ахмадов Чингиза йинчу, интернете йиллинчу репортажна буха.

Iедалан белхахоша комментареш ца еш йитина Кадыров Исламера мэр волуш йийлина сонталла. Ткъа ца ваьлла вистхуьлучо билгалйоккху шен гергарчу стагна а харцо юьтур йоцуш волчу «Кадыров Рамзанера юьйлу нийсо».

Делахь а цхьа Ибрагимов ваьлла хьаькамашлахь зударшна электрошокер йиттина экс-мэр бакъвеш.

«Кавказ.Реалиино» хаттар дира Нохчийчуьрчу бахархошка, кегийрхойн министра Ибрагимовс дуьйцург царна мел нийса хета зуьйш.

"Вайн адамаша тIех дайдой тIеоьцу стагна гIелояр. Сов зуламе а ца хета ишта къамел, иза могIарчу стага дича а, хьаькамо дича а. Ткъа хьакамашна-м массо а агIор бакъо ю елла цивилан дуьненахь аьндоцург ала», - боху программиста Салмана.

Ибрагимовс аьллачух ша цец ца ваьлла, «массарна дагадогIу Собчак [Ксения, журналист, Оьрсийчоьнан президентан дарже кандидат йолуш] махка еача, оцу министран ваша велахь а, я кхин цхьа гергара стаг велахь а, цо хIоттийна ирча сурт, - дагалоьцу Салмана.

Берийн бешахь болхбечу педагогна Мадинина хетарехь, Ибрагимовна «аферисташ» бу махкара массо а бахархой, цхьа хьаькамаш боцурш.

«Шаьш нахах мел теша гойту цара, нахах «аферисташ» аларца. Гойту, шаьш муьлш ду. Кадыров Ислама лелийнарг телевизионехула гича, мел ца хууш волучунна а хаа декхар ду муха бу кхузара куьйгалхой. Шаьш санна болучарна тIехIуьтту уьш, бакъйо цаьргара юьйлу харцо», - боху Мадинас.

Кадыров Ислама шена къинтIера даккха деза къам, изза дан деза цунах хьаькам веш мел леллачо а, тешна ю «Кавказ.Реалиица» къамелдина Хеда. «ХIан-хIа, кхара аьшпаш буьттур бу, я гIара дIайижжалц тап-аьлла Iийр бу. Амма наханна кхин цкъа а ги шаьш Iедална хьалха хIумма а йоцийла», - билгалдоккху Хедас.

Цунна хетарехь, «Нохчийчоь», «низам» боху дешнаш генадевлла вовшашна, эрна а, беламе а ду «Нохчийчохь низам ца лела» бахар, стагга а вац и хьал ца девзаш».

"Бакъо а, нийсо а массарел а дукха хьехайо уьш талхош хьийзачара. ДЦа лела кхузахь низамаш, шайн-шайна рицкъ лахар, ша-ша дийна висар ду хIоранна а коьрта», - аьлла го махкара хьал Хедина.

«Республикехь массо а бу кхеташ лелачух: хаамийн гIирсашна лерина цирк ю иза, ткъа хIоттийнарг ву Кадыров Рамзан», - боху 25 шо долчу ресторанан белхахочо Хизара.

"Хууш ду и тайпа Iазап, хьаькамаша наханна тIекхийдар тахана а лелаш дуйла. Муьлххачу а хьаькамна цхьа некъ бен бац лела буьсуш – КадыровгIарна мотт хьекхар, цаьргара юьйлу къизалла бакъяр. Цара кхин хIун дийр ду? Ишта лелча бен аьтто ма ца болу ахча даккха а, шайн нах белхашка хIитто а», - боху жимчу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG