ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаламталлархо: ДуьнентIерачу ерриг индустрино а ца бехдо Латта, цхьана тIапломо, ша самабалахь, дендолчунца дуьстича


Чухарова Елена

Дуьне тIех дохлахь, хIун хир ду Кавказах? И хаттар дира "Кавказ.Реалиино" говзанчашка

Дукхахболу эксперташ теша дуьне хан хене мел йолу дохлуш хиларх, амма къовсаме дуьллу цара вовшашца оцу хиламна бухара бахьана. Делахь а, таханлерачу адамо сагатдан а ца оьшу: ца доьгIна цунна буьйцучу хьовзаман теш хила.

Iалам толлучу Iилманчас, Москварчу хьехархочо Валиев Маира, шен коллегашца цхьаьна Къилбаседа ХIирийчохь массех шо хьалха зийна, мел хийцалуш бу шерашца хенахIоттам максимумехь а, минимумехь а. ЖамIаш дуьстина 1960-2000-чу шерашкахь лаьттинчу хенахIоттамца.

«ХенахIоттамийн лакхара а, юккъера а терахьаш дуьхь-дуьхьал хIиттийча, ца карийра тхуна сов боккха хийцам. Лан торуш ю шераша гойту башхалла. Хийцаделла хIума дац бохург ду иза. ТIедогIучу 20 шера чохь а хир боцийла хийцамаш гойту цо. Банне а ца бохьу хено температурийн хийцамаш, ца боху ас – карош йолу башхалла хенахIоттамийн юккъерчу температурашца ю, боху. Амма цуьнан бахьана дозу гIаланашкарчу индустрин белхашца, цара туьллу мехкашна тIе и «йовхонан четар». Маьлхан жигаралла лакхаялар ду шолгIа бахьана», - дуьйцу Валиевс «Кавказ.Реалиига».

Iилманчас бахарехь, шерийн йохалла температура кIеззиг лакхаялар данне а дац кхераме. «Делахь а, Къилбаседа Кавказна проблема еш кхин ду - кхузарчу лаьмнийн шеш, уьш дешаш хилар. ХIуо дохлуш хиларе терра хийцало, лахло церан тархаш, амма дIаса ца даьржа лаьмнашкахула и шеш. Лаьмнашкахь шеш нисло дехьа-сехьа буьллуш, цхьаьнхьа беша, вукхунхьа кхуьу. Ткъа оцу хьоло латта меттахдоху», - боху цо.

Iамеркахь арадолучу «Жил-Iаламан хьал» журналан 29-чу лоьмарахь боху, Къилбаседа Кавказехь шерашца хийцалуш бу хенахIоттам.

"Оьрсийчоьнан Арктикехь, Якутехь, Магадан-махкахь, Къилбаседа Кавказехь (2016-2017-чу шерашкахь – ред.) даим хуьлучул 1,28% йовха яра аьхке. Къаьсттина лекха яра и билгало Къилбаседа Кавказехь», - яздо«Жил-Iаламан хьал» журнало.

Оццу хьостано дийцарехь, Къилба а, Къилбаседа а Кавказехь беккъа цхьана Охан-баттахь охьаяьхкина стиглара шарахь йогIучу йочанийн 60%.

Авторша ца довзуьйту, стенца боьзна бу и хийцамаш.

Сагатдан хIума дац, боху ХIирийчуьрчу гидрометцентрехь. «Аьхкенаш даимчул сов йохъялар дуьххьара хуьлу хIума дац, изза хилира 2006-чу а, 2009-чу а, 2010-чу а шерашкахь. 3-4-5 шерашкахь иштта нисдалар доьхна дац. ХIора шо хуьлу шен башхалла йолуш, амма температурин юккъера барам ца хийцабелла шерашкахь. Цундела ала дац кавказхошна «дуьне дохделла», - дийцира «Кавказ.Реалиига» синоптико Сухова Светланас.

«ХенахIоттамаш хийцалуш бу, дуьне дохлуш лаьтта» боху Iилманчаш дуккха а бу. Амма царна ца го, хийцамна духьало еш, адамо дан дезарг.

«Маьлхан жигараллина вайн дан хIума дац. Гонах стигал йох ца ярхьама, лагIбойла ду индустрин белхаш, стигал кIурз кIезиг оьхуьйтуш. Амма дуьнентIерачу ерриг индустрино а ца бехдо Латта, цхьана тIапломо, ша самабалахь, дендолчунца дуьстича. ТIаккха далхо а оьший «дуьне дохдалар»?! – Аьлла ду Валиевн жоп-хаттар.

Эксперта бахарехь, «хIуо даар», даьхний лелор гIудане дилла йиш ю, Малбузерчу цхьайолчу пачхьалкхашкахь санна. «Вайна дагадогIу ваьш фреонца къийсам латтийна, цо озон-хIуо хIаллакдо, бохуш. Ткъа тIаьхьо гучуделира иза, фреон а ца тухуш, молханаш, басарш кечдечу совдегарша шайна дуьхаллаьтта конкуренци малъярхьама юкъадаьккхина туьйра хиллийла», - боху Валиев Маира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG