ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат Ашимов Марат: "Къаьсттина бусулбанашна ницкъбо набахтехь"


Мордовера божарийн колони
Мордовера божарийн колони

Интервью кечйина Азатлык Радион корреспонденто

Мордовин Сосновка олучу меттигерчу лоьмар 7 йолчу колонехь тутмакхаша мацаллин протест кхайкхинера. Цхьа кIира даьлча, кху беттан 9-чохь, юкъахъяьккхира протест. Карарчу шеран Чиллан-баттахь керла хьаькам Сергушкин Сергей хIоттийра набахтехь, хIетахь дуьйна тутмакхийн хьелаш талхийна аьлла хета. Цхьахволчу тутмакхан адвокато Ашимов Марата Азатлык Радиона еллачу интервьюхь дийцина, тутмакхаша мацалла кхайкхоран бахьанех а, колонин куьйгаллица берта бахарх а.

- ХIунда юкъахъяьккхира тутмакхаша шаьш кхайкхийна мацаллин протест? Колонин куьйгалхошца барт хилла церан?

- Хетарехь, билггал цхьана берта баьхкинчух тера ду. ХIунда аьлча, тергамчийн комисси яханера цига дахначу шинаридийнахь, тахана а тхан йозуш йоцчу организацин цIарах Мордовера йоккха тоба новкъаяьлла цига яха. Оцу организацин векалш набахтешкахула лела, церан бакъо ю массо а камерашчухула чекхбийла а, хеттарш дан а. Суна хетарехь, цхьана кепара барт хилла цигахь, цундела мацалла сацийна цара массара а.

- Ткъа мича бахьанашца кхайкхийнера цара мацалла?

- Цхьа бахьана дара – набахтера гIад дайна хьелаш. Камераш чохь готта ду, шийла ю, тIуьна ю. Юург-мерг ледара ю. Лоьрашкара дарба ца кхачадо, молханаш яц луш. ШолгIа аьлча, кест-кеста тутмакхийн бакъонаш хьоьшу. Бехк-гунахь а доцуш, гIуданан изолятор чохь латтабо, и стаг могуш велахь а, вацахь а. Лоьрийн гIо кхачош данне а дац. Чолхе цамгарш токхуш нах бу набахтехь. Цхьаннан, масала, эпилепси ю, вукхуьнан букъдаьIахк ю лазийна, кхоалгIаниг цIе ца йоккхучу лазарца ву. Уьш берриш а эхашерачохь, цхьаберш-м дийнна шарахь а латтабо ШИЗО-хь.

Цхьа таджикхо ву хан токхуш, масех шо а ду иза камера чуьра ара ца волуьйту. Цуьнан психикана тIеIаткъамбина, лазарш оьху цунна. Дарба дан догIура оцу тутмакхна, орца кхачон дезара цунна, амма хIете а чохь латтош ву иза, ара а ца волуьйтуш. Оцу хьелашна латкъамаш бо тутмакхех дукхахболчара. Ас Фейсбукан агIонехь а яздира цунах лаьцна шуьйрра.

- Ахь яздинера, мацалла кхайкхиначех дукхахберш бусулбанаш бара аьлла. Стенца доьзна хета хьуна и хьал? Колонехь дукха бу бусулба тутмакхаш? Йа массо а набахтешкахь лаьтта-те цу кепара ситуаци?

- ХIаъ, боккъал а, бусулбанаш алсам бу набахтешкахь. Къаьсттина шогачу билламашкахь нисло кавказхой. Церан шайн менталитет ю, цаьргара цхьаъ далахь а - таIзаре хIиттабо уьш.

- Адам кхетон, меттадало колони яц иза, цига цхьана Iалашонца хьийсош бу бусулбанаш ала гIерта хьо?

- ХIан-хIа, массо а колонешкахь аьлча санна ду хIара хьал.

- Ахь охьадагардина бахьанаш доцург а, бусулбанаша набахтехь шайн дин бахьанехь а лов халонаш. Масала, ламаз ца дойту, церан ламазан кузаш бехдо, хьакханан жижиг доуьйту. Массо а колонешкахь лаьтта-те ишта хьелаш?

- Набахтен куьйгаллех доьзна ду и дерриг а. Нагахь санна, хьаькам лартIахь адам делахь, цо ницкъбийр бац, таронаш лур ю царна дин лело. Нисло набахтешкахь провокацеш лело белхахой а. Масал далор ду вай, тутмакх ламаз деш ву-кх, хаьа-кх цхьана шина минотехь собар дан дезий, цуьнца къамелаш ца деш. Ткъа набахтен белхахо хIуьттаренна тIе а вогIий, хIара де, важа де бохуш, тIедахкарш дан волало. Лаьцначо кхочуш ца до цо бохург, ша валлалц. ТIаккха цо низам ца лардийна олу. Ткъа мархийн Рамадан бутт карабеача, царна хьакхин жижиг латтадо. Колонеш а ю кеп-кепара. Амма ишта бусулбанашца хIуьттаренаш лелор билггал долуш ду.

Дукхачаьрга ца лало цу тайпана хIиттийна хьелаш, тIаккха буьйлало тутмакхаш шаьш шайна тIе куьйгаш дахьа: суицид, пхенаш хедор. Ца хуьлчу даьлча мацалла кхайкхайо массара а, цхьа барт а бой. ТIаккха хаа ду-кх, оцу стеган кхин некъаш ца хиллийла.

- Дуккхаъчара зорбане даьккхинера, мацалла кхайкхийнарш таджикаш бу аьлла, ткъа хьайн йозанехь ахь дийцарехь, гIезалой а хилла цаьрца. Дукха барий гIезалой?

- ГIезалой дукха бацара. Соьгарчу информацица, дукха хьолахь, азербайджанхой а, таджикаш а, узбекаш а бара. Дуккха а кавказхой а – эрмалой а гуьржий а бара. Соьга дийцарехь, шиъ хилла моьтту суна цаьрца гIезало.

- Мордоверчу набахтешкара кхочу даим а, доккхачу декъанна, цу кепара хаамаш. Стенца доьзна ду-те иза? Цигахь колонеш дукха хилар ду-те иза, йа Мордовехь къизаллаш бусулбанашна дуьхаьлъяьхна ца Iаш, масаьрца а лелош ю? Pussy Riot феминистийн боламан декъашхо Толоконникова Надежда а латтийр-кх Мордовехь.

- ХIаъ, цо а хан яьккхина цигахь. Тайп-тайпанчу тумакхашка ладоьгIча, цара массара а боху Мордовехь ирча хьал ду. Кхечу колонешкахь долчуьнца дуьстича, Мордови ца тов царна. Бусулбачо а, бусулба воцчо а, массара а далхориг цхьаъ ду - Мордовехь шогалла ю.

- ТIаккха стенца доьзна ду и? Ишта ламаст хилла дIахIоьттина цигара ситуаци, мила ву бухбиллинарг а?

- Хила тарло, ламаст а. Колонеш цигахь йолу дуккха а заманаш ю, и низамаш а хIетахь дуьйна схьадогIуш хила а тарло. Ца хаьа суна билггал дерг. Кху кIиранчохь и доллу хеттарш дийцаре а деш, конференци ю Саранскехь хIоттош. Москварчу таIзар кхочушдаран федералан урхаллера (УФСИН) векалш а хир болуш бу цигахь.

- ТIаьххьарчу кIиранашкахь колонехь хилла инцидент бахьана долуш вовшахтухуш-м яц и конференци?

- Яц, ша ишта нисделла. Мордовехь беха бусулбанаш бу иза вовшахтоьхнарг, дикка хан а яра цунах дуьйцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG