ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъахIирехь лецна латточу гIалгIашна тIекхача гIерта Оьрсийчоьнан дипломаташ


КахIирера маьждиг
КахIирера маьждиг

КъахIирехь лецна латточу гIалгIашна чохь бахко луш йолу хан дIаяхъяр луьстучу кхеле кхача бакъо яц Оьрсийчоьнан дипломатийн – иштта ду лецначех цхьаьннан дас, Аушев Мустафас, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле деллачу хаттарна дуьхьал кхаьчна жоп.

ВоI лаьцначуьра мукъаваккхийта гIертачу дега дипломаташа аьлла, КъахIирехь лецна кхобучу гIалгIайн студенташна ( цаьрца ву Аушевн кIант) хьалхо чохь бахко яхйина хилла хан кхачало кху беттан 22-гIачу дийнахь.

"Хьан воIца цхьаьна лаьцна йолу Оьрсийчуьра яхархо Салиходжаева Зулзумор бехказйоккхуш бина сацам беккъа оцу зудчух бен бац хьакхалуш, ткъа цунна а арздина прокуроро. Лецна латточу Оьрсийчоьнан бахархойн, шайлахь хьан воI а волуш, йоьду бехкталламан процесс чекхъяланза ю», - аьлла ду Москвара чоьхьарчу гIуллакхийн министралло даийтина кехат.

ГIалгIашна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло делла жоп
ГIалгIашна Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло делла жоп

Дипломатин урхалло боху, ша Мисарарчу Iедалшка дехар хьажийна набахтехь латточарна шен векалш тIебитар доьхуш. Иштта цо хоуьйту, Мисара сихха Оьрсийчоьнан бахархой дIахеца ша декхарейинийла а.

Ал-Азхар университетехь доьшуш волу Аушев Илез, Дзейтов Iела, Чемурзиев ИсмаьIал, Плиев Рамзан бехкево КъахIиро экстремизм яржорна. Стохка аьхка лийцира уьш. Цаьрца цхьаьна лаьцначу пхоьалгIачух, Дугиев Хизарх, хилларг дац хууш тахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG