ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIах-аьлла хилар: ша охьа цатаIавайтар, «доггIург дIадалар»


Идрисова Бирият

Кавказера къонахий муха хила беза къастийра Москвахь

Германерчу Гётен цIарахчу синбахаман центро а, Бёллан фондо а вовшахтоьхна барам бу Москвахь боьдуш – «Къонах хилар» цIе йолу дискуссеш. Кхин а цхьа тема ю йийцаре яьккхина: «Къам а, боьрша стеган хатI а».

Зударийн а, божарийн а башхаллаш зуьйчу талламчаша Дитце Габриелес а, Костерина Иринас а йовзуьйту теманашкахь хьахийначу боьршаллин къайленаш, дуьйцу, муха лела и ниIматаш Германин а, Къилбаседа Кавказан а масалшкахь.

Дитцес дагалецира Кёльнехь 2015-чу шарахь иккхина «боьршаллин ун» - мигранташ немцойн зударий хьийзо бовлар. Германино дийцадаьккхира Малхбалера баьхкина боьрша нах эвхьазбевлла хьийзар.

Ткъа Костеринас хаийтира, Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь бинчу талламашкара масалш а далош, Кавказера боьрша нах хийцалуш хилар.

Iилманчас дийцарехь, Оьрсийчохь паччахь волчу заманахь а, Советан Iедалан хенахь а «воккха ваша» олура оьрсичух, дисинчу къаьмнех – «воккхачу вешина» сов дагабоьхна а боцу «кегий вежарий». Оцу къестамаша цабезам буллура шина «вешина» юкъа. Цабезам цкъа а ца сецна кIарглучуьра, кхуьучуьра, бохура Костерина Иринас, дуккха а масалш а далош.

Цо дагалоьцу массех шо хьалха Якутехь Азера баьхкинчу божарша меттигера зуда хьийзийча, бахархоша протест айар. «Кхузахь хIун дара коьртаниг? Мигрантийн бакъо яц якутийн зударий хьийзо, амма «ю бакъо» уьш хьийзо бухарчу якутийн». ГIаттамна наха бухадиллинарг, хазош дацахь а, и дара, аьлла хета талламчина.

«Къилбаседа Кавказерчу бахархоша шайн регион ца лору Оьрсийчоь, Оьрсийчоьно а ца лору Кавказ Оьрсийчоьнах тера» - чIагIдо Костеринас. Цо бахарехь, мила ву боьрша стаг, къонах боху кхетамаш а бу божарийн башхаллаш йолуш, шен лар юьту оцу кхетамна тIехь гIиллакхаший, Iадаташий, ткъа уггаре хьалха бусалбанаша цунна буха дуьллу дин. «Кавказерчу боьрша стагна коьрта ду тIах-аьлла хилар. Иза ду – «доггIучохь» дуьхьалояр, «яхь дIа цаялар», «боьршша жоп далар,» - иштта го Iилманчина кавказхочун амал.

Амма, боху Костеринас, йоккха юкъ ю кIоначий, гIеметта болчуй кавказхошлахь – 30 шарал жима волчунна дин деза ду, амма цо тIе ца оьцу баккхийчийн кхетамаш. «Кегийрхойх цхьаволучо олу: «Суна сайн да масал ду, амма цуьнгахь тоъал дац ийман: маларх кхеташ ваьхна цкъа мацца а ваьхнехь а, ламаз даима ца хилла деш». Къоначу чкъуранна массо а амалел деза ду стаг динца хилар. Оцо къастайо цуьнан кхетамехь къонахалла», - боху талламчас.

Цо дийцарехь, хийцаделла Кавказехь зудаялорца дерг а: кегийрхоша еккъа шайгахь бен яц боху шайна зуда харжа бакъо. Амма нана зудчул а еза ю Кавказерчу борша стагана, Костеринас дийцарехь: дов къасточохь цо, шеко а йоцуш лоцу ненан агIо.

Хийцалуш ю къоначу чкъуран шайн берашка хуьлу йовхо а: къоначу дайн алссам балакхочу шайн бераша дечун, лелочун, къасточу некъан, цо бахарехь.

"Ас хаьттира кхаьрга (кегийрхойн суьрташ гайтира Кастеринас бараме баьхкинчарна): «Ур-аттала болх тоьаш а йоцчу, маршонаш ледара йолчу Кавказерчу къаьмнех шаьш хилар стенна хета шуна деза?» Жоп делира: «Тхо тхешан тайп-тукхам а долуш, гергарлонаш а лелаш нах ду. Ас юха а хаьттира: «Шуна массарначул а хала ма ду боьрша нах-кавказхой хилла даха», жоп дара: «Тхуна дика хета тхешан белшаш тIехь жоьпалла лаьтташ, оцо дахчадо тхо, мехаллехь совдовла дезийла хоуьйту», - бовзийтира Костеринас ша бина таллам.

Зудчунна-Iилманчина гарехь, Къилбаседа Кавказехь кхуьуш бу стогаллин мах, жимчу стагна ша-шех жоп дала лаьа, «массарна а дерг – ловзар» боху коллективан кеп-бехказалла тIе ца оьцу цара, массо а жимстаг ву Кавказехь синан, дегIан таронийн ирхенашка, шатайпаналле гIерташ, билгалдаьккхира Костеринас.

Хьажа комменташка

Кхачам боллуш Iамош а, лелош а буй ненан мотт Нохчийчохь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG