ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхо: «Къера а хилла, зулам тIеэцча, чехкка таIзар до Нохчийчохь»


Айдаев Ислам

Зуламаш махкахь, ерриг а Оьрсийчоьнца дуьстича, 5-зза, 6-зза кIезиг до, элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо деношкахь полицин а, Росгвардин а хьаькамашна хьалха. Юристаш а, бакъоларъярхой а ца теша цо далийначу терахьех.

"Бехктакхаме зуламаш Iорадахар 88,7% ду – иза Оьрсийчоьнан массо а регионашкахьчул лакхара терахь ду. Массанхьачул а кIезиг до вайн махкахь шаьш зуламаш а – 100 эзар бахархошлахь зуламдинарг вац 218 стаг бен, и терахь а ду Оьсийчохь уггаре лахарниг», элира Кадыровс.

85 субъект ю Оьрсийчохь. Инарла прокуратурин портало бахарехь, стохка динчу зуламийн терахьашлахь 80 меттехь ю Нохчийчоь.

Амма цхьа башхалла ю и тайпа терахьаш гулдарца Оьрсийчохь: наха яздинчу аьрзнех, полисхоша хIиттийначу кехатех IаьIа уьш.

3330 зулам документашца билгалдаьккхина Нохчийчохь шарахь, царех 1625 кхерамечех а дац, юккъерчу барамехь зен дина 648-зза, деза, луьра зулам ду 204.

Зуламийн башхаллаш зийча, го Оьрсийчоьнан субъекташлахь Нохчийчоь терроран зуламашца даима а санна шолгIачу меттехь нислуш хилар (хьалхара меттиг шегахь кхобу Дагестано) - Бехктакхаман кодексера 208-гIа артикл (низамехь йоцу тIеман тоба кхоллар а, цуьнан декъахь хилар а).

Иштта вовшахтоьхначу статистико ло Нохчийчоьнна «уггаре маьрша» мохк шех ала таро. Амма хаттар лаьтта: Мегар дуй теша Нохчийчуьрчу Iедало «лакха» хьалалучу терахьех?

«Шеко яц республикера низамларден система коррупцино лаьцна хиларх»

Iилманчас, Москварчу Пачхьалкхан Университетан географин факультетеречу экономикан, социалан кафедрин профессора Зубаревич Натальяс, «лартIехь статистика Къилбаседа Кавказехь ян а яц», элира «Кавказ.Реалиига».

Iедало гойтучу зуламийн статистиках тоьшийла дац аьлла хета юристаш дуккха а бу.

"Республикехь низам латто охIла бина нах, церан ерриг а система, коррупцина кIел ю – лакхара охьакхаччалц. Коррупци – иза деккъа дIа ахчанаш оьцу бохург дац, дина зулам къайладахьар а ю коррупци, харцо буха а юьллуш таллар а ю коррупци – и дерриг а лелаш ду Нохчийчоьнан низамлардечу урхаллашкахь. МаьIна дац наха дина кег-мерса зуламаш ститистике даха, даккхий зуламаш дийраш белшаш тIехь седарчий долу нах хилча. Нахе низам ларде бахар а беламе долу мехкан куьйгалхо ша и низам диллина дохош лелча: журналисташна, бакъоларъярхошна, массарна кхерамаш туьйсуш хьийза иза», - элира Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъечу адвоката Караваев Александра.

Статистика «талхориг» къайла а хьош, мохк бIаьрла гойту терахьаш даржа а деш, деха Нохчийчуьра Iедал, аьлла хета «Iазапна духьалоечу комитетан» Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочунна Пискунов Дмитрийна а.

"Масала, соьгахь долчу тоьшаллаша бахарехь, некъахьовзамех 20-40% документашка язбеш а бац – «статистика цаталхорхьама». Хилла зен меттахIоттадайта лууш, машенийн дайша некъахьовзам документашка баккха аьллача, инспекторша кхерам тосу, шаьш машен дIа а йоккхур ю, дIа ца луш беттанашкахь шайгахь а латтор ю, олий. ТIакха нах реза хуьлу доллучунна а, машен йоцуш ца биса, хилла зен Iедале ахчанца меттахIоттадайтархьама. Хьо дасагIо полицин дакъошкахула, церан гIишлошна хьалха гур ю хьуна дуккха а йоьхна лаьтта машенаш – уьш ю уьш, дайша документаш хIиттадахьара аьлча,цаьргара дIаяьхна латтош ерш», - боху Пискуновс.

"Статистика бех ца яйта"

Пискуновс бахарехь, дечу зуламашна гонах а лела изза. «Статистика ца йохийта, документашка ца дерзош дуьту хилла я дина вонаш. Масала, телефон яйнехь, лачкъийнехь – иза карон хала дац, IMEI-система ю цунна аьтто беш. Иштаниг дIаяздийр ду полицино, толлур ду. Ткъа лачкъийна тоьрмиг, хала ду зуламхо карон – документаш а ца хIиттош лохур бу тIоьрмиг, зуламхо а карор ву, амма стенна «бехъеш» ю статистика! Схьакарийначу къуьна а дийр ду таIзар, амма доккхур дац хилларг кехаташна тIе. Кег-мерса зуламашца иштта болхбо массанхьа а. Лаьцнарг воккхур вац хилла зуламаш дIаяздечу тептара, амма, масала, хIоттор ву полисхойн машен йила я урамашка нуй хьакха», - йовзуьйту юриста полицин «къайленаш».

«Уггаре коьртаниг –динчу зуламал дуккха а совдоккхий таIзар деш хилар ду. Хьо дIавига тарло, баттахь а, шина баттахь а полицехь кхаба, документашка язвина а воцуш, тарло етта, хьийзо. Нагахь санна ахь, бехк хьайн бацахь а, еш лаьтта гIело лан а ца елла, хьуо бехке ву аьлла, кехат яздахь, хьох хьайн лаамца къерахилларг во – тIаккха дов гIаттор ду, чувуллур а ву набахте. Иттаннашкахь кхаьбна нах бу суна хууш, дина кIадда а доцуш, амма шаьш шайна бехкедийриг шайгара даьлла алар бахьана долуш, набахтехь бохкуш. Нохчийчоь ю ас юьйцург. Оцу харцонаша некъ ло полицина зуламийн статистика лахъян а, зуламашна тIаьхьакхиар «лакхадаккха» а, - боху Пискуновс.

Дуьйцу фактех, статистиках лаьцна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу белхахошца къамелдан лиира «Кавказ.Реалиина», амма мел дукха еттарх а, схьа ца ийцира цигахь телефон.

«Тоьлла терахьаш ду кхузахь, уьш хуьлу Iедало а, полицино а, юкъаралло а бертахь болх бича», - иштта жоп делира хаттарна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна гонерчу адамийн бакъонехула йолчу кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас.

"Нохчийчохь баккъал а хила тарло зуламаш дар лахделла – нах Iедалх чIоггIа кхерар а ду иза. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь динчу зуламан барам боккха бацахь, стаг гIуда текхна, чохь яккха йоцца хан кхайкхийна, кIелхьара вала тарло. Ткъа кхузахь бахархошна хаьа шайна еттар юй, шаьш тоьлеш чохь латтор дуйла, массо а кепехь нахала дохур дуйла – оцо а сацаво стаг зулам дарх», - билгалдаьккхира Пискуновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG