ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу "Э" центран хьаькам вийнарш лецна хиларх хаам бина Талламан комитето 


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан сурт
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан сурт

ГIалгIайчуьрчу "Э" центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим вийнарш лецна хиларх хаам бина Оьрсийчоьнан Таллман комитето. Билгалдаккхарехь, уьш лоцуш дакъалаьцна Талламан комитетан а, ФСБ-н а, Росгвардин а белхахоша.

"ГIуран-беттан 6-хь Москох а, ГIалгIайн Республикехь а леррина операци дIаяьхьна. Цуьнан жамIца а догIуш, лецна леррина вовшахтохьначу зуламан тобанан куьйгалхо Полонкоев Хьасан а, ткъа иштта 5 декъашхо а", - аьлла ду Оьрсийчоьнан Талламан комитето бинчу хаамехь.

Хаам барехь, кхин дIахьош ду цу тIелатарна юкъахь хилла бисина нах лахар.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, ГIалгIайчуьрчу «Э» центран хьаькам Эльджаркиев ИбраьхIим а, цуьнан ваша Ахьмад а герз диттина вийра Москвахь Тропарево-Никулино кIоштахь Лахьанан-беттан 2-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG