ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили Зеламхин ваша: «РогIехь верг со ву»


Берлинехь вийначу Гуьржийчоьнан вахархочун Хангошвили Зеламхин вашас, 46 шо долчу Зураба, ша ву аьлла нах бойучу киллерийн Iалашонехь рогIераниг, The Times газете.

Хангошвили Зураба бахарехь, цуьнга и хаийтинарг ю кхерамзаллин сервис. «Соьга ларлуш хила аьлла, цундела со цкъа а ца волу ара суо цхьаъ», - боху цо.

Хьалхо шайн воккхаволчу вешин дахарх сингаттам къадийра цуьнан йишас Хангошвили Зайнапа. Цул сов, немцойн OstWest телекомпаница ша динчу къамелехь цо дийцира, шаьш хьалха Оьрсийчуьрчу Волгоград гIалахь дехаш, шен майрачух ФСБ-н агент ван гIоьртира цхьа нах, аьлла.

«Цуьнга [майрачуьнга] хIетахь бохура, Гуьржийчу а гIой, сан вешина, [Зеламхина] уллехь хила. Царна [ФСБ-на] лаьара, цо [Зеламхас] мел дийриг цхьамма диллина шайна хоуьйтийла – иза стенга воьду, цо хIун леладо. Сан цIийнда реза ца хилча, кхерамаш тийса болийра цунна, оцу бахьаьница тхо сихха дIахара цигара [Оьрсийчуьра]", – дийцира Зайнапа.

" Рамзана [Кадыровс] цхьаъ ваийтина, я цо цхьаъ дина аьлла ца хезна тхуна цкъа а. ФСБ ю дерриг а лелориг», - элира зудчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG