ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина а, кавказхой а: шеран жамIаш


Деркач Анвар

Кавказхоша тховкIело лохучу меттигех цхьаъ ю Украина. Амма тешаме яц оцу пачхьалкхо мигранташца лелаен юкъаметтиг.

ГIалгIачун дов

Кавказхойн дог-ойла хьаеш дара 2019-чу шарахь гIалгIа Сейнароев Салман лацар а, изоляторера иза дIахецар а. Цо дешин хIуманаш юхку туька яьхьина а, цуьнан хехо вийна, бохура талламо. Ткъа ша Сейнароев Оьрсийчоьнехьа болчу Донбассерчу сепаратисташца тIемаш бина ву. Шайхан Ушурмин батальонера шен накъост Тумгоев Тимур махках ца ваккхийта гIерташ а хьийзира иза хьалхо, ша лацале.

Тумгоевх дерг аьлча, иза дIавелира Украино Оьрсийчоьне, сихха кхел йира цунна Ростовхь, 18 шо кхайкхийра Шемарчу диктаторна Асадна дуьхьал тIом бина аьлла.

Дукха нах бара кхеташ Сейнароевн дов могIарчех доцийла. Кхеле веара ГIирмарчу гIезалойн Мажлисан лидер Чубаров Руфат а тIехь. Цо а, батальонан буьйранчас ЧIебарлойн Муслима а дийхира гIалгIачух долу жоьпалла шайх тешор.

Лаьцна шо гергга хан яьлча дIахецна Сейнароев Салман – талламчин аьтто ца баьлла иза бехкехиларх Iедал тешон. Кечдина тоьшаллаш дац тоам боллуш вовшахтоьхна – шина кхело аьлла ишта, реза ца хилла дов листа, прокуроре юхахьажийна материалаш.

Яхначу гурахь Украинерчу бакъоларъярхоша сацамбира шайн пачхьалкхо дIавеллачул тIаьхьа Оьрсийчоьно набахте хьажийна волу Тумгоев юхавалавайта гIорта – дехна иза Донбассехь йийсаребинчу оьрсийн тIемалойх хийцар. Амма цкъачунна хууш дац, юхьаръэцна я ца эцна Украинан къайлахчу сервисаша и дехар.

Кавказерчу бIаьхойн сатийсамаш

Шайх Ушурмин батальон деа шарахь лаьттина тIеман аренашкахь, дукха хан йоццуш Украинан тIеман министралло динчу буьйраца а догIуш, охьадиллина цо герз. Амма «Кавказ.Реалиигахь» йолчу информацица, тIеман дозанна гергахь беха батальонан бIаьхой-кавказхой кийча бу ма-эшнна пачхьалкхан гIароле дIахIитта.

Украинин маршо ларъян кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу тIемалошна мехкан паспорташ даларх долу президентан Зеленский Владимиран омра къаьсттина тайна Шайх Ушурмин батальонна. Оцу документо лучу аьттонашна бух кечбеш дара Iедал, оцу хьокъехь дерриг а дина девлла шаьш, тIебаьхкинчу бIаьхошна паспорташ дала долор ду, аьлла шен телеграм-каналехь дукха хан йоццуш премьер-министро.

Дагестанхочун дов

Делахь а хьалхе ду Украинехь кавказхошца йолу миграцин политика хийцаелла ала. Кхин бу пачхьалкхехь Iедалхой, керла ву президент, амма тохаралерра нах лаьтта миграцин урхаллин коьртехь – цара ваьккхира махкара ара шайн пачхьалкханна гIуллакх дина Тумгоев а, кхин масех а кавказхо а, дIабелира уьш хIинца шаьш набахтешкахь кхобучу Оьрсийчоьнан кара.

Украинехь миграцин политика хийцаелла йоцийла гойту дагестанхочун Омаров Русланан кхолламо. Украинехь вина иза, Оьрсийчоьнан-Украинан тIамехь дакъа а лаьцна цо. Амма ца магадо мехкан вахархочун паспорт цунна дала Кхерамзаллин урхалло. Кхелашка а, миграцин хьукматашка а ша жимчу стагах лаьцна хьийсочу кехаташкахь цо олу: «ДаIишехьа ву Омаров», ткъа ца даладо оцу хьокъехь цхьа а тоьшалла.

Нохчочун дов

Кхин а цхьа гIарадаьлла дов. Интерполехула Оьрсийчоьнан Талламан комитето дIавехначу Илаев Амхьадан. Иза 10 шо хьалха легалехь веана Украине, ваьхна Харьковна гергахь шен доьзалца цхьаьна.

Нохчийчохь цо оьрсийн доьзал хIаллакбина, боху меттигерчу талламчаша. Амма цара буьйцу оьрсийн доьзал бийна Илаев Амхьад а, цуьнан ваша а махкара дIаваханачул тIаьхьа. Делахь а и тайпа «кег-мерса» тоьшаллаш Оьрсийчохь тергалдеш а дац. Тамашениг ду Украинера кхел а, прокуратура а Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша бохучух тешар, Илаев цIахьажо веза боху цара. Тидаме ца оьцу Украинерчу низамхоша, ИлаевгIар «кадыровхоша» шайн кхо ваша хIаллавича махкахбевлла хилар а.

Стенца бозало сатийсам?

Кавказхошна нийсо гойту гIулчаш а йоху Украинерчу низамхоша. Нохчо Бакаев Iела бехкевира Нохчийчуьрчу Новр-ГIалахь Росгвардин декъанна тIелатарна. ДецIера ведда, кемана хиина, Киеве кхечира иза. Цигахь лецира, амма дIахецна.

Ша Украинехь витар доьхуш цо дина дехар миграцин урхалло зуьйчу юкъанна цунна адвокат лецира Швецерчу нохчийн VAYFOND юкъаралло. Юристан аьтто балла Бакаев Интерполан тептарара ваккхийта. Амма кхин а массех кавказхо ву махке Оьрсийчоьно дIавоьхуш – оцу наха догдоху Украина шайгахьа яларе.

Бахарзоша тидамза вуьтуш ву кхин а цхьа кавказхо-мигрант – Саитов Мохьмад-Эмин. Стохка бIаьста иза лаца кхайкхира цо Лакхарчу Радин депутатна Найем Мустафана йиттина аьлла. Саитов махка юхаван кийча ву, нагахь санна кхело нийсо йийр елахь, дIахьедира тIаьхьо цуьнан адвокато. Киеве юхавеара Саитов. Кхеле цо дийцира ша стенна тешна шеца харцо лелор яц бохучух. «Iедал хийцаделла» аьлла дара цо довзийтина бахьана.

Тамим Ахьмадан ларамбечу хьабашитийн жамаIатера ву нохчо Саитов. Цуьнан сатийсам а хилла кхочуш цхьана декъанна – изоляторе ца хьажош, шен цIера аравала дихкина цунна кхело. Иза теша шеца Украинерчу Iедало нийсо лелор хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG