ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конституцин хийцамаш кечбан къастийначу тобан декъашхо: «Ас ца бина хийцамашна тIехь болх»


Оьрсийчоьнан президента кху беттан 15-чу дийнахь арахецначу омрица Конституцехь хийцамаш бан къастийначу тобан декъашхочо Альшанская Еленас дIахьедина, ша бина бац Путин Владимира 20-чохь Пачхьалкхан Думе кховдийначу хийцамийн проекта тIехь болх, аьлла.

"Шеко яц, хийцамаш, Iорабахале, цхьана кепехь кечбина лаьтташ хилла. Ас кхеторехь, тхан тобан кхо куьйгалхо юристашца цхьаьна Iийна оршоьта тIера пIераскане кхаччалц проект шаръеш», - яздина хийцамаш бан къастийначу 75 декъашхочух цхьамма, «Волонтерийн боберашна гIо» фондан куьйгалхочо Альшанскаяс шен Фейсбук-агIонтIехь.

Хийцамаш бан къастийначу тобан куьйгаллехь ву депутат Крашенинников Павел, Федерацин Кхеташонан декъашхо Клишас Андрей, юрист Хабриева Талия. Тобане язбина юристаш, эшаршлакхархой, спортхой, актераш, юкъархой. Альшанскаяс бахарехь, цуьнга, цунна дагахь а доцуш, телефон тоьхна Путина хийцамаш кхайкхийначу дийнан сарахь, иза хийцамийн тобане кхойкхуш.

Ткъа цул тIаьхьа пхи де даьлча, президента дIакхачийна Думе хийцамийн проект. «Соьга журналисташа хоьтту, ас муха бира проектна тIехь болх. Ца бина ас цхьа а болх», - яздина зудчо.

«Ас дIакховдор йолчу ойланех, хетачух хIумма а тIе ца эца тарлой? Дера тарло. Амма коьртаниг ду: хьуо дан декхаре верг де, хуьлда цунах ша хирриг», -боху Альшанскаяс, хийцамашкахь «меттигерчу Iедалийн бакъонаш совъяхар» ша доьхур дуйла а хоуьйтуш.

  • Кху тIедогIучу еарийдийнахь Пачхьалкхан Думехь луьстур ю Путина чуелла проект. Цул тIаьхьа 15 дийнахь «хийцамашна хийцамаш барх» ойланаш йийр ю депутаташа, хийцамаш бан къастийначу тобан куьйгаллхойх волчу Крашенинниковс бахарехь. Юха дIахьор ду депутатийн шолгIа ладегIарш. Охан-баттахь кечйина яьлла проект юьллур ю халкъан кхоже.
  • Путинан проекто хьоьху Iедал цуьнан урхаллашкахула дIасадекъар, керла хьукмат - Пачхьалкхан Кхеташо - Конституцин бакъоне яккхар. Оппозицин цхьаболчу лидершана хетарехь, беш болчу хийцамийн Iалашо цхьаъ ю - Путинна велла дIаваллалц Оьрсийчоьнан коьртехь кхаба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG