Гацаев СаьIид
Алахьа, ДегIаста,
Хьо муха Iийрa,
Тхох яьлла, тхо доцуш,
Iийжирий кийра?
Хьох девлча, тхан санна,
БIаьрзе а хилла,
И айхьа мел дечух
Куьг дIа а тилла?
Алахьа, ДегIаста,
Малх хьуна горий?
Моьттарий хьуна хьуо
Ерриге гIорий?
Шелоно, цу дарцо
Сел дера кхерсташ,
ГIаддайна, дуьне а
Бодане лесташ?
Алахьа, ДегIаста,
Самукъадаккха
Хьайн лозу, Iийжа дог
Кхин малхадаккха, —
ХIумма а дарий хьан
ХIара ду ала,
Хьайн дийнах хьо теша,
Кханенга яла?
Жоп доцу и хеттарш
Ца дер ас хьоьга, —
Тоьар ду хьоьх девлча
ХIоьттинарг тхоьга!
Хьо тхоьга хьежна-кх,
Хьо лаьтташ хилла-кх,
Тоьар ду ахь динарг, -
Изаъ ду г1иллакх.