ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къаппа-къуппа". Зударшна гIортор яран проект йолийна Къилбаседа ХIирийчохь


"Къаппа-къуппа" проектан декъашхо ю тегархо Ирина
"Къаппа-къуппа" проектан декъашхо ю тегархо Ирина

ХIокху материалан автор ю Любимова Маргарита


"Къаппа-къуппа" цIе йолу керла социалан проект гучуяьлла Къилбаседа ХIирийчохь. Нохчийн матте яьккхича цуьнан цIе ю "бежаӀуьнан баппа" (одуванчик). Болх ца карош болчу зударшна гIо дан кеп карийна шина йоIана Кусова Фатимина а, Агкацева Тамарина а. Церах цхьанца, Фатимица, къамел дира Кавказ.Реалиин корреспонденто.

- Фатима, маца а, муха а кхоллаелира шу шиннан цу проектах лаьцна ойла?

- Ас а, Тамарас а тидам бира, меттигерчу туьканашкахь а, базаршкахь а цхьацца экологин сурсаташ тоьаш цахиларна. Ша аьлча, карарчу хенахь моде бевлла бу дIаяханчу хенан аксессуар хилла туькана воьдуш лелош хилла "авоська" олуш хиллачу тайпана тоьрмигаш а.

Уьш тега оха юкъаозийра болх ца карош болу зударий. ХIинца тхоьца тегархочун болх беш ю дуккха а бераш долу нана а, заьIапхо йолу йоI а, хан тӀехтилла зуда а. Царна аьхна хета иштта болх. Тхайн план кхочушъян дуьйладелла тхо 2 бутт хьалха. Тхан проект къона ю.

- "Къаппа-къуппа" хIунда аьлла аш цунах?

- Тхан лаам бара тхой дехачу меттигаца йоьзна цIе тилла. Дуьненан бренд схьа а эцна, цунна тIетуьйхира оха къоман чулацам. Ас тидам бира хIирийн маттахь "ф" а, "ае" а элпаш вовшахтесча хаза сурт хIуттуш хиларна. И элпаш юкъахь долу дешнаш тIехь а долуш тоьрмигаш тийгира оха. Цара дика дог-ойла кхоллара. "Къаппа-къуппа" хIунда хаьржина хоьттий ахь? "БежаӀуьнан баппа" бозуш бу тхуна массо а стаг ирсе волчу машарца.

- Маса зудчун болх белла аш? Уьш мичахь карийра шуна?

- Цкъачунна болх беш 4 зуда ю. Оха гIо дийхира уьш лохуш "Хьан идей, тхан кхочушдар" цIе йолчу заьIапхошна гIо дечу проекте.

- ХIун мах бу шун тоьрмигийн? Муьлш бу уьш оьцурш?

- Оха 100 сов тоьрмиг боьхкина. Эцархой бу коьртачу декъана гIеметтахIоьттина зударий. Наггахь божарша а оьцу уьш совгIат дар Iалашонца. Маситта тоьрмиг эцнарш бу, тхан проектана гIортор яран Iалашонца. ТIаьххьара оха дина тоьрмигаш ду, хIирийн маттахь тIехь йоза а долуш. Уьш хазахета къоман культура дукха езачу нахана.

Тоьрмиган мах бу 300 сом. Бухку оха уьш "Инстаграмехула". Цул сов, меттигерчу дизайнеран гайтман чоьнехь а ду уьш охьадехкина. Цхьацца туьканаш а ю тхан тоьрмигаш дохка лууш, оха хIоттийначу мехах. ЧIогIа хазахета тхуна меттигерчу блогерша тхан проектах лаьцна дийцарна.

- Ткъа хIунда оьшуш ю шу шинна и проект?

- Мукъа хан дIаяхьаран дика кеп ю иза. Оьшуш долу хIума деш ю-кх со олий, дагна там хуьлу. ХIума тега хууш нах бу, амма шаьш тегнарг йохка аьтто ца болу церан. Ткъа болуш бу лаккхара дикалла йолу меттигера сурсаташ эца лаам болу нах. Оха аьтто бо церан лаам кхочуш бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG