ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIеран тайпа – министрийн тукхам


Кадырова Зулай (Кадыров Рамзанан,шен вешин, белхан гIоьнча), Кадыров Рамзан (мехкан куьйгалхо), Закриев Сахьаб (Гуьмсан кIоштан префект, Кадырова Зулайн марваша)
Кадырова Зулай (Кадыров Рамзанан,шен вешин, белхан гIоьнча), Кадыров Рамзан (мехкан куьйгалхо), Закриев Сахьаб (Гуьмсан кIоштан префект, Кадырова Зулайн марваша)
Саидов Тимур


Нохчийчоьнан куьйгалхочо шайн доьзалшкара кхин цхьа стаг а (шича) ваьккхина мехкан дайн могIаршка

«Тахана ас керла стаг хIоттийна Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министр. Иза ву медицинан Iилманийн доктор Байсултанов Идрис», - яздина мехкан куьйгалхочо шен Telegram-каналехь.

Нохчийчоьнан Iедалхойн могIа шорбелла кхин а цхьана КадыровгIеран доьзалшкарчу стагах. Байсултанов Идрисан да Хасий, Кадыров Рамзанан нана Айманий ду ваший, йиший. Нохчийчоьнан министрийн кабинетан коьртехь Iийначул тIаьхьа Москва, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министралле дIавахана хиллачу Байсултанов Одесан ваша ву керла министр.

Байсултанов Идрис. "Оьрсийчоьнан тоьлла медикаш" сайта тIера сурт
Байсултанов Идрис. "Оьрсийчоьнан тоьлла медикаш" сайта тIера сурт

Идрис хIинццалц а Iийра КадыровгIеран доьзало карадерзийначу Iедалехь мехала меттиг дIалаьцна – Рамзанан администрацин куьйгалхочун когаметта вара иза.

Мехкан куьйгалхочо социалан машанехь дийцарехь, Нохчийчоьнан университетан медицинан институтехь а, Iедалан хьукматехь а ша болхбечу 6 шера чохь дешаран министралла дика дIалеллол кхетам IаIийна шена Байсултанов Идриса."Кавказ.Реалиино" а теллира, муха мах хадабо Байсултановн цуьнца университетехь болхбинчу Iилманчаша, хьехархоша. Иза «ванне а вац профессионал, ледара дора лоьран интитутах куьйгалла а», элира мединститутан декан лаьттинчух лаьцна цуьнан коллегаша.

Дийцарехь, 1980-чу шерашкахь Астраханерчу медицинан институтера дIаваьккхина хилла иза а, цунан ваша Одес а, латар бахьана долуш. ТIаьхьо метта а хIоьттина, чекхъяккхина Идриса и институт. Ткъа Одеса дитина Астраханера дешар кхин метта ца хIоттош.

Кадыров Рамзанан аппаратехь Идрис тIехьожура махкарчу дешаран, Iилманан хьукматашна. Цигахь волуш цо шен тидам тIехь латториг дара студентийн, хьехархойн духар, амма кIезиг бала кхочура Iилманан, дешаран хотIан, дуьйцу иза вевзачара.

Доьшийлашкарчу белхахоша тоьшалла дарехь, нахаца «диктатор» ву Байсултанов Идрис, къизалла, дозаллаш дар ю цо шена белхахошца юкъаметтиг лелош къастийна кеп.

Доьшийлашкарчу белхахошна Iовжаме ду, цара дийцарехь, адамашца кIеда-мерза волу Байханов ИсмаьIал даржах а вохийна, цуьнан метта сов шога стаг шайна хьаькам ваийтар. (Ала дашна, ша балхара дIавоккхушехь, шен Instagram-ера аккаунт дIакъевлина Байхановс).

Дуккха а тешашца къамел динчу «Кавказ.Реаллиин» олийла ду, цаеран дешнашца: Нохчийчоьнан Iилманчийн могIарша «боккха эшам лору махкара Iилма, дешар Байсултанов Идрисан куьйга кIел дахар».

Байсултановца министрийн могIа бузарца Кадыров Рамзана гойту ша леррина шен цIийнан а, гергарчу а нахах шен го кхиош вуйла. Оцу могIарара бу хIара хьаькамаш:

  • Кадырова Зулай (Закриева), мехкан куьйгалхочун гIоьнча – Кадыровн йиша;
  • Кадырова Зарган (Черхигова), бошмашкахь бераш Iамор тергалде Кадыров Рамзанан гIоьнча – Кадыровн йиша;
  • Кадырова Медни, Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу фондан вице-президент – Кадыров зуда.
  • Кадыров Хас-Мохьмад, Устрада-ГIалин мэр - Кадыров Рамзанан маьхчин воI;
  • Кадыров Висита, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча – Кадыров Рамзанан маьхча;
  • Делимханов Адам, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат – Кадыровн маьхчин кIант;
  • Делимханов Iеламбек, Оьрсийчоьнан Гвардин (Росгвардин) Къилбаседа Кавказерчу буьйранчин гIовс, инарла-майор – маьхчин кIант;
  • Делимханов Шарип, Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан Гвардин декъан буьйранча, полицин инарла-майор – маьхчин кIант;
  • Делимханов Амхьад (Сурхо), Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера буьйранча- маьхчин кIант.
  • Закриев ИбрахIим (Якъуб), Соьлжа-ГIалин мэр - Кадыров Рамзанан йишин воI;
  • Черхигов Идрис, Нохчийчоьнан некъан инспекцин буьйранча – Кадыровн йишин воI;
  • Кадыров Хьамзат, Курчалой-Эвлан кIоштан префект – Кадыров Рамзанан вешин воI.
  • Черхигов Рамзан, транспортан министр – Кадыровн нуц, йишин майра;
  • Закриев Салман, парламентан куьйгалхочун гIовс – Кадыровн нуц, йишин майра;
  • Мацуев Висхан, миграцин урхаллин куьйгалхо – нуц, йоьIан майра;
  • Тумхаджиев Iиса, премьер-министран гIовс - Кадыровн нуц.
  • Айдамиров Асланбек, парламентан спикеран гIовс – Кадыровн стунваша;
  • Алханов Руслан, чоьхьарчу гIуллакхийн министр – Кадыровн захал, йоьIан марда.
  • Закриев Сахьаб, Гуьмсан кIоштан префект – Кадыровн невцан ваша.
  • Кадырова Аймани, Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу фондан президент - Кадыров Рамзанан нана;
  • Кадыров Хожа-Ахьмад, Нохчийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан а Iеламчийн кхеташонан куьйгалхо – Кадыров Рамзанан дешича;
  • Кадыров Шайхмохьмад, Нохчийчохь уггаре йоккхачу базаран ("Беркат") куьйгалхо – Кадыров ден маьхча;
  • Дааев Абусупен, Роснефтан (мехкдаьттан урхаллин) Нохчийчуьрчу декъан директор – Кадыровн шича.
  • Уьш боцурш, дуккха а бу Iедалан лакхарчу а, юккъерчу а тIегIанашкахь Кадыровн цIийнах схьабевлла, Кадыровс а, цуьнан гергарчара а даржашка хийшийна нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG