ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тIамах кхоьллина фейкаш (II дакъа)


Соьлжа-ГIала, 1995, Дечкен-беттан 26 -гIа
Соьлжа-ГIала, 1995, Дечкен-беттан 26 -гIа
Воронов Владимир, Маршо Радио, Оьрсийн сервис

Муха кхуллура доцург «Мазалкан фронтерчу» журналисташа

Транкаутене Милитин лорах

«КIайн колготкех» санна долу «бакъ факташ» шайн кеп йолуш хуьлура: йоккхуш цIе а, юьйцуш меттиг а, далош тоьшаллаш а доцуш. ЦIейоккхуш хилча а, йоккхура йиллина цхьаъ - "Лайма". Ткъа яккха цIе карийча, дийцарна тIаьххье гучуболура боьттина аьшпаш.

Масала, 1995 шеран Зазадоккху-баттахь Iедалан "Российские вести" («Оьрсийчоьнан хаамаш») газето яржийра сенсаци: Нохчийчохь эххара а леци зуда-снайпер, иза ю «евзаш йолу Литувара спортхо Транкаутене Милита». Амма и «кIайн колготка» кхеле йоккхийла я нахана гойтийла ца хилийтира – чевнаш йинчу эпсаршна, иза шайца цхьаьна беракеманчохь юьгучу юкъанна, гина цуьнан тоьпа тIехь хьаькхна 18 сиз (оццул оьрсий хIаллакбина хилла цо), ткъа кисанахь карийна 15 эзар доллар, оцо дарбинчу эскархоша зуда кеманчуьра аракхоьссина, бохура.

Хаам юьхьар а эцна, хьала-охьа, ерриг а Литува теллира "Московские новости" («Москвара керланаш») газетан журналисташа. «Евзаш йолу спортхо» лийхира массанхьа а: адресийн урхаллашкахь, спортан департаментехь, эскарийн дакъошкахь. Хеттарш дира хIора спортан экспертца, биатлонхошца. ЖамI – ца карийра «Транкаутене Милита», яцара Литувахь и цIе йолуш цхьа а йоI, цхьа а зуда.

Делахь а ца сацийра лехамаш "Московские новости" газетерчу корреспонденташа. Эстонехь, Латвехь бира изза болх – эрна хилира. ТIаккха хеттарш дира ФСК-н (къайлахчу сервисан) урхалле, юкъараллица зIе къобучу декъан куьйгалхочуьнца Михайлов Александрца, «хууш хIун ду», аьлла. Цо шена «дуьххьара хезаш ю Транкаутене Милита боху цIе» элира. [Г. Афанасьева, А. Какоткин «КIайн колготкех» болу пуьташ // Московские новости, 1995, № 11].

Таллиннерчу "Комсомольская правда" газетан корреспондента Сапожникова Галинас 1995-чу шеран Чиллан-баттахь ерриг а Эстони гезйира цигара Нохчийчу тIом бан бахана зударий-спортхой лохуш. Цхьаьллиг цхьаъ ца карийра, гучуделира цул сов, къоначу эстонхошна-мехкаршна я биатлон а, я герз кхуссу кхин спорт а езаш цахилар – модера евлла цигахь спортан и кепаш. [Г. Сапожникова "КIайн колготкаша" бIаьрг хецна массо а агIор… // Комсомольская правда, 1995, Чиллан-бутт,16].

Бакъду, полковника Асташкина чIагIойира шен книги тIехь, и зударийн-снайперш болу меттиг яьлла гучу, аьлла: «1995-чу шеран Дечкен-беттан 6-чохь тIеман къайлахчу сервисан иччархоша лебина тIамах бевдда нах, къастийна Дудаевн тIемалошца «кIайн колготкийн» батальон хилар. …Соьлжа-ГIалара волчу Потапов Дмитрийс хаийтина и батальон микрорайонехь, МаьлгIабекан урамерчу №4 цIа чохь юйла. Ден къамел эстонхойн ду церан, медйижарий а, радисташ а шаьш долучуха лела уьш». КхидIа яздеш, «карабо» Асташкинна «колготкашлахь» литувахой а, хIирий а. Авторо бахарехь, 500 доллар ло царна салти вийча, 1000-1500 доллар кхочу эпсар вийча. Дуккха а меттигаш ю йовзуьйтуш, цIерш а йоху Асташкина «колготкийн». [Асташкин Н. С. Берзалойн лорах, с. 199].

МаьлгIабекан урамера «эстонхой-снайпераш»

ТIаьххьара а гучуделира, муьлш бу юьйцучу меттехь беха «зударий-снайпераш». Церан «база» дIалецира оьрсийн эскаро - МаьлгIабекан урамера №4 цIа. Лелхачу хIоьънашна бухара ца ялалуш, оцу цIийнан херцаршлахь къайлахчу сервисна карийра кхо журналистка - Ковальская Галина а, Дементьева Ирина а, Перевозкина Марина а. Хууш дара уьш муьлхачу хаамийн гIирсашкара бу, хезаш дара церан аьзнаш Соьлжа-ГIалара ерриг а Оьрсийчоьнна. Бацара уьш «кIайн колготкийн» декъабига цхьа а бух. Дижийра эскарерчу пропагандисташа оцу хьокъехь шаьш дуьйцу туьйранаш. Амма сила волчу полковникна Асташкинна-м ца хийтира эхь – ша книга язъеш, декъадигира цо «колготкех» долу «бакъдерг»!

Соьлжа-ГIалахь тIом, Воронов Владимиран сурт
Соьлжа-ГIалахь тIом, Воронов Владимиран сурт

…Иштта дара тIамах долу дийцарш: хьашт дацара факташ, документаш, тешаш, дийна лаьцна цхьа а «колготка» а. И дерриг а багахь, коьрта чохь пропагандисташа кхоьлличхьана тоьура Кремлна. Шаьш-шайггара кхуллура и аьшпаш могIарчу журналисташа а, ша Лубянкин дас Степашин Сергейс а.

Ца сецира тIом берззалц «колготкаш» юьйцучуьра тIеман хьалхарчу буьйранчех а, Соьлжа-ГIалара схьаваьлла а волу инарла Трошев Геннадий а ур-атталла. «ТIах-аьлла хьийзара Полтавера а, Николаев гIалара а баьхкина снайперш-зударий, дукха эскархой охьабехкина цара шайгарчу тоьпашца», - яздира цо тIом чекхбаьллачул тIаьхьа. [Г.Н. Трошев Сан тIом. М., 2001, 352 агIо].

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG