ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бехкевар доцчун тIехь дара"


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ХIокху материалан автор ю Азимова Сийлаха


Нохчийн къомах волу ши жима стаг лаьцнера Венехь стохка ГIуран-баттахь. Католикаша Iийса пайхамар вина де даздеш теракт ян кечлуш хилла и шиъ, аьлла шеко кхоллаеллера меттигерчу низамаш лардечу органийн. Ши нохчо лецира, Австрин зорбан гIирсашкахь шуьйра дийцаре а деш. Цхьана кIиранах хьехийра цара нохчаша тIелатар кечдеш хилла бохуш.

Талламхойн версица, терроризм лелийна аьлла хан токхучу 24 шо долчу Серго цIе йолчу Панкисера нохчочуьнца барт бина хиллера 25 а, 31 а шераш долу ши стага иза набахтера вадийта, ткъа цул тIаьхьа цхьаьна лелхийтарш дан Венехь а, Зальцбургехь.

Талламхоша чIагIдарехь, кхин а тIелетарш дан дагахь хиллера нохчий Германехь а, Люксембургехь а, Францехь а дуккха а адамаш гуллочу меттигашкахь. Дийцарехь, и зуламаш дийр долуш хиларх лаьцна хаам бинера Сергоца цхьаьна набахтин камерехь хан йоккхучу тутмакхо. Цо чIагIдарехь, Сергос шен планаш йийцина хиллера цуьнга.

Нохчийн ши жима стаг лецира терроризмца къийсам латто полицин дакъоша. И операци дIахьош яьхна видеосюжетеш гайтира маситта дийнахь ерриг а керланийн программашкахь.

Амма Грац гIалахь талламан изоляторехь шина баттахь латтийначул тIаьхьа и шиъ дIахийцира гIалин Лаккхарчу кхелан сацамца. Цу сацамехь дуьйцуш ду, ши нохчо бехке хилар чIагlдеш талламхоша гулдина тоьшаллаш бух болуш дац аьлла.

Цул сов, кхело жамI дина "Исламан пачхьалкх" экстремистийн тобанехь цу шиннан безам хиларан тоьшаллаш ца карийна, Европехь лелхийтарш дан церан планаш хилла бохург дуьйцийла а дац, аьлла.

Юьхьанца дуьйна и шиъ бехке вац, бохуш дIахьедарш дора, джихадхой бу бохучу нехан гIуллакхашкахула говзанча волчу авдвокато Блашитц Воьфганга. Иза суьдехь гӀо лоцуш вара лаьцна латточу 24 шо долчу нохчочун.

Кавказ.Реалиин корреспондентца къамел деш цо дIахьедар дира, "шен клиентана бехкаш дехкинера Сергоца цхьаьна чохь хан йоккхучу стага доцург дуьйцуш мотт а бина" аьлла.

Оццул ледара бух болуш ша гIо лоцург шина баттахь талламан изоляторехь латтор девне гIуллакх ду, аьлла хета адвокатана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG