ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь: 10 шо ду йоI лоьху


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Абдуллаева Зайнаб


ГIалгIайчуьрчу Елхороев Идрисан 30 шо долу йоI Залина лачкъийра 2010-чу шарахь ГIуран-беттан 22-хь. "Мемориал" бакъонашларйон центро бинчу хаамца, шен гергарчу зудчуьнца Элдиева Лианица а, адвокатца Багаутдинова Маремца а ГIалгIайчу цIайогIуш хилла иза Владикавказера, яздо Кавказ.Реалиино.

"Кавказ" некъа тIехь, Новый олучу ХIирийчуьрчу эвлан йистехь уьш тIехь болу машен сацийна некъан патрулан сервисан (ДПС) белхахочо. Цунна уллехь лаьттачу гIагIдиллинчу машенчуьра охьабиссина туьтмIаьжигаш йоьхкина герзхой. Уьш кехаташка хьаьжна церан. Цул тIаьхьа, герзаца кхерам а тесна, шайца дIайигина цара Залина.

"Таксисте а, Элдиевага а, Багаудиновага а аьлла герзхоша Залине хьоьжуш Iе "Черменерчу гонехь" йолчу полицин постехь аьлла. Цхьана хенахь цу постана уллехь ладоьгIуш а Iийна, Залина лаха бахана уьш. Чермен а, Майский а ярташкарчу милицехь йоI ца карийна царна", - яздо "Мемориало" шен дIахаийтарехь. Цул тIаьхьа Залина гина стаг вац.

Бакъонашларъярхойн центро бинчу хаамца, йоI яр хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долийна иза тIепаза яйна цхьа бутт ах бутт баьллачул тIаьхьа. Зулам динчу меттиге бIаьрг тоха вахана талламхо инцидент хилла кхолагIачу баттахь.

Залинас телефон йиттина номерш билгалъяьхна, амма оцу дийнахь цуьнца къамел динчу нахах ле ца вина цхьа а. "Мемориалехь" болчу хаамашца, царна юкъахь хилла федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахо а.

2012-чу шарахь таллам бар сацийра, жоьпе озо стаг каро аьтто ца баьлла аьлла. Елхороев Идриса латкъам бира Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле 2018-чу шарахь. Цо дехнера шен йоIан дакъа долу меттиг лаха а, зуламхой схьакаро о декхарелахь яхьара Оьрсийчоь аьлла.

"Мемориало" бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан Iедало 2019-чу шарахь ГIуран-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула кхелан хаттаршна жоп луш яздинера, латкъам юхатоьхна, иза шен хеннахь бина ца хиларна аьлла. Елхороевс а, "Мемориало" а дуьйцу иза бакъ дац, дерриг а кехаташ шен хеннахь чуделлера шаьш бохуш.

"Мемориалан" адвокато Агальцева Маринас дийцарехь, Iедалша бехктакхаман гIуллакх долийнера адам дарна. Цул тIаьхьа дуккха а хан яьлла. ЙоI дахарна кхерам болчу хьоле нисйелла. Оцу хьолехь Европерчу кхело лору вайнарг дийна ца хилар. Нагахь иза дийна хиллехь, Iедале хаам балур бара тхоьга, амма цуьнан аьтто ца баьлла иза дан. Цундела оха доьху йоIан дакъа лахар а, иза гергарчаьрга дIадалар а", - дуьйцу адвокато.

Елхороев Идриса дийцарехь, Залина лачкъийначу дийнахь иза тIеман госпитале яхана хиллера, цигахь Iуьллучу шен вешина тIаьхьа. Цигахь иза дарба деш вара, гIарол деш нах а болуш латтош. Елхороевс дийцарехь, цуьнан кIант харцонца бехке винера, террорхо ву аьлла.

"КIант йиттина эрчаваьккхинера, ткъа цул тIаьхьа бехке винера терроризм лелийна аьлла. Иза вацара цхьана а терактана юкъахьакхавелла, амма гIуллакх хьовзийна цунах тIемало вира. ЙоI цунна тIаьхьа яханера цунна юъург эцна, иза яцара цхьана вочу хьуманна юкъахь", - дийцира Елхороевс Кавказ.Реалиин корреспонденте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG