ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн «вешин» йоI: «Ас хIума дашо кедара юу»


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман йоIа ша "маьлхан а, беттан а султанша" ю боху
Ахмадов Рамазан

«Хеда Адамовна» ю ша боху интернетехь яьржинчу видео чохь элийн дахар хьоьгу доьзал гойтучу йоIа. Иза шахьарахь еха «маьлхан а, беттан а султанша» ю, цо дийцарехь. Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу, Кадыров Рамзанан кхоалгIа куьг ларалучу Делимханов Адаман йоI ю Хеда. Цуьнга хьаьвсинчу нахах дукхахберш кхаьрда цунах, хнцале оцу бахьаница дIаяьккхина видео дуккхахйолчу сайташна тIера.

Туркойн «Исбаьхьа оьмар» («Великолепный век») сериалерчу Хюремах тарйо ша Хедас. Дагах кхеттачух тера ду цунна, Хюрема ша гIарбаш йолчу муьрехь лайна бала дага а лоьцуш, шен мостагIий хIалакбан дош далар.

Видео чохь гергарчара, нийсархоша хьалаайо Хеда, цхьаберш, кортош охьа а теIош, гора хIуьтту иза гучуяьлча.

"Ас хIума дашо бошхепара юу, хи цIеначу ангалин кедара молу, сан дахарх, сан дезачу цIийх, сан хазаллах хьоьгу дуьнентIера массо а мехкарий», - боху Делимханова Хедас.

Видеоно карзахъяхна социалан машанаш. Хьовсархоша емалйо Хеда.

"Нохчаша корта цкъа а охьа ца таIийна Далла хьалха бен. ХIара хIун ду ша дан а? – яздо цхьамма.

«Вайн маца хилла гIарбашаш, леш, султаншагIар?» - цецбуьйлу вуьйш.

"ХIинца ларъер вай Делимхановн йоI ЧГТРК чохь, ша жинаша Iехийнера, бохуш, йоьлхуш, нах къинтIера бохуш», - яздо кхечара.

…Видео чухIоттийна ши де даьлча, дIаяккха йолийра интернетера. "Кавказ.Реалиига" цхьаболучара дийцарехь, инстаграм-пабликаш лелочу нахе Хедин цIарах дехарш до, видео дIаяккхахьара бохуш. (Оцу кепара дехарш деш яьхна скриншоташ ю редакцехь – ред.).

Советийн заманах йисина хьу?

Этнографа Ярлыкапов Ахьмада Советийн замано йитинчу лорах дузу тахана цхьаболу нах цIеххьана шаьш гулбина бахам нахана гайта гIерташ, цунах дозалла деш лелар.

"Иза керла хIума дац, соьга хаьттича. Советан заманахь а гIертара нах шайгара дика хьал массарна а гайта, куралла йора хьолах, лулахошца, гергарчаьрца яхье буьйлура. Ишта бу-кх вайна юкъарчу цхьана декъан кхетам», - элира Ярлыкаповс "Кавказ.Реалиица" шен хиллачу къамелехь.

Эксперто бахарехь, цхьана Нохчийчохь хилла ца Iа хьолах дозалла детташ лела нах.

"Дагалацал аш, Дагестанехь хьаькамаш леца болийча, гайтира церан дешех-детех яьхна йолу хIусамаш. «Гой шуна тхо мел дехаш ду, хьоьгий шу?» ала санна. Суна хетарехь, Советийн заманара дуьйна схьайогIу амал ю иза, ткъа тахана кхин а маьттазъяьлла», - Ярлыкаповна хетарехь.

КадыровгIеран «мехаллаш»

Кадыров мехкан урхалле хIоьттийначу 2007-чу шарахь дара цо а, цуьнан гоно а шаьш нохчийн къоман мехаллаш ларйийр ю аьлча. Европерчу нохчашка къамелдеш, Кадыровс бохура, «вайн массеран а Iалашо цхьаъ ю – нохчийн къоман барт меттахIоттор, цуьнан орамаш чIагIбар: дин, ламасташ, мотт».

Оцу хенахь дуьйна схьа вуно дукха «ламасташ талхийна» нохчий нахалбаьхна пачхьалкхан телеканалехула, дахийтина цаьрга къам къинтIера.

Кавказхойн гIиллакхашца ца догIу наханна хьалха шен зудчух я майрачух дозалла дар. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуккхаза а магийна шена, дерриг къам теш а долуш, шен зудчунна совгIаташ кхийдо я Инстаграмехула иза хьеста.

«Ас эзар книга язйийр яра, филмаш, байташ йохур яра сайн зудчунна, цуьнан дуьхьа юьйр яра эзар гектар исбаьхьа беш, Медни Мусаевнин цIе туьллур яра лаьттахь лепачу зезагна, стиглахь массарел а сирла къегачу седанна! Амма дац иза дан оьшуш – Медни Мусаевнина школера дуьйна схьа хаьа уггаре хаза зезаг, седа, уггаре тайна мукъам суна хьалха ша буйла», - яздира цкъа Кадыровс.

Нохчийчоьнан администраторан гонна дагахь хаьа, маца ду шайн «паччахьан» нана, зуда, бераш дина денош. ХIора шарахь, дукхаллица, хазаллица къийса а луш, кхочу цаьрга Кадыровн гонера зезагийн курсаш. Мехкан хIора хьаькам къисалуш кхочу КадыровгIеран гIопе, Рамзанца цхьаьна суьрташ даха, сихха уьш Instagram-агIонашка хIитторхьама.

2016-гIа шо къоман мехаллаш ларъеш, «нохчийн ламасташ шир ца долуьйтуш», хестош, даздеш доккхур ду махко, аьлла кхайкхийра.

Ткъа муха лардо КадыровгIара, ДелимхановгIара, мехкан кхечу дайша нохчалла гуш ду – Делимханова Хедин видеоно кхин цкъа а гайти иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG