ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Царна дерриг а магийна ду"


 Битаров Вячеслав, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо
Битаров Вячеслав, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо
Скворцов Глеб, "Кавказ.Реалии"


Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун бахамаш бу пандемин муьрехь Iедало гIодечу организацийн могIарахь

Регионерчу экономиканна пайде а лоруш, Iедало гIо латтон кхачийначу махкарчу бахамийн хьалхарчу могIарахь ю Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава доладеш йолу "Агрофирма ‘Фат" а, "Фат-Агро" а. Кхиболу 56 совдегарийн бахамаш а санна, пачхьалкхера гIо хиларе сатуьйсу оцу фирманаша, уьш а ю боху бахархошна алссам белхан меттигаш латточу бахамех. Оцу хьокъехь документ арахецна мехкан премьер-министра Тускаев Таймураза.

Iедало гIодан къастийна юьртбахамийн, кхача кечбечу, медицинан, гIишлошъяран, йохк-эцаран организацеш ю дуккха а. Делахь а оцу гIуллакхца нийсо лелаш хиларх шек ю мехкан парламентан депутат лаьттина а, зеделла экономист а йолу Кулова Маргарита.

"Хуьлуш ма-хиллара, мехкан куьйгалхочо гIодан билгалбаьхначу бахамашлахь хьалхара ю агрофирманаш 'Фат' а, 'Фат-Агро' а. Пандемин хьелашкахь гIо оьшучу бахамийн декъайигина регионера Сбербанк а. Доцца аьлча, уггаре хьалха, таро а, карахь Iедал а долучарна, белхан меттигаш латточарна кхачош ду гIо, ткъа оцо IаьIна йолу кризисан проблемаш дIайохур яц», - яздина Куловас шен телеграм-каналехь.

Цхьа а цец ца воккху пачхьалкхера гIо хир долчу фирманашна юкъа БитаровгIеран бахамаш язбаро, боху евзаш йолчу хIирийн журналиста Сагеева Мадинас.

"Иза (Битаров – ред.) куьйгаллехь волчу деа шарахь тхо доьлла цуьнан доьзална ахча-бохча доькъучу хенахь латточу аьттонех: белхахойн къинхьегам базбан луш долу совгIаташ, еза цIерш, пачхьалкхера хуьлу преференцеш кхочу федералан тIегIанера а тIехь. Кхеташ ду, ялта дIаден деза, пандеми яра аьлла ца Iаш, амма тоьллачех йолу БитаровгIеран компанеш яц пачхьалкхо гIодан оьшуш. Царна ишта а хир дац зен, уьш юхур яц», - боху Сагеевас.

Журналиста дийцарехь, БитаровгIеран бахамаша ца сацийна шайн болх, махканна карантин кхайкхийнехь а. «Оцо гойту царна дерриг а магийна хилар», билгалдоккху Сагеевас.

Коронавирус яьржина хиларх тешаш боцу нах, Iедалера санкци а йоцуш, гуламе бевлира кIира хьалха БуьритIехь. Цигахь протестхоша бехкаш бехира Битаровга, цуьнан доьзалан бахамаш, шайлахь йий арахоьцу "Бавария" фирма а йолуш, белхаш беш ю, ткъа махкарчу кхечу бахамашна къахьега дихкина, нах, луш ахча а доцуш, карантине хьийсийна, аьлла.

Финансийн эксперт Пухаев Алихан ца хIоьттира «Тускаевн тептар» шеконе дилла. Iедало гIодечу бахамийн могIаршка язйинарш алссам белхан меттигаш а, махканна дуккха а ял луш а йолу фирманаш ю, боху цо.

"ГIеххьачул бакъ ду Битаровн карахь мохк хиларо 'Фат' а, 'Фат-Агро' а компанешна аьтто бина бохург. Мухха а делахь а, махкахь уггар эвсаре бахамаш бу уьш. Церан да мехкан куьйгалле ма-хIоьтти, къайлах лелош хилла ахчанаш легале даьхна цара. Цундела совъяла йоьлла махкана хуьлу са а", - элира Пухаевс.

"Кавказ.Реалиин" редакце кхаьчна яц цкъачунна юьйцучу агрофирманашкара а, Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун пресс-векалтера а комментареш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG