ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ниццехь наркотикаш юхкурш къахкийна нохчаша


Дийнахь а, буса а наркотикаш юхкуш лаьттина Iаьрбийн мехкашкара схьабевлла нах дIаса а бохуш, шайн хIусамашна гергара церан бенаш ницкъаша дIабаьхна Ниццерчу нохчийн кегийрхоша. Оцу бахьанехь оьгIазбахначу наркотрафикан машано массех нохчочунна герз тоьхна, ягийна арахь лаьтта дуккха а машенаш. Иккхина дов дерзош хьийза жандармери а, нохчийн а, Iаьрбийн а диаспорийн хьалханчаш. Дов хьашт дац нохчашна, харцонаш листар жандармерин гIуллакх ду, аьлла хета хиллачух Ниццерчу нохчийн къаношна а, лидершна а.

XS
SM
MD
LG