ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьно StopCov.ge порталан хIирийн верси юкъаяьккхина


Коронавирусца къийсам латтош пайдаоьцучу шен StopCov.ge порталехь хIирийн верси юкъаяьккхина Гуьржийчоьнан Iедало. Хьалхо яьккхира портал абхазин верси тIе а.

Портал юьхьанца дуьйна яра гуьржийн, ингалсан, эрмалойн, азербайджанхойн меттанашкахь. Хьажархойн аьтто бу коронавирусан ститистика йовза а, лоьрийн а, кхечу говзанчийн а хьехамаш схьаэца а, шайн хеттаршна жоьпаш каро а.

  • Гуьржийчоьно доладо шен халкъан, оцу декъахь бу Абхазин а, Къилба ХIирийчоьнан а бахархой. Иштта дIахьедар даржийна Гуьржийчоьнан премьер-министра Гахария Георгийс.
  • Гуьржийн карантинан кIошташкахь, клиникашкахь 150 гергга вахархо ву оккупацехь бохкучу мехкашкара, хаамбина машарбаран а, бахархойн цхьабакъонийн а министра Цихелашвили Кетеванас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG