ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигаш схьадаьстина Урдунехь


Коронавирусан ун даржар бахьана долуш дIакъевлина долу маьждигаш схьадаьстина Урдунехь. БIе шо сов хьалха Нохчийчуьра дIабахначу мухIажираша динчу Заркъерачу маьждигехь гулбелира дуккха а меттигера нохчий. Дуьненахь массанхьа а санна, юккъехь меттиг а юьтуш, нисбо могIарш ламазе хIуьттучара. Заркъехь вехачу Iумарбека шен видео сюжетехь гойту нах ламазе бахкар а, оцу гIалахь вехачу Зия Iабдурахьмана ун даржар бахьана долуш, нах алсам иймане бирзина аьлла хета шена, бохуш дийцар а.

XS
SM
MD
LG