ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан аэропорт – ца ваьлла бен некъ


Луларчу мехкашкара гIуьтту кеманаш гIолехьа стенна хета Нохчийчуьрчу бахархошна?

Соьлж-ГIалара аэропорт шоръян сацам бина Iедало. Мехкан премьер-министра Хучиев Муслима дийцарехь, мах бу оцу белхан 15,5 миллиард сом.

"Лакхара хир ю керлачу аэровокзалан таронаш, шарахь цигахула чекхвалалур ву 1,5 миллион пассажир", - хаам бина Хучиевс Мангал-беттан 3-чу дийнахь.

Балханна бух кечбина бер бу шо гергга хан яьлча, ткъа ша реконструкци яхлур ю 2024-чу шарралц.

Проекте инвестицеш яхка лаам къадийна масех дуьненаюкъарчу фондо, шайлахь, масала, Iаьрбийн Эмираташкара совдегарш а болуш.

Амма массо а бац аэропортан хьокъехь Нохчийчуьрчу Iедалхошка кхаьчна хазахетар кхетош. REGNUM-ца къамел хиллачу эксперташа билгалдоккху мехкан экономика ледара хилар а, оцу бахьаница дуккха а шераш девлча бен пассажирийн дукхалла 1,5 миллион стаге хьалакхачайойла дацар а.

ХIинжа-ГIаларчу "Уйташ" аэропортан терахьашка кхачо а атта хир дац Соьлж-ГIалара аэропорт, ткъа Минводы гIаларчу аэропортал эвсара иза цкъа а хир яц, тешна бу эксперташ.

Нохчийчоь – пассажираш ца кхочу 100 эзарне а, ГIалгIайчохь - 333 эзар

2019-чу шарахь Нохчийчохь хилла 100 эзар турист. Царах Оьрсийчоьнал арахьара ца веана 2400 стаг бен а. Ткъа махке хьовса кхаьчначу наханна атта хилла, беза мах а луш, Соьлж-ГIала кеманахь богIучул, кхечу траспортаца бахка.

Дустар: ГIебарта-Балкхаройчуьрчу аэропорто дIасавигина 2019-чу шарахь 120 000 гергга пассажир (махкарчу бахархойн терахь – 870 000 гергга).

Уггаре «къона» аэропорт ю регионехь ГIалгIайчуьра «Магас». Ах миллионал совъоьккхуш бу мехкан бахархой, ткъа аэропортах пайдаэцна стохка 333 эзар стаго, царалахь уггаре дукха нохчий а болуш.

700 000 герга стаг вехачу хIирийн мехкан БуьритIерачу аэропортехула дIасавахана оццу шарахь 565 581 пассажир.

ХIинжа-ГIаларчу аэропортехула 2019-чу шарахь чекхваьлла 1,5 миллион пассажир (Дагестанехь веха 3 миллион гергга стаг).

Кхин а дукха ду стохкалерчу пассажирийн терахь Минеральные Воды аэропортан – 2,5 миллион.

Доцца аьлча, уггаре ледара ю Къилбаседа Кавказехь пассажирийн дукхаллица Соьлж-ГIалара аэропорт. Ала тарло, хилла тIемаш бу бехке. Амма иза нийса ца хуьлу – регионехь массанхьачул а дукха федералан ахча лела меттиг ю тахана и гIала.

Стенна а делахь, "Къилбаседанера" олучу Нохчийчуьрчу аэропортера (яц махкахь "Къилбанера" аэропорт) гIоттуш дац дийнахь 4-5 кема бен.

Рекламехула йийцина Мюнхене доьдучу кеман рейс шо ду юкъахъяьлла. Иштта сецна рекламехула хазъеш хилла "Петербург - Соьлж-ГIала" рейс а. ХIинжа-ГIалара лела Петербурге кема. Сецна Сочи доьдург а. 2017-чу шарахь бехира Казане лелаш кема хир ду – амма яц и рейс а. Бакъду, Бишкеке лела кема долуш ду таханенна.

Соьлж-ГIалара ца хеддаш лела рейсаш Стамбуле а, Москва а. Уьш ю цкъачунна Нохчийчуьра а, цига а дукха нах дIасалелош йолу рейсаш.

"14 шо ду Соьлж-ГIаларчу аэропортан болх, тIом чекх а баьлла, меттахIоьттина. Амма дац цигахь пассажирашна могIара хьелаш а, ур-атталла багаж дIалуш йолу транспортер а яц вокзала чохь. Цундела вехха латта веза хьайн чамда схьакхачаре хьоьжуш", - элира "Кавказ.Реалиига" кест-кеста Соьлж-ГIаларчу аэропортехула Москва лелачу бизнесхочо Бахаев Ризвана.

Цо дийцарехь, терминалера кеманна тIекхача 200-250 метр бен йоццушехь, автобусца вуьгу цунна тIе. Ткъа дукха хьежа дезаш хуьлу оцу автобусе, аьхкенан бурконехь къаьсттина хала хуьлу и кеп, дийцира Соьлж-ГIаларчу аэропортера хьелаш девзачу Нохчийчоьнан бахархоша "Кавказ.Реалиига". Цундела лела вуно дукха нохчий Магасерчу я БуьритIерчу кеманашца дIаса – "Некъ бораха бу, комфорт алссам ю".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG