ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха кхетта Кадыровх Гуьржийчохь


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Муха Iалашван веза журналист Габуния Георгий а, къаьсттина, йоллу пачхьалкх а, ма-дарра аьлча. Нохчийн лидеро Кадыров Рамзана дIахьедар динчул тIаьхьа Гуьржийчоьно жоп лоьху, яздо "Эхо Кавказа" портало. Кху деношкахь шен Телеграм-каналехь шога комментари йитира Кадыровс, Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисаша (СГБ) шайн журналист Габуния Георгий вуьйчуьра ваьккхина аьлла, Iораяьккхинчу информацех, цо дан дезарг а хьоьхуш.

Стохка Оьрсийчоьнан президентах лаьцна ша аьллачух гечдар доьхуш, журналист Габуния Георгий горахIуттур вара аьлча, Гуьржийчохь цхьа а тешар вацара. Кеста-кеста олуш хозийла дара, кIезиг хIума даьлча а, нагахь иза мехкан куьйгалхочунна ца тайнехь, массарна а хьалха наха гечдар доьху Нохчийчоь яц Гуьржийоь бохуш.

Денош хьалха иштта гечдар дехар хьехнера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Габуния Георгийна а. Нагахь цо и ца дахь, Кадыровн мостагI хуьлу цунах.

Социалан машанехь динчу шен дIахьедарехь Кадыровс кхетташ дIа боху, нагахь санна, гуьржийн журналист ве аьлла, пурба "шегара" хиллехь, гIуллакх чекхдаьккхина хир дара.

"Чохь са дисина а воцу" журналист ву боху Кадыровс Габуния, ткъа Гуьржийчоьнан политика "украинхойниг а санна, хIуммаъ а йоцург ю". Амма Украинана къаьстина "ахчан чот кховдор ю" ша, боху Кадыровс оцу гIуллакхна тIехула.

ХIун ду цуьнан дешнийн маьIехь дуьйцург хаа гIоьртира гуьржийн журналисташ, Украинан векале Долгов Игоре хеттарш а деш. Парламенте веанера иза, партин лидерца Мдинарадзе Мамукаца цхьаьнакхета. Хаамийн гIирсашкахь яздийриг бен шена кхин хууш хIума дац, вуьшта аьлча, "цу кепара хеттарш шега дан ца догIу" аьллера украинхойн векло.

Габунин гIуллакхехула украинхойн эпизодах хууш цхьа верси ю, журналисто болх бечу "Мтавари" канало яржийна йолу. Цуьнца а догIуш, Гуьржийчоьнан журналист вен Iалашо ю аьлла, хаам Украинан къайлахчу сервисашкара кхаьчна бу, кху шеран бIаьста Оьрсийчоьнан ФСБ-ца уьйраш хилла аьлла, СБУ-н инарла-майор Шайтанов Валерий лаьцначул тIаьхьа. Оццу версица, инарлас дийцина хилла Кадыровн планех: дозанал а арахьарчу шен а, Путинан а мостагIашна бекхам бан.

Гуьржийчоьнан Iеалан векалша иккхинчу скандалехь Украинан дакъа хьахош дац. Де хьалха цара баркаллаш бехира пачхьалкхан къайлахчу сервисашна, "къиза зулам духатохарна". Оцу кепехь дара "Грузинская мечта" партин векалша Кадыров Рамзанан дIахьедаршна тIаьххье хазийна дешнаш а.

"Къоман болам" а, "Европан Гуьржийчоь" а партийн депутаташа церан позици сингаттаме а, эргIаде а тIийцира. "Къоман боламан" фракцин лидеро Гоциридзе Романа Iедалхошна дагатесира пачхьалкхан сий а, доьналла а:"Террорхочун дIахьедар ма ду иза. Террорхочун маттахь дозалла ду цо дийриг, нагахь санна, зулам дан Iалашо шен хиллехь, кхочушдина хир дара бохуш. Путинан куьйгакIелларчу стага, Кавказерчу цуьнан коьртачу юкъархочо, Iедалан векало деш ду-кх цу кепара дIахьедар. Ткъа яхь-сий долчу пачхьалкхо, ас юьйцург Гуьржийчоь ю, цунна доггIу жоп лур дара".

Бакъду, "доггIу жоп" дала сацам бира шайн оппоненташна "Гуьржийчоьнан сатийсам" партин векалша. Лидеро Мдинарадзе Мамукас, "националаш" аьшнаш беш, "наци" дашца жоп делира: "Тхан Iалашо яц "нацин" а, Оьрсийчоьнан Iедалан векалийн мостагӀаллин риторика лелон".

Урхалла дечу ницкъо хаам бина, шаьш дуьненаюкъарчу партнерашца тIетаьIIина болх беш ду аьлла. Кадыровн а, Габуниян а дешнийн хотIах далхадо вице-спикеро Вольский Гияс: "Дуьненаюкъаралло дехачу зуламийн тептаре яздан деза Кадыровс обаргийн, хIайтаьллачу, гангстерийн дидактикан хотIехь аьлла дешнаш а. Аттачех яц хIара тема. Вайга хийцалур яц Кадыровн риторика а, я Габунийн риторика а. Церан бала бац "Гуьржийчоьнан сатийсам" партица а, я "Къоман боламца" а. Царна оьшург дестабилизаци ю. Оцу дестабилизацехь царна гIо дийриг "Къоман болам" парти ю".

Бакъонашларъярхойн вовшахтохараллийн векалша Iедалхошка дехар дина, шаьш лело гIуллакх цIена а, гуш а хилийта аьлла. Къоначу юристийн Ассоциацин куьйгалхочо Саладзе Сулхана дIахьедина, Кадыровн планашца шайн гIуллакх дац, шайн бала берг - Гуьржийчоьно муха Iалашбийр бу шайн бахархой хила тарлучу терактех, бохург ду аьлла.

Дуккха а тергамчашна хетарехь, цхьана Габунияна кхерамаш тийсина ца Iа Кадыров, ерриг пачхьалкхе дина ду цо шен дIахьедар.

Кхин дIа йолчу ханна, Путин а, Кадыров а дийна мел ву, кхоьруш хан яккха езаш ву Габуния аьлла, хета цхьаболучарна.

Тбилисехь хетачунна Москвано жоп делла. Оьрсийчоьнан Iедалш гуьржийн журналистана Габуния Георгийна кIело ян лууш ду бохуш, муьлхха а кхоллаелла шеконаш цхьа а доцург ду, бух болуш а дац аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

Бакъду, Песковн дешнех синтем ца хилла Гуьржийчохь .

Президенто Зурабишвили Саломес журналисташка кхайкхам бина, талламаш берззалц, шаьш мах хадочу заманчохь жоьпалле хилахьара аьлла. Кадыровн дIахьедарх комментари ян дуьхьал хилла иза, гуттар а санна, ша - президент ю аьлла, билгалдоккхуш: "Со пачхьалкхан президент ю, сан бакъо яц, талламаш бирзина, жамIаш хаъалц кхечу махкана бехкаш дахка".

Коьртаниг ду, боху президенто, журналист Iалашвеш хилар. Цу тIехь къайлахчу сервисашна баркалла аьлла Зурабишвили Саломес.

Ткъа Габунияс цул тIаьхьа хезаш дIахьедарш дина лац.

СГБ-но тIекхайкхина хиллера, Габунияс болх бечу "Мтавари" телеканалан директор Гварамия Ника. Иза дуьхьал хиллера къайлахчу сервисийн гIишло чуваха. Талламчийн хеттаршна кхелехь, суьдхо-магистарт чохь а волуш бен, жоьпаш дала кийча вац ша, аьллера цо.

Оцу гIуллакхан хьокъехь информаци йолучаьрга шайна гIо дар дехна Пачхьалкхан кхерамазаллин серисан (СГБ) векалша. "Талламна новкъарло ен, бух боцу дIахьедарш " ма хезадахьара аьлла ду къайлахчу сервисийн дIахьедарехь билгалдаьккхина.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG