ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Окуева Аминин цIарах урам хир бу Днепрехь


Окуева Амина
Окуева Амина

Украинан бIаьхочуьнан, лоьран Окуева Амини цIарах урам схьабоьллур бу Днепр гIалахь. Кхаарин дийнахь цунах лаьцна хаам бина Днепран гIалин кхеташонан пресс-гIуллакххочо. И сацам бан Iалашо хилира Донбассехь хиллачу тIемийн ветеранийн масех юкъаралхойн организацино а, волонтераша а дехар динчул тIаьхьа.

  • Евромайданан декъашхо яра Окуева Амина. Дебальцево маьрша йоккхуш дакъалаьцна ю иза. Иштта, Луганскан кIоштахь тIеман декхарш кхочушдина а ю.
  • 2017-чу шеран ГIадужу-беттан 30-чохь Киевна гергарчу Глевахехь цабевзачу наха герзаш диттира шен цIийндеца Осмаев Адамца цхьаьна иза чохь йолчу машенна. Коьртах кхеттачу герзо йийра Окуева.
  • Цу заманчохь Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран (МВД) хьехамча лаьттинчу, "Народный фронт" фракцин халкъан депутато, карарчу хенахь МВД-н куьйгалхочун гIовс волчу Геращенко Антонна хетарехь, иза еран коьрта верси ю Украинерчу хьолана оьрсийн къайлаха сервисаш дестабилизаци ян а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гоно Осмаевна бекхам бан а.
  • Карарчу шеран Дечкен-баттахь Къоман полицин куьйгалхочо Клименко Игора а, Киеван кIоштан полицин хьаькамо Небытов Андрейс а дийцира, Окуева Амина ерна шеконаш йолуш лаьцна, хьалха дуьйна Украинан вахархо волу, Дагестанера схьаваьлла стаг аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG