ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь Хангошвили верца доьзна лаьцна шолгIа стаг ФСБ-ра волчух тера ду


Берлинехь нохчо Хангошвили Зеламха верца доьзна дIахьочу талламехь вуьйцу Оьрсийчуьра шолгIа вахархо ФСБ-ца (Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисца) зIенехь хила тарло. Цо динчу дарешна тIе а тевжаш, талламчийн аьтто баьлла ФСБ-ца юкъарло долу кхин а массех стаг вовза. Царах лаххара а кхоъ ву дозанал арахьа нах байъарца доьзна шеконехь. Оцу хьокъехь ша бина таллам бовзийтина Британерчу Bellingcat тобано а, Германерчу Der Spiegel журнало а, Оьрсийчуьрчу The Insider портало а.

Стохка, Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь вийра Хангошвили. Зулам динчу сахьтехь лецира герз диттина хила тарлуш волу стаг. Цуьнан цIе къайленехь латтайо Германерчу талламчаша. Ткъа журналисташа дийцарехь, иза ву Красиков Вадим. Болчу хаамашца, ФСБ-хь болх бина а, нах бойъуш лелла а ву иза. Немцойн прокуратуро зулам дарна ша бехк тIехьош билгалдаьккхина и стаг Хангошвили вен Оьрсийчоьнан Iедало араваьккхина хилар.

Кху деношкахь къаьстина Хангошвили верца доьзна толлучу гIуллакхехь кхин а цхьа стаг шеконе эцнийла – Д. Роман. Bellingcat-о бахарехь, иза Давыдов Роман ву. Журналисташ тешна бу иза кхоллина йолу, йоцу цIе хиларх. 2019-чу шеран Товбецан беттахь делла цунна арахьара паспорт, ткъа и хан кхаччалц ишта цIе йолу стаг хилла вац Оьрсийчоьнан пачхьалкхан базашкахь, боху цара. Красиковна луччу дийнахь елла ю «Давыдовна» а Шенгенан виза.

«Давыдов» шен паспортца веана Полше. Циггара кхаьчна Берлине Красиков а. Bellingcat-ехь йолчу некъаш тIерачу камерийн видеоша гойту Давыдов Москвахь лелла меттигаш: 2019-чу шеран Товбецан-баттахь иза виллина хуьлуш ву Красиков вехачу «Осенний бульвар» олучу урамехь а, тIаьхьо Балашихехь йолчу ФСБ-н леррина Iалашонаш кхочушъечу центрехь а.

Цкъачунна дуьззина кхеташ дац, хIун дакъа лаьцна Давыдовс Хангошвили вуьйш. Талламчашна хетарехь, Красиков ша цхьаъ ларавойла дац, сихха кечам а бина, стаг вен. Цхьана дийнахь кхиина хила веза Хангошвили вийнарг Германехь юхкуш а йоцчу тайпанара вилспет шена эца а, герз кечдан а, вен леринарг стенгахь веха хаа а, цунна ша стенгахь тIенислур ву зен а – ткъа иза хуьлийла дац.

Журналистийн-талламхойн аьтто баьлла Давыдовн кхин а цхьа паспорт довза. Оцу тIехь иза «Николаев Роман» ву. Праге а вахна иза оцу документаца 2015-чу шеран аьхка. Иза Праге вахханчу дийнахь оццу гIалахь хилла шайн паспорташ Оьрсийчоьнан базехь данне а доцу кхин а пхи стаг. Талламхой тешна бу, уьш а Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисера нах хилла бохучух.

Харц паспорташца хилла Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна волу, ша Туркойчохь вуьйчу хенахь "Кавказ-центран" администратор лаьттина Эдильгериев АбдулвахIид вийначаьргахь а. Дуккха а ду, харц паспорташца цхьацца пачхьалкхашка а кхочуш, Оьрсийчуьрчу нцикъхоша нах хIаллакбеш хиларх тоьшаллаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG