ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бишкекехь елла 21 шо долу студент-медик. COVID-19 уьнах болчу нахана дарба деш хилла иза кхелхина балха тIехь


ГIиргIизойчуьрчу дарбан хIусамехь коронавирусан ун даьллачу нахана дарбаден 21 шо долу, Бишкекерчу Медицинан Академин дешархо Мурзабекова Адийнайх лаьцна яздо Настоящее Время проекто.

ТIаьххьарчу кIиранчохь ГIиргIизойчохь COVID-19 уьнах цомгш хуьлу хIора дийнахь мел лахара а бIе стаг, ткъа балха тIехь беллачу лоьрийн а, санитарийн а, лор-йижарийн а тептар хIора дийнахь десташ ду.

Кху беттан 14-чохь Бишкекехь коронавирусах елла Медицинан Академин студент хилла Мурзабекова Адинай: карарчу шеран Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь 22 шо кхочур дара цуьнан.

Эпидеми яьржича, шен лаамехь балха араелира иза, коронавирус хьакхаеллачу пациенташна дарба лело.

ГIиргIизойчоьнан дарбан хIусамашкахь дархошна меттигаш ца тоьа дуккха а хан а ю, цундела цхьана ханна дарбан хIусамашна аьлла, кечйина масех жима хьешан цIа. Царех цхьахйолчу госпиталехь болх беш хиллера Адинай, цунна вон хиллачу заманчохь.

Реанимаци ца кхаьчнера, ткъа цуьнан белхан накъостий Адинайна дан хIума а доцуш биссира. Къона студент балха тIехь кхелхира.

"Сихаллин гIо кхачон машенаш лаьттачу станци дахара тхо, цаьргара гIо деха, амма цара дуьхьало йира. Иштта нах а хуьлуш хиллера-кх. Оцу тIехула иза кIелхьараяккха ца елла хир ю-кх", - бохуш, дийцина Адинайн коллегас Атагельдиева Нургула.

Дукхахболу Адинайн белхан накъостий, иза а санна, медикаш-студенташ бара: Iедало дехар динера цаьрга болх бахьара аьлла, ГIиргIизойчоьнан дарбан хIусамашкахь лоьрийн къоьлла хIоьттича.

Белхан хан чекхъяьлла, садоIуш яра боху Адинай цуьнан накъосташа, цунна вон хиллачу хенахь.

Хьаькамаша официалехь динчу дIахьедарца, иза этIийча къаьстинера, пехийн шина а агIор пневмони хилар. Дийнахь а, буса а, садаIар а доцуш, коронавирусан ун долчу нахана уллохь къахьоьгучу лоьрашна хуьлуш хIума ду иза.

Адинайн коллегаша дуьйцу, иза еллачул а тIаьхьа, дарбан цIийне могушалла Iалашъяран министраллера а, цо доьшуш хиллачу Медицинан Академера а хьаькамаш баьхкинера бохуш.

Къоначу лоьрашна бехкаш дехкинера цара, COVID-19 вирусаца болчу нахаца болх бечу заманчохь лар ца ло шу аьлла. Медикаша тIе ца дуьту шаьш Iалашдаларан низамаш лардеш дац бохург, иштта дIахьедо цара, Адинайца пневмонин цхьа а симптомаш яцара бохуш.

"Адамаллин маттахь дехар динера тхоьга, лоьраш тоьаш бац, балха дагIахьара аьлла. Лахарчу медперсоналан могIаршка хIиттий а, арадовлахьара шу бохуш, доьхура. Тхо реза хилира. Даггара тхешан декхар кхочушдан аьлла, дIахIиттинера тхо, хIунда аьлча, тхан болх ма бу хIара. Тхайна дика дан хуъург до оха- нахана дарба деш. Ткъа хIинца, хIара боллу хиламаш тIехбевлча, доллу бехкаш тхуна дуьтуш ду. Кху массо а хIумана тхо бехке долуш санна",- дуьйцу шен лаамехь балха араваьллачу лоьро Абдрахманов Бекзата.

Дерриг а гIоьртина ду, госпиталашкарчу массо а лоьраша дIатекхочу мохьах аьлла хета Бекзатна. Ницкъ хуьлу царна боху цо. Юьхьанца чIагIонаш йинера, иза болх беш волчу дарбан цIийне кхин дIоггара чолхечу хьолехь бохку нах оьцур бац аьлла. Ма-дарра аьлча, пехаш 70 процентна дIалаьцна дархой бу кхузахь Iохкуш. Дуккха а сахьташкахь тIе йоьхна чорде костюм а йолуш къахьега гIора массарана а ца тоьа боху Бекзата.

Шайн могушаллица цхьацца сингаттамаш болу лоьраш а, цо бахарехь, мел а аттачу хьелашка хIиттон безаш бу.

"Кабинеташкахь хевшина а Iаш, болх бечу наха дийцаредо тхан балхах лаьцна, - боху Абдрахманов Бекзата. – ХIара-м билггал тIом ма бу- вирусна а, тхуна а юкъахь дIабоьдуш болу".

Пневмоница болу нах дийнахь а, буса а отеле оьху, цундела лоьрийн 24 сахьтах 18 сахьтехь болх бан беза. Оцу заманчохь цкъа а коронавирусан тесташ ца йина царна, цхьаннан а бала ца хилла цаьргарчу хьолах а.

Медикаша боху, Iедалхоша лоьрийн институташкара дешархой кхайкхира гIоьнна, амма дукха сиха бицбира уьш.

"Тхо балха кхойкхучу заманчохь, тхо патриоташ ду бехира, ткъа хIинца хьал тIамтIехь санна ду, тхо декхаре ду нахана гIо дан, - боху лоьро Кайрата. – Бакъдерг дийцича, сан дена а, нанна а хууш дац, ас лелочух. Со цIахь воцийла ца хаьа царна".

Пачхьалкхан президенто кадам бина еллачух цуьнан доьзале, ткъа Адинай доьшуш хиллачу Медицинан Академин ректорна хан ца карийра комментари яла. ЙоьIан кхалхарх лаьцна кехатца делла жоп тоаме хийтира могушалла Iалашъяран министраллана. Документа тIехь билгалдаьккхина ду, Адинайна цIеххьашха вон хиллера, пхенаш ийзон доьллера цуьнан аьлла.

"Деган а, пехийн а реанимаци йолийнера, 40-чу минотехь цомгашъерг кхелхира. Цуьнан белхан накъосташа бахарехь, хIинццалц цкъа а шегарчу хьолах латкъамаш бина бацара цо", - аьлла, яздина ду протокола тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG