ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Турпалхой я цӀиймуьйлургаш? Кавказерчу къаьмнашца тIемашбинчарна хIиттийна хIолламаш


Ермоловна Пятигорскехь хIоттийна хIоллам

Адлерехь меттигерчу Iедалша, чергизойн жигархоша доьхург кхочуш а дина, дIабаьккхина Кавказан тIамехь дакъалаьцначу оьрсийн салташна хIоттийна хIоллам. Масех де даьлча "Российское военно-исторического общество" олучу кхеташонан куьйгалхочуьнан когаметто Таран Константина дIахьедардира, хIоллам юхаметтахIоттор болуш бу аьлла, Кавказан юкъараллийн жигархой эргӀад а бохуьйтуш.

"Девне" эсаллаш а, хIолламаш а дукха гучубевлла Къилбаседа Кавказехь тIаьхьарчу шерашкахь. Церан доккхахдолу дакъа доьзна ду Кавказан тIеман хиламашца. Цу тIе монументашна реза цахилар меттигерчу къаьмнийн хилла ца Iан. Кавказ.Реалиино хIоттийна уггар къовсаме болчу хIолламийн тептар.

Ермоловн хIолламаш

Масала, лаьмнашкара къаьмнаш эшорна куьйгалла деш хиллачу инарлан Ермолов Алексейна карарчу хенахь Кавказехь хIоттийна бу кхо хIоллам. Уьш кхуьа а хIоттийна Советан Iедал доьзначул тIаьхьа. Ставрополехь монумент хIоттийра 1998-чу шарахь, Минводехь – 2008-чу шарахь, Пятигорскехь – 2012-хь.

Минводехь Ермоловна хIоттийнарг Оьрсийчохь уггар боккха хIоллам бу оцу инарлина хIиттийначерах. 2,85 метр локхалла йолу скульптура ю дIахIоттийна 3 метр лекха мокхазан тӀегӀан тIехь. Иза еш ахча гулдира могIарерчу бахархошкара. Цуьнан мах бу 4 миллион сом. Амма 2011-чу шарахь цуьнца йоьзна инцидент хилира: меттигерчу бахархоша чохь басар долу хIоаш диттира скульптурина. Цул тIаьхьа иза цIанъян дийзира.

Пятигорскерчу хIолламах лаьцна интервью луш, Минводехь йолчу "Барт" юкъараллин-культуран центран куьйгалхочо Магомадов Нажмудис элира, къаьмнийн юкъараллаш дуьхьал ю иза хIотторна аьлла: "Кхарачойн а, балкхаройн а цхьаьнакхетта юкъаралла а, абадзинийн юкъаралла а, черкесаш а – массара шайна хетарг хаийтина цу хьокъехь. Кавказерчу муьлххачу къоман вочу агIор хьажар ду Ермоловна хIолламе".

Дади-Юьртара хIоллам

2013-чу шарахь Нохчийчохь схьабиллира Дади-Юьртарчу зударшна лерина хIоллам. Эвла (Еромловн)эскарша дIалаьцча, уьш йийсаре лецнера, амма шаьш Терках бохуш хи чулилхира уьш, ха деш болу салти а эцна. И хIоллам хIотторо цхьа маьӀна доцу реакци хилира оьрсийн бахархошна юкъахь.

Ша Ермоловс Дади-Юьртана штурм яр кхетадора, оцу эвлара бахархой оьрсийн салташна а, императоран Iедална муьтIахь болчу меттигерчу бахархошна а ца кхоьруш тIелетарш деш хиларца. Ингалсан яздархочо, дерриг дуьненехула ваьлла лелачу Баддели Джона билгалдаккхара, "оцу эвларчу бахархоша коьртачу декъана дийриг дара талоран корматалла лелор, амма цара говза ларш яйъара шаьш динчу боьхачу гIуллакхийн, наггахь а бен уьш бехке хилар гучудаккха аьтто ца беш".

"Народный собор" боламан координатор а, "Единство Нации" фондан вице-президент а волчу Хомяков Владимира билгалдаккхара, Нохчийчоьнан куьйгалхочо деш дерг, ша аьлча Дади-Юьртахь хIоллам схьабеллар, ларамаза деш цахилар: "Кадыров Рамзан ша лелош дерг хIун ду а хууш цхьацца васташ кхуллуш ву Нохчийчохь оьрсийн халкъан чоьтах нохчийн халкъан хилларг турпала хилар гойтуш. Иза дакъа ду цуьнан политикан".

Шемилан рагIу

ДIоггара дукха хан яц юхаметтахIотийна "Шемилан рагIу" олу гIишло. Иза йина имам Шемил йийсаре валош оьрсийн инарла Барятинский Александр цуьнга хьоьжуш тIехь лаьттинчу тIулган тIехула. И хилам дагахь латтош цу тIулга тIехь гайтина ду 1859-гIа шо.

И рагIу ду Лакхара Гуниб цIе йолчу эвлан территорина тIехь. И эвла еррриг аьлча санна йохийна дIаяьккхинера цигахь деъа дийнахь тIом лаьтташ. РагIу юхаметтахIоттийра 2000-гIа шераш дуьйлалуш, 1995-чу шарахь иза эккхийтина хиларна. Цул хьалха (Шемилан) рагIу дохо гIоьртинера 1920-чу шерашкахь, амма иза дийна дисира.

Шемилан рагIу
Шемилан рагIу

Зассна хIоттийна хIоллам

Армавирехь болчу Засс Григорийн хIолламна реза бац меттигера бахархой. Революци а хилале цуьнах лаьцна иштта яздора: "Засс вехаш волчу меттиго, Прочноокопская гIопо Iадабора ГIуба хиндехьара бахархой а, ткъа иштта тIехуллехула бовлу некъахой а. Цунна го бина бара вал, тIехула йина керт а йолуш. Цу кертан дукхачу меттигашкахь ирдинчу хьокхешна тIехь дохкуш дара чергизойн кортош".

Адыгийн Iилманчо Хотко Самира билгалдоккху, Засс дагахьлатто оьшуш стаг ца хилар: "И стаг ву цхьа моралан Ӏалашо санна, махкана гIуллакх даран масал санна вайна кхийдош. XXI бIешарахь, шайн чулацамехь зуламхой болчу нахана хIолламаш хIиттор, суна хетарехь, нонсенс ю. Низамашца дуьстича, мегар долуш дац хIоллам хIотто Оьрсийчоьнан Федерацин мехкан къоман векалш, адыгийн дай къиза хIаллакбинчу стагана, ткъа тхо – адыгаш – буьззинчу барамехь бакъонаш йолу вайн мехкан гражданаш ду".

Туркойн салташна хIоллам

2018-чу шарахь Дагестанехь хIоллам хIоттийра Хьалхара дуьненан тIом боьдуш Кавказехь цкъа дуьххьара оьрсийн императоран армина дуьхьал, цул тIаьхьа къайн гвардехьа хиллачу инарлан Бичерахов Лазаран эскаран дакъошна дуьхьал леттачу Османан империн салташна. Иза схьабиллира Дагестанерчу масех эвлан юкъараллаш сацам барца. Цу обелискана тIе яздина ду, Османан империн эскархой майра ийгира Порт-Петровск (карарчу хенахь ХIинжа-Гала) маьрша йоккхуш. Оццу хенахь Бичераховн ницкъаш хьахийна бу "оккупацин эскарш" аьлла.

Цу тайпаниг дуьххьара хилла ду - Оьрсийчоьнан территори тIехь уггар баккхичерах тIамехь хиллачу цуьнан мостагIашна хIоллам хIоттор: Оьрсийчоьно тIом бина Туркойчоьнца 20-зза ала мегар долуш.

Дагестанехь Порт-Петровск (ХIинжа-гIала) маьрша йоккхуш 1918-чу шарахь эгначу туркойн эскархошна хIоттийна хIоллам
Дагестанехь Порт-Петровск (ХIинжа-гIала) маьрша йоккхуш 1918-чу шарахь эгначу туркойн эскархошна хIоттийна хIоллам

Интернетехь цу хIолламах олу "туркойн интервенташна хIоттийна хIоллам". Ткъа цхьана дийнахь "цIеххьана" хийцира цунна тIера йоза. Уьнна тIе яздинера "1918-чу шарахь Агачаул эвлана гергахь Тарки-Тау лома тIехь Оьрсийчоь а, Дагестан а маьрша хиларехьа хиллачу тIемашкахь эгначу бIаьхошна. ПаргIато а, синтем а лойла церан синошна". ГIумкийн халкъан юкъараллаша емал дира иза, динарг вандализман акт ю аьлла.

Баклановн хIоллам

Революци ялале хьалха хIиттийначерах бу Новочеркасскера Бакланов Яковн хIоллам. Иза бина I911-чу шарахь. Цуьнан байракхах а яра лелаш легендаш: Iаьржачу дарин байракха тIехь йиллина туьта яра, кIеллахь ши даьIахк а йолуш, тIе яздина "Динан символера" - "Чаю воскрешения мертвых и жизни будущего века. Аминь" йоза а долуш..

Кавказера ламанхой дуккхазза а гIиртинера шайн безам боцу, шаьш "Шайтан-Боклю" цIе йоккху Бакланов вен. Леррина дато дендаргаш а еш хилла, эпсарна шайтIано гIо деш хиларх тешачу цара. Делахь а хIинца баш эргIадвуьйлуш а, хIоллам дIабаккха бохуш дIахьедарш деш а стаг вац. Бакъдерг дийцича, юкъ-кара тишло и хIоллам, тIаккха бахархоша кехаташ яздо гIалин Iедалшка, иза тобина меттахIоттор доьхуш.

Рашпилан хIоллам

Чергазийшца тIемаш бинчу кхин цхьана инарлина Рашпиль Григорийна хIоллам хIоттийна Краснодарехь 2016-чу шарахь. Иза тидам тIеозош бу шена: колонна ю 4 метр, цу тIе хIоттийна ю атаманан Рашпилан 3 метр лекха бронзан фигура.

Историко Бешто Аслана цу хьокъехь боху "шайн къизаллица уггар билагалбевллачу, Малхбузен Кавказ меттигерчу бахархойн цIанъярехь жигаралла гайтинчу нахах турпалхой бар ду дIадоьдуш".

Рашпиль Григорийн хIоллам
Рашпиль Григорийн хIоллам

Суворовна хIоттийна хIоллам

Суворов Александрана хIоллам хIоттийра Майкопехь 2014-чу шарахь. Хеталора православин оьрсийн эскархойн баьчча иза хиларна мила сийсаз вийр ву оцу стагана хIоллам хIотторо? Амма ма-моьтту цIена а дац дерриг а. Суворовн омрица, берриг а аьлча санна, хIаллакбина дIабаьхнера ногIий. Историкаш тоьшаллаш дарца, вийра, Кавказера дIабахана кхечу меттигашка баха ховшарна дуьхьал хилла, лаххара а 400 эзар ногIи.

Бештос дийцарехь, Суворов "билгалвелира" Кавказехь ногIий бохорца а, жанэ олу чергазийн тайпа хIаллакдарца а.

"Оцу халачу хенашкахь а, реза ца хилар теснера цо динчо императрицин дагчу, цо бехке вира Суворов тIех сов кIизаллаш лелорна", - билгалдоккху Бештос. "80 процент жигара бахархой Кавказехь Суворовна хIоллам хIотторах лаьцна шена хеттарг хеташ бу", боху цо.

Романовна хIоттийна хIоллам

Императоран Николай Хьалхарчуьнан кIантана Романов Михаилна Адыгейн Майкопан кIоштахь йолчу Свято-Михайло-Афонан монастырехь хIоттийна хIоллам дIабаккха дуккхазза а гIиртина чергазий. Эла Романов ткъех шарахь лаьттира Кавказехь паччахьан Iедалан сардал.

Адыгейн Теучежан а, Тахтамукайн а кIоштийн "Адыгэ Хасэ" дакъоша а, ткъа иштта Карснодаран махкарчу "Адыгэ Хасэ" декъо а дIахьедарш до шаьш дуьхьал хиларх лаьцна паччахьана ларам боцуш дукха бIеннаш эзарнаш берашка а, зударшка а, баккхийчу нахе а бала хьегийтинчу Iедалан доьзалан а, паччахьан эпсарийн а эс латтош чергазийн территорина тIехь хIолламаш хIитторна.

Лазаревн хIоллам

Адмирална Лазарев Михаилна Сочехь хIоттийна хIоллам кхин цхьа корталазар ду чергизойн. Дуьненаюкъарчу чергазийн ассоциацин исполкоман сацамехь аьлла ду: "Адамийн юкъара гIиллакхийн билламашца догIуш цахилар лара Сочин Iедалша адыгийн даймахкахь бухарчу къомаца, дуккха а маьрша адамаш а дойуш, тIемаш бинчу Лазаревна хIоллам хIотто сацам бар".

ХIоллам масийттаза дIабаьккхира постаментана тIера, амма юха иза дIохIоттабора циггахь.

Лазарев Михаилана хIоттийна хIоллам
Лазарев Михаилана хIоттийна хIоллам

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG