ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тергамхой: Латакияхь гIаттамхоша Iуналла дечу меттигашка бомбанаш йиттина Оьрсийчоьнан кеманаша


Шема, Латакия провинци

Оьрсийчоьнан а, Шеман а хаамийн агенталлаша цхьа а хаам бац цунах беш

Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша Шемарчу Латакия провинцехь оршотан дийнахь тохарш дина гIаттамхоша лаьмнашкарчу кIошташкахь дIалаьцна латточу позицешна, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. Оццу хенахь Iедалан тIеман ницкъаша яккхий тоьпаш а, ракеташ а йиттина, хаам бо Шеман адамийн бакъонашкахула тергаман кхеташоно а, оппозицехь йолчу "Джаиш аль-Наср" вовшахтохаралло а.

Iедалан ницкъаша иштта гIала чубаха гIерташ тIематасадалар дIадаьхьна гIаттамхошца Джебель аль-Акрад олучу стратегин агIор тIом беш мехала долчу дукъахь.

Оппозицин мониторинган центро бинчу хаамца, авиатохарш совцийна Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша делкъалтIаьхьа. Оьрсийчоьнан а, Шеман а хаамийн агенталлаша цхьа а хаам ца бина цунах лаьцна.

Шеман армино хьалха а масийтта тIеман операци дIаяьхьира Джебель-эль-Акрад дукъан лакхе дIалаца гIерташ. Цигарчу позицешкара гIаттамхой дIалахкалахь, армин аьтто бийр бу Идлиб га, Латакия а, Алеппо а гIаланаш хуттуш болу коьрта некъ а дIалаца.

Шеман къилбаседа-малхбузехь дIатаръелла ю, Оьрсийчоьно гIо а деш, президента Асад Башара дIалаьцначу пачхьалкхан кхечу меттигашкара евдда дуккха а исламистийн а, оппозицин а тобанаш. Оцу регионехь хан токхуш бу шайн хIусамаш йита дезна гуманитаран гIо оьшуш болу дIабахана бIеннаш эзарнаш бахархой.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG