ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь севццарш. Идлибера кавказхой


Шема, Маргошвили Мурад (Шишани Муслим)

Советан пачхьалкх йоьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкара Шема а бахана, тахана Идлиберчу тIемалошлахь болчу каквказхойх, шемахойн оппозицица цара лелочу юкъаметтигех, мостагI таронашца шайл онда воллушехь, уьш Шемахь совцарх лаьцна "Кавказ.Реалиина" дийцира "Нохчий Шемахь" проектан автора Паращук Джоаннас.

Адам шина декъе декъаделлачу Шемахь 2011-чу шарахь баьллачу тIомо вийна, кеп-кепара йолчу статистикаца, ах-миллион гергга стаг. ХIусамаш а йоьхна, мухIажир ваьлла 11 миллион вахархо – Шемара ах-халкъ. Кхаа декъе бекъабелла мохк. Доккхахдолу дакъа Асад Башаран а, цуьнца гергарлонехь йолчу пачхьалкхийн - Оьрсийчоьнан а, ГIажаройчоьнан а - Iуналлехь ду. Оцу кхаа бертахочун кеманаша еттачу бомбанаша, ракеташа хенан йохалла гатъеш лаьтта Туркойчоьнан дозанна гергарчу шемахойн оппозицин карахь йисина мехкан кийсак. Оцу лаьттан декъа тIехь бисина бусалбанаш-суннатой а –коьртехь шиIатойн буьйранчаш болчу Асадан дакъоша шайна гIелоярх кхоьруш, уьду царех суннатой. Шемин къилбаседа-малхбалера латта ду курдойн куьйга кIел.

Оцу хьелашкахь хIун хуьлуш ду оппозицин карарчу мехкан декъа тIехь – Идлибехь а, цунна уллерчу Алеппо, Латакийа, ХIама кIошташкахь а? Меттигерчу бахархоша "мукъадаьккхина латта" олучу оцу кIошташкахь (шемахошлахь а, кхечу пачхьалкхашкарчу тIемалошлахь а) бу Асадна дуьхьал тIемаш бен кавказхой, гIезалой, Юккъарчу Азера нах.

ЖамаIаташ

"Нохчий Шемахь" проектан автора, аналитика Паращук Джоаннас дийцарехь, "Хьайат Тахьрир аш-Шам" (Оьрсийчохь йихкина ю и тоба) альянсан могIаршкахь бу Оьрсийчуьрчу къаьмнийн векалех цхьаберш, амма дукхахберш шаьш-шайна лелачу тобанашкахь бу, цхьалха лела тIемалой а нисло царалахь.

Кавказера, Оьрсийчоьнан кхечу мехкашкара дIабахначу тIемалойх цхьа дакъа ду Шемарчу тIеман «къаной» шайх аллал дукха шераш цигахь даьхна. Иштачара зударий а балийна, доьзалш хецна Шемахь.

Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьакхашкарчу ансарийн жамаIаташ:

  • "Лива МухIажирин валь-Ансар" - Кавказерчу тIемалойн жамаIат ("Хьайат Тахьрир аш-Шам" юкъайогIу);
  • "Таухид валь-ЖихIад" - узбекех, таджикех лаьтта жамаIат доккхачу декъанна, амир ву цуьнан Iабдул-Iазиз Узбеки ("Хьайат Тахьрир аш-Шам" юкъайогIу);
  • "Имарат Кавказ" ша яьлла тоба, амма иза герга ю "Хьайат Тахьрир аш-Шам" жамаIатна. "Имарата Кавказан" Дагестан вилайатан амир лаьттинчу Гимрарчу Салахьуддина кхоьллира иза;
  • "Жунуд аш-Шам", амир – Паьнгазара Шишани Муслим, Нохчийчуьрчу тIеман декъашхо, ("Джунд аш-Шам" яц иза, Урдунехь кхоьллира и цIе йолу жамаIат 1990-чу шерашкахь);
  • "Ажнад ал-Кавказ", амир - нохчо Шишани Iабдул-Малик;
  • "Катиба Имам Ал-Бухори"​ – ОвхIанистанерчу "ТIалибанан" узбекех лаьтта дакъа, шайн даймахкахь а, Шемахь а бо цара тIемаш;
  • Malhama Tactical​ – ша лаьтта тоба, гергарлонехь ю "Хьайат Тахьрир аш-Шам" жамаIатца. ТIемаш барал совнаха, керла тIемалой а Iамабо цо. Цуьнан амир ву Шишани Iела. Цул хьалха тобан коьртехь вара Казанера узбек Балтабаев Сухроб (Абу Рофик). 2017-чу шарахь Балтабаевс ша вийна кеп хIоттийра хаамашкахь, амма кхелхира стохка гуьйренан юьххьехь.

*Билгалдаккхар: ЦIерш яьхна тобанаш магош яц Оьрсийчоьно.

"Бехха тIемаш бина а, бан хууш а болу тIемалой а бу, цара кест-кеста хуьйцу шаьш дакъалоцу жамаIаташ. Царех ву, масала, гоьваьлла Шишани Абу-Бакр, Нохчийчуьрчу тIемех чекхваьлла а, ехха хан Шишани Муслиман тобанехь яьккхина а ву иза ", - дуьйцу эксперта.

Паращук Джоаннехь йолчу информацица, коронавирус бахьанехь пачхьалкхаша шайн дозанаш къовллалц дIаоьхучу бусалбанаша юзуш яра Шемара жамаIаташ. ДIаоьхура, Асадан эскарш а, цунна аьтто беш йолу пачхьалкхаша а толамаш боххушехь. "Бакъду, сан чIагIдойла дац иза факташца. ДIаоьхуш хиллехь а, шераш хьалха санна хуьлийла дац и барамаш. Дац олийла, и нах ДАIИШ дагайоьхна лела а, оппозицин ницкъаш дуккха а бу Шемахь", - боху цо.

Паращука кхидIа дийцарехь, тахана тIемашкахь дакъалоцуш болу кавказхой а, Азера бIаьхой а бу дуккха шераш хьалха Шемахь баха охьахевшинчу нахах. Бакъду, хилла цига лелаш а, цIабоьлхуш а хьийзарш. ХIинца хьалхачул вуно кIезиг бу Шемара арабуьйлу тIемалой.

"Хьайат Тахьрир аш-Шам" а, тIебаьхкинарш а. Юкъаметтигаш

Советан пачхьалкхах кхоллаеллачу пачхьалкхашкара Шема кхаьчначу тIемалошна "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тобанца – иза уггаре йоккханиг ларало оппозицин ницкъашлахь - атта дац юкъарло каро. Оцу тобан коьртехь ду «Ал-Кхайда» олучу экстремистийн эскаран дакъош («ДжабхIат Фатх аш-Шам»).

Меттигера бахархой леткъа "Хьайат Тахьрир аш-Шамна", цуьнан карах леш бу боху цунна резабоцу нах а, арахьара тIебаьхкинарш а. Масала, дIабахначу баттахь цо, цхьа а бахьана ца довзуьйтуш, лаьцна Британера гуманитиран белхахо Шариф ТIавукир. Иза лацарна резабоцчу зударша а, бераша а, лозунгаш а карахь, протестан гулам хIоттийра Идлибехь. Цигахь яьккхина видео гайтина OGN TV ресурсо.

Пращук Джоаннас дийцарехь, "Хьайат Тахьрир аш-Шамо" лецначаралахь ву "Тавхьид вал-ЖихIад" тобан амир лаьттина, Киргизера схьаваьлла волу Ал-Узбеки Абу-Салахь (Мухтаров Сирожиддин). Оьрсийчоьно иза бехкевора Петербургехь метро эккхийтарна 2017-чу шарахь, амма цо ша вац бохура и зулам диначийн декъахь.

"Гарехь, иза кхечу, «Ансар ад-Дин» тобане дехьаваьлла, цигахь цо ша "Хьайат Тахьрир аш-Шамна" резавацар къадийна, цул тIаьхьа лаьцна иза", - дуьйцу Паращука.

Иштта лаьттачу хьелашкахь кавказхой а, Азера нах а гIерта шаьш-шайна бийла, шайн жамаIаташкахь совца. Берта къамелаш а хуьлу вовшашца гамбеллачу тIемалошлахь.

"Шаьш а бевлла, тIемаш беш ю нохчех йолу йоккха ши жамаIат -«Джунуд аш-Шам» а, «Ажнад ал-Кавказ» а. Оцу шина жамаIато даима кхойкхура кхиболу тIемалой вовшашца лараме хиларе. Церан амираша массех де хьалха дIахьедар даьккхина зорбане, шаьш гIодан кийча ду "Хьайат Тахьрир аш-Шамна" а, керлачу оперативаш штабна а («Фасбуту») юкъахь маслаIат деш, аьлла. Вовшашца тIемаш бина а тIехь ю и ши тоба", - дуьйцу "Нохчий Шемахь" проектан автора.

Керла санкцеш а, туркойн лира-ахча тIеэцар а

Идлибан а, гонахарчу кIоштийн а кхерамзалла галйоху меттигерчу жамаIаташна юкъа кест-кеста лелхачу девнаша а, ца хеддаш Асадехьа йолчу пачхьалкхаша еттачу бомбанаша а, латта гатлуш, Туркойчоьнан дозанехьа нах дIагIерта безаро а.

Амма Асадан толамаш байбеш нисло Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхийначу " Цезаран Низамо" – байначу баттахь президента Дональд Трампа омра арахецна санкцеш кхайкхош. Демаьшкаца юкъаметтиг латточу пачхьалкхан а, доларчу а компанийн а ахчанаш дIакъовлуш ю Вашингтон. Хьакхадала тарло и низам Оьрсийчоьнах а, ГIажаройчоьнах а. Доцца аьлча, юьззина экономикан изоляци ю Шемарчу Iедална дуьхьалйоккхуш.

Шайн пачхьалкхера валюта лахлуш, дужуш хиларе терра, Туркойчоьнан лира оьцуш бу шемахой. Иза дан магадо ханна Туркойчохь куп тоьхначу Шемин оппозицин Iедало. Оцу Iедалан коьртерчу Iабдур-Рахьман Мустафас Twitter машанехула кхайкхийна лира эца магар, иза даиманенна деш дац аьлла тIе а тухуш. Лира юкъадаларо шайн декъаза дахар аттачу даккха тарло аьлла хета шемахошна.

ЦIа стенна ца боьлху Шемара нохчий?

"ТIеман Iазап а, рицкъан якъо а ца ловш, Шемина юьстах стенна ца довлу шу, шайга хаьттича, цхьатерра хуьлу нохчийн а, тIебаьхкинчу кхечу ансараша луш хеза жоп: "Тхо бусалба ду, Асадна дуьхьал тIом бечу шемахошна гIодан деза оха, тхуна го Асада бомбанаш етташ, зударий, бераш хIаллакдеш", - дуьйцу Паращука.

Асад Башаран Iедало а, эскарша а шайн къоманна дуьхьал даккхий зуламаш динийла гайтира, масала, Демаьшкарчу, шех Цезарь олуш волчу фотографа, Iедало хIиттийначу набахтешкахь байъинчу массийтта эзар нехан суьрташ Шемара ара а даьхна, дуьненна довзийтича. Дукха шемахошна шайн доьза байна ларалуш болу гергарнаш карийра беллачу нехан суьрташца.

Оцу къизалло рогIехь Iадийра дуьненан интернет. Iаьрбийн хаамийн гIирсаша деношкахь дийцира Идлиберчу къаночух Абу Йусуфас лаьцна. Воккха стаг воьлла суьрташка хьежа, 7 шо хьалха вайна шен воI лохуш, карийна цунна иза, амма гушшехь, дог иккхина велла Абу Юсуф.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG