ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьолах пайдаоьцуш бу? Нагахь санна, коронавирус яцахь - лоьрашка орца ма деха аьлла Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бира махкахошка, коронавирусца йоьзна йоцу цамгар бахьанехь телефонехула лоьраш цIа ма беха, аьлла. Цо бахарехь, "иштачу наха шайн могашалла кхерамна кIел юьгу".

ТIаьххьарчу пандемин беттанашкахь шаьш лайнарг а, регионехь шога карантинан раж латтар а, иза йохийначунна тийсина кхерамаш а дагахь болчу дуккхаъчара иштта кхетийра цуьнан дешнаш: нагахь санна, ковид хьоьца яцахь, лоьраш кхайкха маггане а мегар дац бохург санна.

"Ялх гергара стаг кхелхира"

"Деха лаьа бахархошка, хьолах пайдаэца ма гIерта, хIунда аьлча, кхайкхинчу 100-ннах 30% коронавирус шайх хьакхаелла ца хуьлу. Кхойкху маьхза шаьш лоьрашка зейта. Оцо халчу хьоле боккху ишта а хала бохкучу лоьрийн болх", - аьллера Кадыровс, эпидемина дуьхьало латто Iалашонца кхоьллинчу штабан кхеташонехь..

"Гражданское содействие" юкъараллан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас бахарехь, Нохчийчохь наггахь бен сатуьйсийла яц цIеххьана кхочучу орцане.
"ХIинцца со йолчу (комитете) веана ву цигара цхьа стаг. Мах а белла, коронавирусан ун толлуш йинчу тесташа лазарш тIечIагIдиннашехь, лоьраш ца богIура шайга боху цо. Шаьш дарбанаш лелийна хиллера цара. Ялх гергара адам кхелхина оцу стеган, ткъа оцу юкъанна коронавирусах йоллу республикехь а 13 стаг бен велла вац бохуш, кхийкхош дара зераш", - дийцина Ганнушкинас.

Официалан статистикехь дIахьедеш долу терахь 8 стаг велла бохуш дара, амма шена Нохчийчохь бевзачарлахь цу муьрехь пхи стаг веллера боху бакъоларъярхочо.

Махкахь дуккха а нах бу ун даьлла, ткъа леш болчийн терахь денна десташ догIу бохуш, чIагIдо нохчийн политолого Кутаев Руслана.

Корнавирусо кхин йолу цамгарш юкъах ца яьхна боху Кутаевс: "Диабет, инфаркт, инсульт- сихха лоьрийн гIо оьшу лазарш ма ду уьш. Оцу цамгаршца болчу дархойн бакъо ю цаьргара гIо деха".

"Коронавирус ю аьлла, шеконаш хилча ларвала гIерта".

Республикерчу могашалла Iалашъяран министралло кхетийра, лоьраш цIа кхайкхар шина декъе декъалуш ду аьлла: дIататта йиш йоцуш а, цIеххьана тIекхача безаш а хуьлуш, лазаре хьаьжжина.

Амма, коронавирусан уьнах кхоьручу наха, жимма а шелбелла билгалонаш гучуевлча, орца доьху боху министраллан пресс-гIуллакххойн коьртачу говзанчас Касумова Хьавас.

Пандеми гучуяьлчхьана лоьраш цIабехар Iаламат даьржина бохуш, билгалдаьккхина цо: "Нисло цхьа консультаци оьшуш, лоьраш цIа кхойкхуш, йа жимма а шеконаш хааелча, телефонаш етташ берш. Хьалха санна хилча, телефонаш ца етта там бара цара, амма кху хIоьттинчу хьолехь, коронавирус ю олий, шеконаш а хуьлий, ларбалархьама орца доьху цара".

Цхьана моттаргIане йолчу йоккхачу стага шен дегIан дагар 37 ма хилли, дийнахь масийттазза а нислора лоьраш цIа боьхуш бохуш, дагалоьцу хилларг Касумовас.

Цо дийцарехь, пандеми йоллушехь, лоьрийн гIо кхачо машенаш тоаме ю: "ТIаьхьататта йиш йоцуш меттиг нисбелча 30-40 минотехь сатийса деза лоьрашка дархочун, ткъа маса тIекхача оьшуш ситуаци елахь, оцу минотана дIахьовду лоьраш. Леррина царна аьлла, латтош ю машенаш. Бен дац: хуьлийла и ковид, хуьлийла и муьлхха а кхин лазар. ТIехсов тоаме ю машенаш. Диспетчерийн болх низамашкахь, цхьана урхаллин къепехь нисбина бу: телефон тоьхначунна гергахь йоллу машен дIахахкало гIоьнна".

Бакъду, цкъачунна оцу машана тIетесна йоллу кIошташ яц. Шо чекхдалале и болх берзон Iалашо ю Iедалхойн, боху къамел динчо.

Ахча дацахь лоьраш цIа боьхийла дуй?

Нохчийчохь Чеченстато дахначу шеран динчу зерашца, юккъерчу барамехь аьлча, белхан алапа 27,6 эзар сом ду. Ткъа билггал бахархошна тIедогIу рицкъ кхин а лахара ду, официалехь Iорадохучул а. Цундела массо а хIумана тIехь ахча кхоон дезаш хуьлу бахархойн, къаьсттина, билламе долчу маьхза лоьрийн хьаштех лург.

Соьлж-ГIаларчу яхархочо Зинас дагалоьцу, коронавирус гучу а ялале, 103 лоьмарца телефон тухура лоьрана тIебаха аьтто боцучара бохуш.

"Нагахь санна, оцу стеган цхьаъ лозуш елахь, я иза лазар деана велахь, поликлиникехь массо а хIуманах ахча охьадилла деза цуьнан. Цундела, ахча юхаийзош, нах тIе ца боьлху, садетташ. Дан хIума а ца хуьлий гергарчара лоьраш кхойкху цIа эххар а. Баьхкинчу цара маьхза гIо до, йа дарбан цIийне дIавуьгу дарба оьшург", - боху зудчо.

Пандемин хьалхара тулгIе йоьдучу юкъанна, массо а планехь йолу операцеш цхьана ханна дIатеттира, цундела 30 шо долчу Нохчийчуьрчу Седин хIилла дан дийзира, хирургана тIекхачархьама.

"Эпидемина тIехула операцеш юкъахъяьхна элира соьга дарбан хIусамехь, ткъа сан чож дистина, йоккха къуркъал (грыжа) яра гай тIехь. Еза хIума ас ца айбичхьана, лазарш ца оьхура", - боху Седас.

Шена тIе лоьраш а кхайкхина, лазар деана моттуьйтуш, кеп хIоттийна хиллера цо.

"Дарбан цIийне дIайигира со, чIогIа аьтто белира сан - суна оьшучу хирурган каракхаьчнера со. Циггахь цуьнца барт бира ас. Иттаннашкахь эзарнашкахь соьмаш ахча дала дийзира сан, делахь а, сан гIуллакх хилира".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG