ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тумсон эфирашка хьийса магийна Кадыровс ". Абдурахманов Мухьаммад: Нохчийчуьра информацин тIом


Абдурахманов Мухьаммад
Абдурахманов Мухьаммад

Абдурахманов Мухьаммад Швецехь схьайиллинчу "Вайфондан", нохчийн бакъоларъяран ассоциацин векал ву. Шен вашас, Нохчийчуьрчу Iедална критика ечу видеоблогера Абдурахманов Тумсос а санна, даймахкахь шена ваха кхераме хиларна тховкIело ехна цо Европехь. Деношкахь Германино тIерабаьккхина экстремизман материалаш яржорна, аьлла, цунна тIебаьхьина хилла бехк. Deutsche Welle газето "ДАIИШ-на герз хьан латтадо?" цIе а йолуш арахецна хаам а, цхьаьнхьара схьаэцна зуламе видео а социалан машанехь шен агIоне яхкарна бехке вора иза.

Ша бакъвинчул тIаьхьа цо ойла йо, хьанна эшна ша кхеле вала. Цунна хетарехь, я Оьрсийчоьнан къайлаха ницкъаш хила беза уьш, я иза везаш боцу Европера нохчий хила беза иза кхеле велларш.

ТховкIело яларе хьоьжуш веха Абдурахманов Германехь. Оцу юкъанна шен махкахойн бакъонаш Iалашъяйтар а, шен вешин эфирашна YouTube-каналехь модераци яр а бу цуьнан болх.

Мухьаммада дийцарехь, Нохчийчуьрчу Iедало бюджетера ахча оьцу нах, шайлахь лоьраш а, ницкъхой а болуш, социалан машанашкахь мехкан куьйгалхо вазвеш, баттахь лаххара а итт-итт хастам баржор тIедиллича совбевлла боташ (харц хаамаш юкъабоху нах я автоматаш) цуьнан вешин YouTube-каналехь.

Цхьана хенаца нисделла Нохчийчохь махкарчу Iедална товш боцчу наханна дуьхьал ен пропаганда марсаяккхар а, Европехь массех Кадыровн критик вер а. Товбеца-беттан 4-чохь Австрин коьртачу шахьарахь герз тоьхна вийра блогер Умаров Мамихан – YouTube машанехь Кадыровна дуьхьал ира къамелаш дарца вевзара иза. Кхушеран Чиллан-баттахь Францерчу Лилль гIалахь вийна карийра оццу хьесапехь Нохчийчуьрчу Iедалхошна машанашкахула критика еш хуьлу Алиев Iимран.

Кавказ.Реалиина ша еллачу интервьюхь Абдурахманов Мухьаммада дийцира, хIун хила тарло цунна духьалбаьккхинчу бехктакханан бухахь, муха латтабо къийсам Нохчийчуьрчу Iедало интернетерчу шен критикашна дуьхьал, мел дукха бу YouTubе-каналашкахь провокаторш, "троллаш".

"Талламчас къадийра девна бухахь политика хилар"

– Мухьаммад, Кадыровн режиман критик а, "Вайфондан" Германера векал а, Абдурахманов Тумсон ваша а, цуьнан эфирийн модератор а санна вевза хьо. Оцу охьадагардинчу "даржех" муьлхарниг ду хьуна уггаре деза?

– Со оцу массо а "даржашца" лараво! Ас мел дечунна бухахь еккъа цхьа Iалашо ю – сайн къоманна ма-хуьллу пайда бар, Нохчийчуьрчу а, Оьрсийчуьрчу а диктаторийн режимна ма-хуьллу зен дар.

МухIажирша соьца юкъарло латтадо "Вайфондан" Германерчу векалца санна. Со дика кхета церан баланех. Тхан доьзало а лов цара ловрриг: генарчу махкахь дикане сатийсар, дахарца керла хьашташ, хууш боцу мотт. Бакъду, тIех доьхна а дац тхо. Суна хIинца девза мухIажиран дахар, зеделларг Европе схьаоьхучу сайн махкахошна дIадало ас.

– Хьо бехктакхамца хьийзийра тIаьххьарчу хенахь, бакъвина хIинца. Оцу хьоло сихдан тарлой шуна тховкIело ялар?

– Дог-м доху. Суна хетарехь, тIаьххьарчу хенахь Германино хийцина шен тхан доьзале болу хьажам. Кхелехь со тоьлла, тхан нанна тховкIело ялар дийцаредина. Цунна Оьрсийчохь яха кхераме хиларх лаьцна эксперташа бен болчу сацаме ладоьгIу оха хIинца. Логико бахарехь, цунна тховкIело лахь, суна а лур ю иза. Тхан адвокат тешна ву оха толам боккхур хиларх. Германино юхалиста а сахьт дац дерриг а, со кхераме ву шена, аьлла, Польшехь Тумсох лаьцна бира ишта сацам.

Кавказ.Реалиин билгалдаккхар: Ца ваьлла махках валале, Соьлжа-ГIалахь ваьхна Абдурахманов Тумсо, болх бина зIенан "Электросвязь" компанин куьйгалхочун гIовсан даржехь. 2015-чу шарахь иза лачкъийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергарчу Кадыров Ислама, Соьлжа-ГIалин мэро. Цул тIаьхьа Нохчийчуьра Гуьржийчу вахана, цигахь тховкIело йийхира цо а, цуьнан вашас а, нанас а. Тбилиси жоп делла ца йолуш, доьзалан дийзира шайна кхин пачхьалкх орцахйолийла хьажа, иштта кхечира Абдурахманов Тумсо Польше. Амма Варшаверчу кхело кхузза бира, иза махко тIе ца оьцу аьлла сацам. ХIинца Абдурахманов ву Европерчу кхечу, рогIерчу пачхьалкхехь, цо гIара ца йоккху ша веха керла меттиг.

– Фейсбукера информаци шен агIонтIе эцна аьлла, стаг кхеле озор цхьа наггахь бен хуьлуш дац Германехь. Ойла йиний ахь, стенна озийра хьо кхеле?

– Бехк тIекхоьллина бу бухера дуьйна схьа. Хетарехь, со зен бохкуш хилла Германера низамхой, соьца экстремизм лохуш. Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша дайтина хила а тарло иза, я Европехь со ца везаш болчу, сан политикан оппоненташ шаьш лоручу нохчаша. Бевзаш болу нах бу уьш, Ичкерин арахьара Iедал къуьйсуш хьийзарш. Гарехь, сох лаьцна долу и дерриг а вовшахтоьхча, Германин Iедало вон ойла йина хила мега сох лаьцна.

Талламчас къадийра девна бухахь политика хиларх лаьцна. Цунна шена а ца моьттура, гIуллакх оццул дахлур ду, ца лиира цунна суна дуьхьал дареш дан а.

– Тумсона кхушара Iай Швецехь тIелатаро хIун Iаткъам бира хьан дахарна?

– Кхеташ ду, суо кхерамзаллехь ву аьлла ца хета суна. Тумсона кIело яро хаийтина, изза сайна хила тарлуш а дуйла. Сол уьттазза дукха ларлуш волчу сан вешина тIекхачалучарна вуно атта хир ду со каро, оцо декхарево ларвала.

ХIинца ас леррига зуьй сайн го. Кхерам ца боьссина дагчу, амма ларвала веза, гонахара нах зен воьлла со.

Кавказ.Реалиин билгалдаккхар: 2020 шеран Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле (Gävle) гIалахь Абдурахманов Тумсона жIаьвнаца тIелетира цхьа стаг, масийттазза туьйхира коьртах. Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву оцу зуламна Швецин низамхоша зуьйш. Ша блогер вен ваийтинарг Соьлжа-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву, аьлла Мамаевс. ТIаьхьо Швецехь лаьцна и зулам дарх йолчу шеконца Оьрсийчуьра схьаваьлла кхин а ши стаг.

Бюджетхой YouTube "ховшор"

– YouTube-каналерчу хьан вешин эфир йоьдуш комментареш йо бIеннашкахь хьовсархоша. Хала дуй модераци ян?

– ТIаьххьарчу кIиранах чьурабевлла хьийза Кадыровн боташ. Сан гонехь царех "КРАхоботаш" олу – Кадыровн инициалаш юкъа а лоцуш, Кадыров Рамзан Ахматович. Оцу наха эфиран чат бехйо, ткъа цуьнан Iалашо хеттарш а, хетарш а чуяздан ю. Цара, масала, вуно дукха, диллина яздийриг иштта хуьлу: "Тоьар ду цигара, Европера къамелаш яр, Нохчийчу вола", я "Аьшпаш ма битта, кхузахь дерриг а дика ду, тхуна мегаш ву тхан паччахь".

Дукхахболу кадыровхой хьекъална гена бевлла нах бац, цара боьха хабарш яздо чат чу, дизлайкаш йохку эфирашна.

Церан комментареш билггал хуьлу, уьш дика евза суна а, соьца модераци дIахьочу кхечу сан накъостана а. Оха тхаьш ларадаре хьаьжжина, дIакхуьйсу цара язде боьха хабарш. Бен а дац, хьанна олуш ду маьттазниг, хуьлда иза кадыровхошна я кхечарна олуш, царех чат цIанйо оха. Тумсона мел лийча а, ца кхуссу оха комментареш дIа, маьттаза, боьха дешнаш ца хилчхьана.

– Тумсон YouTube-канале цIеххьана оццул дукха боташ гулбалар стенца дузу аш?

– Кадыровс нохчийн бюджетхой шена резабоцчаьрца тIом латто декхаребира. Элира шен гоне: "Iедал хийцалахь, вай мостагIий кхочур бу шун массеран хIусамашка, дIайохур ю шуьгара уьш. Шу соьца цхьаьна ворданах дIадоьзна ду, шун гергарчарна а кхочур ду дакъа".

Цо хенан йохалла тешийна шен го, Тумсона а, Садулаев Мансурна а, ("Вайфонд" ассоциацин куьйгалхо), уьш санна болчу а оппозиционерашна дуьхьаллаттар шен гонехь хIоранна а оьшуш хиларх.

Боташ совбелла дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан Iедалехь хийцам беш, пропагандин бенан, "Грозный" телеканалан куьйгалхо Дудаев Ахмад информацин министран дарже хаийча.

Нохчийчохь кхетта, массо а блогер вен шайн гIора тоьур доцийла, киллершна дала ахча тоьаш делахь а. Хала дан а ду иза – хан оьшу, нах гIитто беза. И болх буьтуш бац цара, амма оьшу критиканна кхечу кепара дуьхьалонаш латто а. Пропаганда ю яржош, лаамза лецна боташ бу бацош: бюджетера ахча оьцучарна тIедиллина социалан машанашкахь аккаунташ а йоьллуш, Кадыровна хастамаш бан, цунна резабоцчаьрга маьттаза яздан.

Амма цхьа дика доцуш вон а ца хуьлу. Ас дукха хан йоццуш комментари ешна: хIинца Iедалерчу нохчашна магийна Тумсон эфирашка хьовса – цара йохку дизлайкаш, критикца бен тIом ган ма безий! Хьалха Тумсога хьожуш волчунна зен дора, хIинца хьажа магийна Кадыровс.

"Къаставалаза висина Кадыров, ца кхета иза ша мила ву: султан я Оьрсийчуьрчу регионан куьйгалхо"

– Пандеми бахьанехь сацийра нохчийн мухIажираш Европера цIахьийсор. Ткъа хIинца кеманаш лела доьлла. Хьуна хууш, долийний депортаци яр Кавказера мухIажирашна?

– Каранатин лаьттачу беттанашкахь цхьа а ца хьажийна дIа. Ткъа дукхахболу мухIажираш Кавказера а бац – Желтойчухула, Италехула схьаоьху шемахой бу. Дозанаш делла долош ду, делахь а, ца хезна суна цхьанна депорт йина аьлла.

– Пандемин муьрехь шуьга шайн бакъонашна тергояр доьхучу нехан могIарш хийцабеллий?

– Нохчийчуьра кхочу аьрзнаш совдевлла. Каарантин йоьдучу юкъанна Кадыровс алссам ма хьийзийрий нах. Иза кхетамчуьра ваьлла, цунна дицделла ша Нохчийчохь Оьрсийчоьнан конституци ларъян декхаре хилар. ХIиндойчохь санна, полици араяьккхира, карахь полипропиленан биргIанаш а йолуш, наханна етта.

Суна хетарехь, къаставалаза висина Кадыров, ца кхета иза ша мила ву: султан я Оьрсийчуьрчу регионан куьйгалхо. Нах цIахь совца декхаре бора цо, ткъа ша шен гонца, имамашца, Дагестанерчу хьешашца шалык юууш, сакъоьруш лелара. И дерриг а гойтура телевизор чухула, социалан машанашкахула. Оцу кепаша дардина деха халкъ.

Карантин лаьттачу хенахь урамашкахь лоьцура туькана боьлху нах, тIуьначу баннаш чу бухкура уьш, яа ца луш, етташ латтабора. Хьалха цомгуш хилла воцург а вер бу оцу тоьли чуьра, ковид хьовха, аьтта жаннаш а долуш. Хьашт йоцу къизалла ю. Кхечу пачхьалкхашкахь гIуда тохарца дерзадора иштаниг.

– Нохчийчуьра шайга арз кхаьчча, хIун гIо дора аш?

– Аьрзнийн цхьа дакъа дара ахча дацар, къоьлла ялхош. Кавказехь, ала тарло ерриг а Оьрсийчохь, дукха нах бу цхьана денца бехаш. Тахана даьккхинчух юуш, кханенна йоцуш. Пандемино сацийна йохк-эцар, бизнес, бераш ца кхабало доьзалшка. Низамехь йоцу гIело ловчарна хьоьхура махкара дIабовлар. Наха дукха хьолехь ойла ца йо, ца кхета шайгара хьал мел доьхна ду, толур ду дерриг а бохуш, дикане сатуьйсуш беха. Тхеша даймохк буьтуш, тхуна а моьттура изза. Дерриг а цхьана дийнахь дIатаса атта ма даций. Амма маьIна дац хьал дикачу агIор хийцадаларе сатийса. Нохчийчохь диканца ца доьрзу Iедалца дерг.

***

Кавказ.Реалиин аьтто ца белира Нохчийчоьнан информацин министрца Дудаев Ахьмадца социалан машнашкахула Кадыровн критикашна дуьхьал боташ ховшорах лаьцна къамел дан. Жоп ца делира цуьнан телефоно масех дийнахь зIе еттарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG