ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь юха а муфтий хIоттийна Евкуровн довхо, ткъа Кадыровн къийсамхо Хамхоев


Хамхоев Iийса

ГIалгIайчохь дукха хан йоццуш юха а муфтий хIоьттийна 15 шарахь оцу даржехь лаьттина Хамхоев Iийса. Республикан арахьа иза вевзаш ву коьртачу декъана цхьацца конфликташкахь дакъалацарца.

Хамхоевс кхера а ца кхоьруш бусалба юкъараллин декъашхо волчура дIаваьккхира шайн республикан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, ткъа цо шен агIор юридикан бух тIехь дIакъовлийтира меттигерчу бусалбанийн Динан урхалла.

ИйгIира Хамхоев республикехь дуьхьалонан акцеш юьйлаялале шена гIортор еш хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а – барт буьйхира Хамхоевс дозанаш къастош бинчу бертана дуьхьал къамел динчул тIаьхьа.

  • Хаам: Хамхоев Iийса иттех шарахь девнехь вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекаца. Евкуровс дуккхазза а кхаймаш бинера цуьнга, муфтийн дарж дита бохуш. 2015-чу шарахь Мангалан-баттахь Несарахь Наьсар-Кортарчу маьждигехь тасадалар хилира, Хамхоевс дакъалоцуш. Цул тIаьхьа Евкуровс дIахьедира буслбанийн дина Центр (муфтият) дIаяккха еза аьлла. Шен агIор муфтиято 2018-чу шарахь Евкуров юкъарваьккхина бусалба юкъараллина.
  • 2019-чу шарахь Мангалан-баттахь Хамхоевн хIусамех хьажира полисхой, иза левира Талламан комитетан декъехь, амма Хамхоевс чIагIдора, хилларг Евкуровс леладайтина ду бохуш.
  • Цу тIаьхьа муфтиятан куьйгалхо хIоьттира Мартазанов Iабдурахьман, амма оццу шарахь Оханан-баттахь иза велира, коронавирусах ун а даьлла.

Хамхоев а, Евкуров а ца ийгIинера, дов иккхинера муфтиятана а, Iедалхошна а юкъахь, боху ГIалгIайчуьрчу журналисто Евлоева Изабеллас: "Оцу ерриг хеначохь вай тешаш дара, конфликт а йоцуш, Iедал муфтиятан белхана юкъагIерташ хиларан. Дагадоуьйтур вай, къаьмнийн юкъаметтигашкахула министр Волков Руслан маьждигашкахь имамаш дийца дезарг хьеха гIертар. Делахь а, тахана муфтийн Хамхоевн конфликт яц [ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнца] Калиматовца. Суна хетарехь, дуккха а дозуш хир ду республикан куьйгалло лелор долчуьнца".

  • Хаам: динан гIуллакххоша дийцарехь, Волковс имамашна хьехарш дора, "нийсачу" хьехамех лаьцна, цо хьехар царна 1992-чу шеран гурахь, хIирийн-гIалгIайн конфликт йоьдуш эзарнаш адамаш дойъуш, масийтта эзар стаг закъалтана а лоцуш, 190 стаг тIепаза а вовш хилла бохам бицбан безаш хиларх бахархой тешо беза, бохуш.

Муфтиятан а, гIалгIайн Iедалхойн а конфликт дагайоуьйтуш бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада тидам тIе бохуьйту, иза йолийнарг Евкуров хиларна.

"Кхеташ ду, и къийсам болийнарг Евкуров хилла хилар. Амма халкъо гIортор ца йо цу тайпачунна, хIунда аьлча, Iедалан бакъо яц динан гIуллакхашна юкъагIерта. Евкуров динан гIуллакхашна юкъагIиртина ца Iаш, оцу процессашна куьйгалла дан гIерташ вара, цо кхуллуш яра шен администрацехь динан хаттаршкахула йолу урхалла. Цуьнан бахьана Евкуровна Хамхоевца дов хилар дара, Республикан бусалба динан центрна дуьхьал латтар дацар", - боху Муцольговс.

Бакъонашляръярхочунна хетарехь, къаьмнийн хаттаршкахула министра Волоков Руслана имамашца болх беш лелийнарг цхьа дакъа дара "гIалгIашна дуьхьал лелочу политикан": "Дагайохкуьйтур вай ГIалгIайчоьнан бахархошна а, Республикан бусалба динан центрна а дуьхьал йолийна репрессеш. Цу центран сий дайъа юкъаозийнера Бердиев ИсмаьIила куьйгалла дон Къилбаседа Кавказан муфтийн кхеташо а".

Лаьттаца йоьзна дуьхьалонан акцеш юьйлаялале Хамхоевс пайда эцара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена гIортор ярх. Амма Магасехь митингаш дIайоьлхуш муфтийс критика йира территорица боьзначу луларчу республикица бинчу бартана. Хамхоевс кхайкхамаш бора, шина республикан керлачу дозанан агIончаш шариIатан кхеле озо беза бохуш.

Кадыров цхьа а лаам болуш вац цхьана а девнна юкъахь дакъалаца, тешна ву нохчийн бакъонашларъярхо Кутаев Руслан:

"Кхоччуш гуш конфликт ю ГIалIайчоьнан юкъараллина а, Кадыровн Iедална а юкъахь. Цундела алалур дац соьга хIун хир ду юха а Хамхоев муфтий хаьржинчул тIаьхьа. Хууш дац ирсе дахар я конфронтаци хир ю. Амма иза цига хIотторах Нохчийчоьнах хьакхалуш цхьа а тIаьхьало хир яц".

Кутаевна хетарехь, Хамхоевн кандидатура Кремлца барт бина хаьржина ю: "И сацам бийцаре бина президентан администрацерчу куратошца, хIунда аьлча, муфтий, коьртачу декъана, динца воьзна волчул а алсам политикана юкъаойзийна стаг ву. Ткъа цу тайпа даржашка нах хIиттор Москваца дага а ца бовлуш хуьлийла дац. Цу дарже стаг хIоттаво республикехь хуьлчунна цуьнга Iаткъам байта".

Хамхоев муфтий хIоттор маслаIат карор ду, боху Кутаевс. Карарчу хенахь аьтто бацара кхин гIолийнарг каро, бохучух тешна ву иза.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG